Москварчу дарбан цIийнан хьалха харцхьалелла Нохчийчуьра жимастаг лаьцна
Хадархойн коьртачу хьаькамо арз дина хиллачу инцидентах полицига. Цо бахарехь, дахначу шинарин дийнахь НИИ-н кевнашка хIоттийна шлагбаум а бохош, кхеран белхан телефон а лачкъийна, къайлаваьлла хилла зуламхо.
Талламаш дIахьочу юкъанна Машаран проспектехь ницкъахоша лаьцна 33 шо долу Нохчийчуьра веана жимастаг. Цуьнгара схьаяьккхина лачкъийна хилла телефон. Хиллачух жамIаш а деш, бехкзуламан гIуллакх делларх дуьйцуш ду.
Москвахь "наркотикан а, психотропан а препараташ лелорна" лецначу кегийрхошца къамелаш дира дахначу кIиранах пачхьалкхан Думан депутато Делимханов Адама а, чоьхьарчу гIуллакхийн министро Алханов Руслана а, вице-премьеро Висмурадов Абузайда а.
Видео тIехь гойтуш бу, Москвахь а, Оьрсийчоьнан кхечу гIаланашкахь а къепе йохийна кегийрхой (60 гергга стаг) Нохчийчу балийна, полисхошка а, муфтиятан векалшка а цаьрца профилактикан къамел дойтуш.
"Нохчийн гIиллакхаш цхьаьнга а дохадойтур дац" шаьш боху, видео тIехь бистхуьлучу хьаькамаша. Цара дIахьедарехь, низам ца лардийраш даймахка юха а балош, цаьрга кеп-кепара беза белхаш бойтур бу.
