ГIалгIайчохь ши гIаттамхо вийна, цхьаъ лаьцна
"Полисхошна дуьхьал герз детта буьйлабеллера зуламхой, дуьхьал тоьхна ши зуламхо вен ка яьлла, цхьаъ дIалаьцна", - аьлла, дийцина НАК-н векало.
Комитетехь чIагIдарца, тIемалой теракташ кечъеш хилла. Уьш дуьхь-духьал кхеттачохь карийна тIеман гIирс а, оьккхуьйтург а.
Буса итт сахьт даьллачул тIаьхьа дIайолийна операци пIераскан Iуьйранна 7 сахьт даллалц дIаяьхьна ю.
