Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Август
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22
23
24 25 26 27 28 29 30 31

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса уьнах 7 дархо велла, цомгаш хилла кхин а 378

0
ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь коронавирусах ворхI дархо кхелхина, ун даьлла кхин а 378 вахархочунна.


Эпидеми ца яржийта Iалашонца кхоьллинчу оперативан штабо дIахьедарца, Ставрополан махкахь велла кхоъ, Краснодаран кIоштахь шиъ, ГIалмакхойчохь а, Адыгейхь а цхьацца кхелхина. Верриг а Къилбаседа Кавказехь хIинцале а велла COVID-19 вирусах 1 111 стаг.


Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах Ставрополан кIоштахь - 138 стаг:



Ставрополан махкахь +138 (10 345 ву эпидеми чьржичхьана)​ Краснодаран кIоштахь + 84 (I0075)​
Дагестанехь +60 (1 0I5I)​
ГIалгIайчохь +24 (4 069)​
Кхарачой-Чергазийчохь +18 (4 670)​
ГIебарта-Балкхаройчохь +17 (6 256) ​Адыгейхь +15 (3 144)​
Къилбаседа ХIирийчохь +10 (4 700)
ГIалмакхойчохь +6 (3 413) ​Нохчийчохь +6 (2 200)


COVID-19 вирус кхетта верриг а ву Къилбаседа Кавказехь 58 651 стаг. Оперативан штабо шинарин дийнахь Iорадаьхнчу зерашца, Оьрсийчохь бу вирус кхетта - 932 493 стаг.



Цомгаш нах дукха хиларца билгалъяьккхина ю Ставрополан кIошт. Кхул хьалха лазарш даьржинера Краснодаран махкахь а, ГIалмакхойчохь а, Дагестанехь а.














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *