Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Декабрь
2017
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Оьрсийчоьнан бахархой ца хийцаран бахьана дийцина Порошенкос

0
Украинин президенто Порошенко Петрос дIахьедар дина, Киево леррина дIа ца белла Украинехь лецна оьрсийчоьнхой, Донбассерчу сепаратисташца йийсархой хуьйцуш аьлла. Уьш дIахоьцур бац, Оьрсийчохь чубоьхкина украинхой дIахеццалц, билгалдаьккхина Порошенкос, хаам бо "Strana.UA".


Кхаарин дийнахь Донецкан кIоштахь Горловка гIалана гергахь йолчу "Майорск" чекхволуьйтучу пунктехь украинхойн эскархоша а, ДНР а, ЛНР а олучу тобанашкара Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратисташа а хийцина йийсархой.


Сепаратисташа 74 йийсархо дIахоьцург Киево дIавелла 238 стаг. Хийциначу украинхошна юкъахь бу эскархой а, маьрша бахархой а.


Украинин Iедалша чIагIдарехь, сепаратисташ лаьцна латтош ву кхин а 144 Украинин махкахо. Донбассехь тIеман конфликт йолаелчхьана йийсарера маьршаваьккхина 3 эзар сов украинхо, 400 гергга стаг вайна лоруш ву.














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *