Кавказан регионаш ю Оьрсийчоьнан "терроризман рейтинган" лидершлахь
Кхушара и тайпа зулам билгалдевлла Оьрсийчохь 362-зза.
Инарла прокуратуро бахарехь, оцу кепарчу зуламашлахь массарел дукха ду низамехь йоцу тIеман гIера кхолларна а (322), иштачу гIеранашкахь дакъалацарна а (350) дуьхьал гIиттийна бехктакхаман гIуллакхаш.
Карара бутт болалуш Росгвардино дIахьедира, ша кхушеран хьалхарчу ялх баттахь Къилбаседа Кавказехь 8 террорхо вийна, аьлла. Бохура, оццу муьрехь ша хIаллакйина террорхойн инфраструктурин 31 объект а, 2 эзар хIоъ, патармаш, 27 авиагерз, 35 граната, 632 мина.
