Добавить новость
smi24.net
World News
Июль
2018

Терк тIехула 330 миллион соьмах керла тIай тиллина Нохчийчохь

0
Ищерскера Соьлж-ГIала боьдучу некъа тIехь Терк тIехула тиллина керла тIай схаьдиллина Нохчийчохь оршотан дийнахь. Цу хьокъехь леррина церемони хилла, республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дакъа а лоцуш.


И хаам бинчу "Регнум" агенталло яздарехь, хьалха хилла тIай кхераме дара тIехула дIасалела, тIемаш боьлхуш дохийна хиллачул тIаьхьа юхатодина хиларна.


Керла тIай тиллар бахьана долуш Невран а, Теркайистан а, Соьж-ГIалан а кIошташкарчу ярташкара Соьлж-ГIала боьду некъ бацлур бу 180 километр гергга.


Керлачу тIайн йохалла ю 300 метр. 15 метр шуьйра а ду иза.


"Регнумо" бинчу хаамца, Теркан тIехула керла тIай тиллина, "Платон" системаца гулдинчу ахчанах. Цуьнан мах бу 330 миллион сом.














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *