Добавить новость
smi24.net
World News
Июль
2018

Титиев дIахецар доьху Миятович Дуньяс

0
Европан Кхеташонан адамийн бакъонашкахула йолчу комиссин куьйгалхочо Миятович Дуньяс кхайкхам бина Оьрсийчоьнан инарлан прокуроре Чайка Юрийга, "Мемориалан" Соьлж-ГIаларчу декъан куьйгалхо Титиев Оюб дIахеца аьлла. Кхушара Дечкен-баттахь лаьцна волу бакъонашларъярхо бехке веш ву наркотикаш лелорна.


Шен кехатехь Миятовича доьху прокуроре Титиевн бакъонаш ларъяйта оьшург дерриг а даре, шена юкъахь иза сихонца дIахецар а долуш.


Цо дагадоуьйту Оьрсийчоьнан омбудсмено Москалькова Татьянас а, Оьрсийчоьнаан президенто Iуналла дечу адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан куьйгалхочо Федотов Михаила а дехар дина хилар Титиевн гIуллакх къастор кхечу регионе дехьадаккхахьара аьлла.


Цо гойту аьлла хета Европан Кхеташонан векална, Титиевн бакъонаш лар а еш, гIуллакх нийсонца луьстур ду бохург шеконехь хилар, нагахь иза Нохчийчохь дисахь.














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *