Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Декабрь
2017
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Собчак Ксенияс шен харжамийн программа йовзийтина

0
КарадогIучу шарахь Оьрсийчоьнан президентан харжамашкахь дакъалоцучу журналисто Собчак Ксенияс шен харжамашна кечам беш хIоттийна "123 халонийн гIулч" аьлла, цIе а тиллина программа Iораяьккхина. Оьрсийчохь демократин институташ кхоллар, Iалашъяр, Европаца юкъара мехаллаш, низамаш лардар, кхечу пачхьалкхашца бертахь юкъаметтигаш кхоллар, бахархойн социалан хьелаш лакхадахархьама экономика кхиор а, - уггар коьрта тидаме эцначех агIонаш ю Собчака шен программехь.


Ницкъаллийн структурийн бакъонашна низамашца дозанаш тохар а хьоьху кандидато.


Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирман статусех хаттар а хьахийна документехь Собчака. Дуьненаюкъарчу бакъоне хьаьжжина, ахгIайре Украинан территори ю аьлла, билгалдаьккхина Собчака.


Шен программехь референдум дIаяхьар дуьйцу цо, къаьмнийн юкъарлонца а, Украинаца а, Оьрсийчоьнца а цуьнан къепа йийцаре а йина.


"Бахархойн инициатива" партин съездехь шоьтадийнахь йистхилира Собчак Ксения. Тахана дуьйнна официалехь дIакхайкхор йолуш ю иза Оьрсийчоьнан президентан харжамийн кандидат санна.


 














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *