Главные новости Белгорода
Белгород
Декабрь
2019

ХIирийн а, гIалгIайн а берашна дихкина Iедало школехь доьшучу муьрехь телефонош лело

0
Оьрсийчохь 10 000 сов школо дихкина берашна цара доьшучу сахьташкахь телефонаш лело, аьлла дешаран министра Васильева Ольгас, хаамбо ТАСС агенталло.


Министро дийцарехь, Къилбаседа ХIирийчуьрчу, ГIалгIайчуьрчу, Белгород-мехкан массо а школашкахь бина и тайпа сацам.


Оьрсийчоьнан кхин а цхьайолчу регионашкахь доьхку школашкахь гаджеташ лелор.


«Шайга хеттарш динчу нахах кхаа декъо боху, берашна а санна, педагогашна а дехка деза белхан муьрехь телефонашна чухьежа – суна а хета иза иштта», - боху Васильевас.














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *