Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июль
2020

Къилбаседа Кавказ: COVID-19 уьнах велла 11 дархо, вирус кхетта 401 стагана

0
ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах кхелхина 11 дархо, ун даьлла кхин тIе а 401- стагана. Эпидеми ца яржийта кхоьллинчу оперативан штабан зерашца, Дагестанехь а, Ставрополан махкахь а кхоккха велла, Краснодаран кIоштахь а, Кхарачой Чергазийчохь а шишша кхелхина, Нохчийчохь цхьа дархо велла.


Верриг а Къилбаседа Кавказехь уьнах кхелхина 871 дархо. Къаьсттина дукха бу тIаьххьарчу 24 сахьтехь COVID-19 вирус кхетта нах Ставрополан махкахь - 110 стаг:


Ставрополан кIоштахь̆ +110 (6 164 ву эпидеми яьржичхьана)

Краснодаран махкахь+ 67 (6 721)

Дагестанехь + 46 (8 468)

ГIебарта Балкхаройчохь + 42 (5 562)

ГIалмакхойчохь + 42 (2 149)

Кхарачой Чергазийчохь+ 27 (4 044)

ГIалгIайчохь + 22 (3 302)

Адыгейхь + 18 (2 242)

Къилбаседа ХIирийчохь + 16 (4 240)

Нохчийчохь + 11 (1 832)


Къилбаседа  Кавказехь верриг а лазар хиларца билгалваьккхина 44 668 пациент. Оперативан штабо кIиран дийнахь динчу зерашца, Оьрсийчохь COVID-19 вирус къаьстина 727 162 вахархочуьнца.

Кавказехь ун даьллачийн терахь 400 стаге гIьртина юха а.



ТIаьхьарчу кIиранах Ставрополан кIошт ю цомгаш нах дукха хиларца къастаелла. Кхул а хьалха сийсош яра ГIалмакхойчоь.
Коронавирусах дIакхайкхон федералан штабан статистика дукха хьолахь цхьанайогIуш ца хуьлу регионалан а, иштта Росстатан а жамIашца. Мел а лаххара хуьлу цара Iорадоху терахьаш. Хьаькамаша бахарехь, зераш дар кеп-кепарчу метидикашца хиларна бIостане дуьйлу терахьаш.


 














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *