Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Август
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22
23
24 25 26 27 28 29 30 31

Шемара Оьрсийчу далийна Къилбаседа-Кавказерчу бахархойн 26 бер

0
Шемара 26 бер далош догIу кема оршотан буса Подмосковьерчу Чкаловн цIарахчу аэродромехь охьадоьсина. Коронавирусан пандеми яьржичхьана, тIеман министраллан  хьалхара рейс ю иза, яздо "Интерфаксо".


Оьрсийчу кхачийна бераш дIасалур ду Дагестанерчу а, ГIалгIайчуьрчу а, ГIебарта-Балкхаройчуьрчу а церан гергарчу нахе аьлла, агенталле дийцина Оьрсийчуьрчу берийн бакъонаш Iалашъечу Кузнецова Аннас.


"Пансионате дIадуьгуш ду хIинца 26 бер. Цигахь ши кIира хан йоккхур ю цара. Церан гергара нах а хир бу цаьрца цхьана. 1 шарера 6 шерашка кхаччалц хенаш йолуш ду царлахь 23 бер", - аьлла Кузнецовас.


Омбудсмено бахарехь, "дайх-нанойх хеддарш латточу хIусамашкахь карийна цхьадерш,  берийн важа дакъа набахтешкара арадаккха ницкъ кхаьчна".


Кузнецовас билгалдаккхарехь, кхин а 3-4 рейс ян тарло бераш далош.



Кху шеран Чиллан-баттахь Оьрсийчоьнан берийн бакъонашларъярхочо Кузнецовас хаам бира, Шемара 26 бер цIа кхачорах а, кхин а 73 даймахка дерзо кечдеш хиларх а. ХIетахь Шеман къилбаседанерчу Аль-Холь куьпара далийра Нохчийчу ши бер.














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *