Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июль
2020

Дагестанерчу журналистана юьйр ю аьлла, кхерамаш тийсина

0
"Даптар" порталан коьртачу редакторна Анохина Светланина юьйр ю аьлла, кхерамаш тийсина. Кавказ.Реалиига бина цо и хаам. Журналисто дийцарехь, дахначу кхаарин дийнахь Умаханов Далгат ву ша аьллачу стага телефон тоьхна хилла цуьнга, "массо а феминисташца йист яккха аьлла, тIедиллина" шена аьлла. Шеца цхьанакхета аьлла, Анохинас дехар дича, ша юьйр ю хьо аьлла цуьнга зIене ваьллачо.


Полицига дIахаийтина журналисто, иштта шаьшиннан хиллачу къамелан аудио дIакхачийна мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министралле. Информаци чукхаьчна шайга, талламш болийна аьлла Кавказ.Реалиига министраллехь.


Дагестанера журналист ю Анохина Светлана. Иштта Кавказерчу зударийн декъах яздечу "Даптар" порталан коьрта редактор ю иза, Махачкалан бахархойх лаьцна "Иштта гIала яра" (Был такой город) проектан автор а ю иза,  "ГIала тхан ю" ("Город наш") боламан жигархо а ю.

 














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *