smi24.net
World News in Chechen
Январь
2023
1
2 3
4
5 6
7
8
9 10 11 12 13
14
15
16 17 18 19 20
21
22
23
24 25
26
27
28
29
30 31

Новости за 12.01.2023

Депортацихь йинчу Нохчийчуьра яхархочо шен бакъо юхаметтахIоттийна

Radiomarsho.com 

Депортацихь йинчу Нохчийчуьра йахархочо Шамсуева Салисата шена реабилитаци йайта бакъо йаьккхина. Политикан репрессиш цо лайна хиларе терра, реабилитаци йоьхуш цо чуйелла иск Соьлжа-ГIаларчу Заводской кIоштан кхело къобалйина. Хьалхо Нохчийчухула йолчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дуьхьало йинера цунна, Шамсуева билггал къам махках даьккхинчу шерашкахь йина йоллушехь. Административан гIуллакхан материалаш юкъарчу хаамашца, 1944-чу шарахь цуьнан дена-нанна репресси йина хилла, Казахстане дIа а кхачош. Читать дальше...

Нохчийчоь: Iедалхошна критика йарна лечкъийна?

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь ницкъахоша иттанашкахь нах лечкъийна Iалхан-ГIалара, Iедалхошна критика йарна. Хьолах лаьцна комментарий ца йо Нохчийчуьра МВД-хь. Нохчийчохь нах идорах комментарий йира Къилбаседа Кавказера "Iазапашна дуьхьалойаран Командин" офисан куьйгалхочо Ванслова Екатерининас.

Нохчийн оппозиционерийн нана Мусаева Зарема СИЗО-хь йитина

Radiomarsho.com 

Бакъоларйархочун Янгулбаев Абубакаран а, оппозиционеран Янгулбаев ИбрахIиман а нанас Мусаева Заремас ша чохь лаьцна юьтуш бинчу сацамна дуьхьал кховдийна апелляцин арз Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело тIе ца эцна. Шо кхоччуш доллу Мусаева лаьцна латтон, иза бехкейо полисхочунна тIелетта аьлла. Иза Iалашйан тIелаьцначийн позици ю, йаздина "Iазапашна дуьхьал Командин" юристо Гусев Константина шен фейсбукехь, цкъа а кхеле хIоттийна а доцу, цадоьрзу лазарш шен дегIаца долу адам СИЗО-хь латтон бух бац аьлла. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *