Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Август
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22
23
24 25 26 27 28 29 30 31

Летачу хенахь Карелера спецназхо валарна дов хоттуш ду Нохчийчуьрчу полисхочун

0
Карелера еанчу спецназан декъахо ларамза верна бехкевечу Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан патрулан-постан  гIуллакхдархочун Зубайраев Хизиран дов хатта долийна. Бакъоларъяран "Зона права" проекто бина и хаам Кавказ.Реалии портале, веллачун доьзало лаьцначу адвокатан Сабинин Андрейна тIетевжина. ГIебарта-Балкхаройчуьрчу Нальчик гIалин кхело листа долийна гIуллакх. Тахана, шинарин дийнахь кхайкхийна кхеташо дIатеттина Гезгамашин-беттан 1-чу дийне, аьлла адвокато.


Стохка ГIадужу-баттахь хилла ю юьйцу инцидент, говзалла лакхайоккхучу Краснодаран университетан филиалан Нальчикерчу юкъарчу Iойлехь.


Талламчийн версица, полицин лакхарчу сержантан а, Карелерчу "Гром" спецназан эскархочун Флегонтов Александра а дов иккхина хиллера. Зубайраевс шозза бетах буй тоьхна хиллера Флегонтовна. Когаш тIехь саца ца велла, 34 шо долу спецназхо лекхачу ламин юкъера чувеана, лаьтта воьжна веллера. 


Полисхочо шен бехк хиларх даредина, гечдар дехна цунах йиссинчу хIусамнене, иштта, штта ахча а делла. Карарчу хенахь, дIасавалар а дихкина, латтош ву Зубайраев. Ларамза стаг валар аьллачу артиклехь шина шаре гергга хан кхачайо цунна набахтехь яккха.














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *