Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Август
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22
23
24 25 26 27 28 29 30 31

Уьнах 3 стаг велла, кхин а 410 цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса

0
 


 


Яхначу буса а, дийнахь а Къилбаседа Кавказехь кхо пациент велла коронавирусан инфекцех, кхин а тIе цомгаш хилла 410 стаг.


Эпидеми ца яржийта Iалашонца кхоьллинчу оперативан штабан зерашца, Ставрополан кIоштахь велла шиъ, Дагестанехь цхьаъ.


Верриг а Къилбаседа Кавказехь велла COVID-19 вирусах 1 104 пациент.


Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах Ставрополан махкахь – 132 стаг:



Ставрополан кIоштахь +132 (10 217 ву эпидеми ябржичхьана)​ Краснодаран махкхаь + 88 (9 991)​
Дагестанехь +59 (10 091)​
ГIалмакхойчохь +47 (3 407)
ГIалгIайчохь+20 (4 045)​
Кхарачой-Чергазийчохь +17 (4 652)​
ГIебарта-Балкхаройчохь +16 (6 239) ​Адыгейхь +16 (3 129)​
Къилбаседа ХIирийчохь +11 (4 690) ​Нохчийчохь +4 (2 194)


Верриг а Къилбаседа Кавказехь 58 273 стаг ву COVID-19 вирус кхетта. Оперативан штабан информацица, Оьрсийчохь 927 745 вахархочуьнца къаьстина коронавирусан ун.


Цомгаш нах дукха хиларца хьалха ю Ставрополан кIошт. Кхул а хьалха хьал ледара дара Краснодаран махкахь а, ГIалмакхойчохь а, Дагестанехь а.


 














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *