Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Август
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22
23
24 25 26 27 28 29 30 31

"Далла гергахь а, сайн къомана а, дена а хьалха а со цIена ву". Махкахь шен нах хьийзорах дуьйцу Масхадов Анзора

0

Масех кIира хьалха Ичкерин президент лаьттинчу Масхадов Асланан кIанта, Масхадов Анзора дIахьедира, Нохчийчохь бехачу шен гергарчу нахана Iедало тIеIаткъамбарх. Цо дийцарехь, кадыровхой баьхкина, цара бехкаш даьхначул тIаьхьа кхелхира цуьнан къена ненаваша. Масхадовс дийцина, меттигерчу телехьожийлехь шайн пропагандийн программашкахь Iедалхоша шен гергарчу нахах пайдаэцарх.

Масхадов Асланан йишин кIант, президентан хадархо хилла волу Хаджимурадов Висхан декхаре вира "Грозный" пачхьалкхан телевизионехь дIахьедан, "тIамах Европе бевддачу"  Ичкерин лидерийн ямартбовларх.

Масхадовн го бехбан бертаза тIедожийнера цунна аьлла, тешна ву Анзор. Делахь а, Хаджимурадов нуьцкъаша телехьожийле валийнера бохург -  бакъ ца дира телеканало. Иштта шен нахана тIеIаткъамбан болийча, Нохчийчуьру Iедалхошка видео тIехь вистхилира Масхадов Анзор. Шен нах ма хьебе бохура цо.

Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь цо дийцина, шайн цIийнах болу цхьаберш Нохчийчуьра дIа стенна ца бахана а, Оьрсийчоьнца Нохчийчоьнан хиллачу шолгIачу тIамехь ша дакъалаьцна дац бохучу нахана ша лучу жоьпех а.

- Дукха хан йоццуш Нохчийчоьнан Iедалхошка вистхуьлуш ахь дийцира, хьайн нах цара хьийзабо аьлла. Ткъа "Грозный" каналан сюжетехь ахь шолгIачу тIамехь дакъа ца лаьцна аьлла, хьайна критика йича, хьайн деца хиллачу къамелан аудио нахала яьккхира ахь. ХIун Iалашо йолуш дира ахь иза?

- Сайна а тIехволуш, айса сайна тоьхна дозанаш а дохош, иштта кIеда вистхила дийзира сан. Дукха ларвеллера со цунах. Стохка дуьйна буьйлабелира уьш (кадыровхой) сан цIе яха а, со бехван а. Цара тидаме озийнарг хIун ду аьлча, шолгIачу Нохчийчохь боьдучу тIамехь ас дакъа лаьцна дац бохург. Церан пропагандийн цхьа метод ю иза. Шен доьзал Малайзи дIахьажийна бохуш, сан дегара бехкаш дохура Кадыровс-воккхахволчо. Цхьа шой, ах шой бен ас цигахь даьккхина дац. Цул тIаьхьа Iарбойн Эмираташкахь а, Туркойчохь а, Бакухь а ваьхна со. Оцу соьгара бехкаш дохучу нахах цхьа а хилла вац хьалхарчу  тIамехь. Со хIетахь даим а вара сайн дена юххехь. Суна атта ду оцу харцдолчунна дуьхьал латта. 2004-чу шарахь сайн деца хиллачу къамелан ролик ю ас зорбане яьккхинарг. Цигахь боху ас, суна дена уллохь хила лаарх (шолгIа тIом боьдучу заманчохь), иштта цо сайна делла жоп а Iорадаьккхина. Хьалхо ас кхин аудио а йовзийтира, суьрташ хIиттош. Цу тIехь бохура дас, хьалхарчу тIамехь а санна, шолгIа тIом боьдуш а шеца со цхьана хила лаьара аьлла.

Аудион фрагмент 

 

Масхадов Аслан: Делера салам-маршалла хьулда хьуна, Анзор! Соьга кхечира хьоьгара диск, суна хезира, хьо соьца хила лууш вуйла а. Некъаца чолхе хир ду. Кхераме а ду. Ас айса а йина цунах лаьцна дукха ойланаш. Хабарш а,эладиташ а совцалур дац. Президентана гонах уьш даим а лаьттина ду.

Оцу хенахь телефонаш етта кхераме дара, цундела кассеташкахула юьхьанца къамелаш дора охашиммо, тIаьхьо флешка юкъаелира. ХIинца къайле яц иза, дийца мегар ду. Жигара иштта къамелаш дан волавелира со 2002-чу шарера схьа дуьйна. Почта дIасакхоьхьу нах бара тхойшиннан зIе латториш. Соьгахула чекхйолура хIора а кассета. 2000-чу шерийн юьххьехь со Азербайджанехь йа Туркойчохь хуьлура. Соьгахула хабарш дIасатухура дас Закаев Ахьмаде а (Ичкерин вице-премьер хилла ву- редакцин билгалдаккхар), Ахмадов Илесе а (арахьарчу гIуллакхийн министр - редакцин билгалдаккхар), иштта кхинболчаьрга а. Иштта соьгахула юха дега жоьпаш а дIакхачадора.

Тоьшаллин кехат:  I99I-чу шарахь кхоьллира, инарлас Дудаев Дхжохара куьйгалла ден Нохчийн Республика Ичкери. Оьрсийчоьнан президент хIоьттинчу Ельцин Бориса чолхечу хьолан раж кхайкхийра республикехь. I994-чу шарахь Соьлж-ГIалина тIелетира. I99I-чу шеран Охан-беттан 2I-чохь ракеташ тоьхна, вийра Дудаев. 

1996-чу шарахь Марсхьокху-беттан 31-чу дийнахь Хасу-Юьртахь Оьрсийчоьнна а, Нохчийчоьнан Ичкери республикана а юкъахь машаран бертан кехатна куьйгяздира, Ичкерина маршо луш, амма территорина статус яларх хаттар дIатеттира 2001-чу шаре. 1996-чу шарахь президентан дарже шен кандидатура кховдийра Масхадов Аслана. 1997-чу шеран юьххьехь цо толам а баьккхира харжамашкахь. Ткъа шолгIа тIом боьдучу заманчохь Масхадов къайлавелира, Соьлж-ГIала федералан эскарша дIалаьцча. 2005-чу шарахь вийра иза, Доьвкарахь дIаяьхьначу леринчу операцехь.

- Ахь дийцарехь, етташ, лечкъош, кхерамаш туьйсуш лелийна хьан гергара нах дIа стенна ца бахара уьш Нохчийчуьра?

- Массеран а ма яц дIаваха таро. Цу тIе, сан гергара нах, кхинберш а санна, цхьа миска нах бу. Хьанал къа а хьоьгуш лелла нах. Со теша, Нохчийчуьра маьршачу, шайна тIехь ницкъ бийр боцчу мехкашка дIагIур болуш дуккха а нах хиларх. Амма шайн орамаша а, аьттонаш цахиларо а сецабо уьш.

- Тахана муха хене буьйлу хьан нах, муьлхачу меттигашкахь белхаш беш бу уьш?

- Ма дукха хан ю со цаьрца зIенера ваьлла. Со кхоьру, царна сайгара зен хиларна.

-  Ютубехь ахь арахоьцу видеош муха тIеоьцу Iедалхоша?

- Дика хир дара, уьш зорбане йохучу хьоле со цара воккхуш вацахьара. Амма суна хаьа, цара хIинца кечдийриг а, дендерг а  хIун ду. Кадыровн раж ялхош мел болчу Европерчу блогерийн дахарна кхерам бу. Со шайн долара воккхуьйтур ву сан нахе, иштта гойту цара, шаьш стенна гунахь ду.

- Хьан ден хилла хадархо вистхилла "Грозный" телеканалехь. Зорбан министро Дудаев Ахьмада боху, и цуьнан шен лаам бара. Муха кечйинера цара шайн эфир хаа таро хилирий хьан?

- ХIан-хIа, рогIера аьшпаш бу уьш. Яцара иза цуьнан инициатива. Ишта ца дийцина, кхин хIун эр дара цара, шайн бехказлона?

- Хьуна хетарехь, 2000-чу шерийн юьххьехь тIамехь ахь дакъа ца лацаро, бина цхьа а хийцам буй?

- Суна хетарехь, со цигахь хиллехь а, хийцалур долуш хIума дацара. Со а вийна хир вара, вицвина а хир вара. Сан дахарехь уггар а чолхе хилла мур бу иза. Даймахкана а, гергарчарна а, дена а генахь хилар -хала хIума ду и. Цхьацца бахьанашца кхоазза гIоьртира сан да, со ша волчу дIавига. Амма хIоразза а ца нислора. ХIетахь Ичкерин лерина векал санна болх беш вара со. Шех дIакхета суна атта доцийла а хиина, со мостагIчун караваха кхерам а латтарна, президенто информацин-аналитикан центран куьйгалхо хIоттийра со. Сайн ден омра ца дохош сххьавогIу со тахана а, бакъдарг даржош. Далла гергахь а, сайн къомана а, дена а хьалха  со цIена ву. Оцу пропагандисташ хила гIертачу наха дуьйцчучо шайх сан къа хоьтуьйту.

- Нагахь санна, Масхадов Аслан вехь а, цуьнан метта хьо хила тарло бохург дуьйцуш а дарий хIетахь?

- ХIан-хIа, президент харжамашкахь къасто везаш ву вай долчахь. Конституци а, низамаш а дара тIеэцна. Дарж схьаэцна, кхечуьнга кховдо йиш йолуш дац. Президент вийначул тIаьхьа, цуьнан метта хилира Садулаев Iабдул-Хьалим. 2006-чу шарахь аьхка тIамехь вийра иза а.

- Цхьаболчу хьан ден агIончаша а, дуьхьалончаша а олу, дукха тIех кIеда лидер вара Масхадов Аслан, цундела Оьрсийчоьно гIо латточу оппозицино хьал дохадора бохуш. Ткъа ницкъе йолу тобанаш юкъ-кара бандаш санна лелара.

- Бакъду, шен къомаца кIеда вара иза, къам дезарна а, цуьнца ларам хиларна а. Цунна дукха дезара нохчийн къам, тхоьга цIий ца Iанадайта, шен ницкъ мел берг дира цо. Цхьа кхетам боцу, ямарт волчу стагана бен луур дац цIий Iано. 1996-чу шарахь хьалхара тIом бирзича, шолгIа а чугIорта планаш хIиттош яра Кремл. Амма царна оьшург бахьана дара. Тхо декъа гIоьртира уьш, вовшашна дуьхьал даха, амма оха ца дира царна луург. Кадыров Ахьмад а, Ямадаев Сулим а, кхинболу а тIехьехархой боллушехь. "Нохчийн Дагестане гIортар" аьлла, йоккха операци дIаяхьа лаам хилира. Басаев цига вахале дуьйна а, тIемаш бара цигахь дIахьош. Цигарчу тобанхоша гIо дехна вахара иза, воьдушшехь а. Шен лаамехь.

ТIех кIеда вара бохуш, Масхадовна луьйчу нахе ала ду сан: тIом а беш, ша валлалц дIа муха гIертар ву  кIеда стаг?

Тоьшаллин кехат: 1999-чу шарахь Марсхьокху-беттан 2-чу дийнахь Дагестанерчу Цумадинан кIоштахь Басаевн а, Хаттабан а тобанашкарчу эзар гергга гIаттамхочо тIелатар дира Гигатли олучу юьртана. ШолгIачу дйинахь Агвали эвла а кхечира уьш. Оццу шеран 6-9 чу а деношкахь тIемаш баьржира Ботлихан кIоштахь - рейдан декъашхой Ансалт, Рахат олучу ярташна чубахара. Талламчийн зерашца, 33 Оьрсийчоьнан эскархо вийра цигахь, чевнаш йира 34-нна. Оцу хиламашкара схьа болабелира Нохчийчохь шолгIа тIом. Масхадов Аслана емалдира Басаевн чугIортар.

- Кадыров Ахьмадца цхьана суьрта тIехь муха нисвелла хьо?

- 1996-гIа шо дара иза, тIом а бирзинера. Инарлаца Лебедь Александрца Хасу-Юьртахь сайн ден хилла цхьанакхетар дIаяздеш вара со. Бертан кехаташна куьйгаш яздан гулбеллера цигахь. Цхьммо цигахь даьккхина хиллера и сурт.

- Кест-кеста дийцаредо, Ичкерин Конституцино официалехь тIеэцнерий-те шариIат бохург.

- 1999-чу шарахь Басаев а, кхинболу буьйранчаш а лууш бара махкахь шайн цIарах шариIат кхайкхон. Динца ловзар санна хIума дара иза. Сан деца оппозици баханера уьш. Хьо Кремлаца бертахь ву, церан лаамца лелаш ву, хьо динна а, шарIина а дуьхьал ву бохуш, иза ир-карахIоттон гIертара уьш. Сан да дика кхетара, хIетахь шолгIа а Ичкерина тIелата кечам бечу Кремлна, цу кепара барт эгIар пайден хир дуйла.

Массо а бусулба стаг шарIехьа хила везаш ву, тхан дино хьоьху ишта. 1999-чу шарахь Масхадовс дIакхайкхийнера шарIа. Бакъду, хаамийн гIирсашкахь тIаме кхайкхамбар санна, дуьйцу.

Ша дара, нагахь санна, божарий а, зударий а жихIаде кхайкхинехь, 1994-чу шарахь Кадыров Ахьмада санна. Амма, Оьрсийчохь цунах лаьцна хьехо ца лаьа.

-Норвегехь муха нисвелла хьо?

- Тхан доьзал Туркойчохь дIатарбеллера. Тхо дика тIе а ийцира цигахь, тхох кхета а кхетара. Да вийча, Азербайджане дехьадевлира тхо. Iарбой пачхьалкхаш Оьрсийчоьнца доттагIаллехь ю, цундела, цигахь совцийла а дацара. Эххар а, 2006-чу шарахь Норвеги кхечира тхо.  Кхузахь йоккха диаспора ю, вовшашца уьйраш ю тхан, махкахошца цхьана а деттало.

