Бираьнчикан муш логах хьаьрчина, бер делла Нохчийчохь 0 17.08.2020 15:10 Radiomarsho.com Веданан кIоштахь 11 шо кхаьчна йоI яларх талламаш болийна, хаамбо "Чечня Сегодня" хаамийн агенталло. Дийцарехь, шайн кертахь елла карийна йоI дIадахначу шинарин дийнахь, куьйгабинчу бираьнчикан муьшо садукъийна."Къастон дезаш ду бохам нисбаларан бахьанаш а, йоI Iалашъяран а, кхиоран а хьелаш а. Мехкан прокуроро леринчу шен тергоне эцна гIуллакх таллар а, цуьнан хиндолу жамIаш а", - аьлла прокуратурехь. Партнёры Smi24.net Все новости за 24 часа Музыкальные новости Агрегатор новостей 24СМИ