Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Декабрь
2017
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Инстаграмехь Кадыровн аккаунт карош яц

0
Шоьтадийнахь Инстаграмера а, Фейсбукера а мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан аккаунташ дIакъевлина карийна. @kadyrov_95 агIонна чу ца вахало, я дIаяьккхина аккаунт я цхьа дуьхьало цигахь ю хууш дац.


Иштта хууш дац мехкан куьйгалхочо шен лаамехь дIаяьккхина Инстаграмера агIо я сервисан бахьанаш ду.


Билгалдаккха догIу, Кадыров Рамзан жигара вара социалан машанашкахь.


Кхо миллион гергга стаг вара цуьнан Инстаграмерчу агIоне язвелла. Цо денна бохург санна керл-керла политикех лаьцна публикацеш зорбане йохура шен пена тIехь, йоккха резонанс а оьккхуьйтуш.


Я ша Кадыровс а, я социалан векалша а цкъачунна аккаунт къовларан хьокъехь йина комментари яц.


Масех де хьалха Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн финансийн министралло "Магнитскийн тептаре" язвинера мехкан куьйгалхо, цунна дуьхьал кеп-кепара санкцеш а йохуш. 














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *