Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Август
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22
23
24 25 26 27 28 29 30 31

Австрино дуьххьара "персона нон грата" кхайкхийна Оьрсийчоьнан дипломат

0
Оьрсийчоьнан дипломат "персона нон грата" хилар кхайкхийна дуьххьара Австрино. Оцунах лаьцна оршотан дийнахь, Марсхьокху-беттан 24-хь, яздина Kronen Zeitung газето.


Оьрсийчьонан дипломатан цIе йоккхуш яц. Хууш ду иза Австрера дIаваха везаш хилар Гезгмашин-беттан 1-ра де тIекхачале.


Австрин арахьарчу гIуллакхийн министраллана тIе а тевжаш, ТАСС агенталло хаам бо, дипломатан лелар догIуш дац дипломатин юкъаметтигашкахула Венерчу конвенцица.




Австрин Iедалша дийцарехь, Оьрсийчоьнан дипмиссин белхахо цхьана меттигерчу лаккхарчу технологин компанехь индустрин шпонаж лелош хилла цу дуккха а шерашкахь.


Kronen Zeitung-о билгалдоккху, хьалхо ша шпионаж лелорна къера хилла хилар Австрин махкахо. Шен куратор Оьрсийчоьнан дипломат вара, аьлла цо. Россиянин реза ца хилла тоьшаллаш дан, дипломатин иммунитетана тIе а тевжина.


Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло цкъачунна комментари ца йина хиллачунна.














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *