Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Август
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22
23
24 25 26 27 28 29 30 31

ГIалгIайчоьнан яхархо набахте хьажийна терроризм бакъйарна

0
ГIалгIайчуьрчу МаьлгIабекара Коттаева Хадижат терроризманна пропаганда ярна а, иза бакъйарна а шарахь набахтехь латтор ю, хаам бо Ростоврчу тIеман кхелан пресс-векалто.


"Вконтакте" машанехь 2018-чу шеран Зазадоккху-баттахь цо ша язйинчу комментарица терроризм къобалйина, нах кхайкхина иза тIекIаярехьа, боху талламчаша.


"Каттаева ша динчу зуламна къера а хилла, дохко а яьлла, иза чу а лоруш, кхело лаххара хан кхайкхийна цунна, иштта ца нисделлехь, 5-7 шо кхайкхор дара набахтехь такха", - дийцира Кавказ.Реалиига ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллерчу хьостано. 



Бутт хьалха Ростоврчу тIеман кхело ши шо хан туьйхира Кхарачой-Чергазийчуьрчу 31 шо долчу Узденов Аскерна социалан машанашкахула терроризманна пропаганда ен видео яржорна.




 














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *