
Нохчийчохь маьрша журналистика цахиларх цхьа а цецволуш вац, йа иза къайле йоцу а ду дуккха а шераш. Кадыров Рамзан Ӏедале веъчхьана, хаамийн гӀирсийн болх маса регионан куьйгаллина Iаьнаре берзийра: цхьаболу журналисташ дӀабахара махкара, вукхара шайн болх сацийра, ткъа бисинарш пачхьалкхан пропагандин эфирийн системе бирзира. Журналисташна дуьхьал зуламаш дарна таӀзар деш цахиларан Дуьненаюкъарчу денна лерина тхан редакцино толлу Нохчийчохь дешан маршо муха лакъийра а, тӀейогӀучу хенахь республикехь... Читать дальше...
Нохчийчуьра йедда хиллачу йоьIан гIуллакх, Уфахь "тIехьожург" лацар, ткъа Нохчийчохь Путинан цIарах кхел схьайеллар - цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна хIора кIиранах Маршо Радионо арахоьцучу подкастан 121-чу декъехь. YouTube Spotify Overcast Amazon Audio Баймурадован гIуллакхах хилларгОьрсийчоьнан бозуш боцчу бакъонашларъярхоша шайн цIарах кхайкхам бахьийтина Эрмалойчоьнан Ӏедалшка а, ницкъаллин структурашка а, Нохчийчуьра йедда Ереване йеанчу Баймурадова Iайшатан кхалхар эвсара таллар доьхуш. Читать дальше...
Масех дийнахь лехначул тӀаьхьа Ереванехь йийна схьакарийна Нохчийчуьра 23 шо долу Баймурадова Ӏайшат. Цунна бевза-безачара дийцарехь, иза цIера дӀайаханера, махкахь лелачу "йукъараллин низамашца а, бакъонашца а йаха ца лууш", Эрмалойчохь "керла дахар дӀадоло дагахь". Цунах лаьцна кIорггера дуьйцу кху материалехь. 2024-чу шеран гIура-беттан 12-чу дийнахь Баймурадовас дуьххьара гӀо дийхира бакъонашларъярхошка. Цо дийцарехь, жимчохь дуьйна доьзалехь ницкъ беш хилла цунна тIехь: йетташ, цуьнан лаамаш тергал ца беш, бакъонаш а талхош хиллера. Читать дальше...
500 соьман кехатан дизайн карлайаккха Iалашонца кхаж тасар дирзина Нохчийчоьнан куьйгаллина а, z-патриоташна а йукъахь дов долуш. Оцу кехата тIе тухучу суьртана кхажтасар доцург, кхин бахьана дарий-те, къастийра тхан сайто. Ахчанан дизайн хьалхарчу муьрехь къасторах гIуллакх ца хилира Оьрсийчохь- Коьртачу банко тIаккха сацам бира техникан хила тарлучу манипуляцешна тIехула кхаьжнаш тасар йукъахдаккха. Iалашо хиллера Къилбаседа Кавказан федералан гонашкара йалх билгалонах цхьаъ къастон ахчанан коьртачу агIон тIе тоха... Читать дальше...
Оьрсийчоьнан Коьртачу банко гIадужу-беттан 1-чу дийнахь дӀакхайкхийра керлачу ахчана тIетоха Къилбаседа Кавказан федералан гонашкара цхьахйолчу гIишлонан сурт къастош онлайнехь кхаж тасар долийна аьлла. 500 сом кехатан хьалхарчу агӀон тӀехь Пятигорскера йезачух меттиг хир йолуш йара, шолгIачу агIонехь - Къилбаседа Кавказан федералан гонашкара цхьахйолу гIишло. ГIадужу-беттан 4-чу дийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен телеграм-каналехула кхайкхам бира "Грозный-Сити" комплексана кхаж таса аьлла... Читать дальше...
Нохчийчохь йартийн цIераш хийцаро Думехь гIовгIа эккхийтина, керла ахча йукъадаккхар къуьйсу тIеман корреспондеташа Кадыровца, нохчийн совдегаро тIаме кхайкхар йемалдина - цунах а, и доцчух а лаьцна дуьйцур ду шуна Маршо Радион 119-чу подкастехь.
10 эзар сов стаг аккаунте йазвеллачу инстаграмера блогершна тIедиллина хилла регистраци йар - дирзина. Оцу тIехула йоккха гIовгIа йаьллера социалан машанехь меттигерчу бахархошлахь а, контентан авторшлахь а. Ӏедалша и инициатива блогерийн болх кхин тIе а нисбан а, царна цхьацца пайде хIума йукъадаккха а Iалашонца долийна шаьш боху. Ткъа цунна резабоцурш тешна бу, шайна тIехь терго латтон а, дешан маршо къовла а дагахь долийна ду аьлла. Къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан министраллехь дIахьош... Читать дальше...
Кизлярера лоьрийн колледжехь хьехархо хиллачо ша балхара дӀаваьккхинчул тIаьхьа дIахьедина, Дагестанехь студентийн кочаэхарх а, мел лахара а цхьаъ хийзина хиларх а лаьцна. Цо бехкевина цунна дукха хан йоццуш "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин цIарах гӀалин гуламехь депутатан гIант кхаьчна Шахбанов Рустам. Питана ду цо динарг аьлла Шахбановс. Цул тIаьхьа полисхоша лаьцна латкъам бинарг. Оцу кепара зуламаш совцо хала хIунда ду махкахь – къастийра тхан сайто. Кизляран медицинан колледж Дагестанан могашаллин... Читать дальше...
Дагестанера бахархой протесте бевлла докха догIа деъначул тIаьхьа: цхьайолчу кӀошташкахь масех де а ду хи а, ток а йоцуш, цIеношна хичу даьлла, шиъ тIай дохийна.