Францехь вайнаха акци дIаяьхьна Мисарахь лецна латточу гIалгIайн хьокъехь
Гулам магийна бара Парижан префектуро. Амма Мисаран векалтан белхахой дуьхьал хиларна, полицино дийхира гуламхошка гIишлонна 100 метр юьстахбовлар.
Гуламхой цIарах петици векалте чуелла гуламан хьалханчех волу Францерчу вахархочо Албаков Шемала.
2018-чу шеран аьхка КъахIирерчу Ал-Азхар университетехь доьшу пхи студент-гIалгIа, Чемурзиев ИсмаьIал, Аушев Илес, Дзейтов Iела, Плиев Рамзан, уьш болчу хьошалгIа вахана Дугиев Хизар а лецира. Пхи бутт баьлча бен ца хиира царех виъ волу меттиг – уьш набахтехь латтабо. Ткъа пхоьалгIаниг, Дугиев, хIинца а дац стенгахь ву хууш. Студенташ бехкебо экстремизманна.
Кху беттан юьххьахь Мисаран арахьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедина, шайн пачхьалкх яц Дугиев варна бехке, аьлла.