- Махкахошца вовшахдеттадалар синтеме дац, тIаьххьара блогерш бойъуш, тIелетарш дан долийчхьана. Масала, вийра Кадыровн критик Мансур Старый, Венера Анзор, тIелетира Абдурахманов Тумсона.

- Со адам дезаш стаг ву, дахарна кхераме долу хIума а деза суна. Амма, дагахь хIума доцуш хила мегар дац, цо тешнабехк бо. Цундела, со даим а ларло, ойла йо, лаа дуй-те цуьнан соьца зIе лехар олий. Кхерам буйла хаьа суна.

- Путин ца хилахь, Нохчийчуьра хьал муха хир ду олий, ойла хила а хуьлий хьан? Йа Кадыров ца хилахь?

- Тахана хIоттийнарг вацахь, цуьнан метта кхин карор ву. Иза саннарг, йа цул а оьшург.  Камера хьалха а хIиттабой, нах сийсазбен Кадыров саннарг карор ву. Ткъа Путин ца хилахь, Оьрсийчоьнан шанс ю, шайн бакъонаш юхаметтахIиттон, кхечаьрга Оьрсийчоь кхин тIе а хIаллак ца яйта. ХIинца а дац тIаьхьа. Путин ца хилахь, цуьнца боьзна зуламе нах а хир бац, нагахь санна, цуьнан метта цхьа бакъахьарниг вагIахь.

- Шена суверенитет еллехь, муха ехар яра Нохчийчоь?

- Оьрсийчоьнна гIоле дара тхуна маршо еллехь. Тахана кхийдош йолу хуьскаш яла а дезар дацара. Тхуна-м даха хаа ма хаьий. Хьалхара тIом болабалале дукха дика дехаш дара тхо. Жима бизнес а лелош, кхечу пачхьалкхашкара хIума а оьцуш, бехара нах. Тхайн ма-хуьллу хене дуьйлура, пачхьалкхе йоьхуш хIума а яцара. Дуьненаюкъарчу йохка -эцаре довла таро яра тхан Гуьржийчухула. Нагахь санна, Оьрсийчоьно "боккха Китайн пен" хIоттийнехь а, тхуна атта хир дара.

***

Ичкерин а, оьрсийн-нохчийн хиллачу тIемашкара документалан тоьшаллаш Iалашдеш, зорбане доху Масхадов Анзора. Карарчу заманчохь шен дех лаьцна шолгIа книга арахеца хьийза иза. Хьалхара "Борец за свободу. Мой отец - чеченский президент" аьлла, цIе тиллинарг арахийцира 2010-чу шарахь.







В ЖК «Восточное Бутово» продолжают строительство шестого по счету детского сада

В Подмосковье сотрудники Росгвардии спасли пожилого мужчину, который оказался один дома и плохо себя почувствовал

Ежегодная церемония вручения Всероссийской премии Евгения Зубова прошла в библиотеке Видного

США и Европа "подготавливают" Россию и Ближний Восток для переселений?!


Красноярский музыкальный театр представил проект театральной экосистемы будущего

Жители Барнаула помогут сделать родной город чище

Купаться надо уметь: правила, которые сохранят вам жизнь

Уникальный интерактивный проект Ставропольской психиатрической больницы на выставке-форуме «Россия»


Watch awkward moment baffled French Open teen is ‘teleported’ into Eurosport studio for live TV interview

Andy Murray cracks brutal joke as Brit star’s Wimbledon preparations are disrupted by bizarre injury 

Big 12 commissioner Brett Yormark addresses Arizona Board of Regents, asks for continued investment in athletics

Walmart adds employee bonus for hourly US workers


Филиал № 4 ОСФР по Москве и Московской области информирует: С начала года более 4,7 тысячи жителей Московского региона оформили страховую пенсию в автоматическом режиме на портале госуслуг

Мобилизованного свердловчанина приговорили к 23 годам "строгача" за подрыв гранаты в казарме

Бурятский Театр кукол Ульгэр в Улан-Улан-Удэ показал в Этнографическом музее народов Забайкалья перед детьми и родителями в семейный праздник сказку Колобок - Новости и Культура, Дети и Россия

Хакеры начали «прикидываться» соискателями и подсовывать вредоносные ссылки


Показ геймплея тактики SteamWorld Heist II

How to watch the 2024 PC Gaming Show: our 10th annual summer showcase

Concord is skipping free-to-play and pulling a Helldivers 2 instead: $40 for the full game with all 16 heroes at launch

Мафия-НН: Все в сборе, правила с тревогой выслушаны, роли прочитаны, и сразу же в бой!



Об отношении к русским в Азербайджане

СОТРУДНИКИ СОБР «СТОЛИЦА» СТАЛИ ИНСТРУКТОРАМИ НА СБОРАХ ПО БЕСПАРАШЮТНОМУ ДЕСАНТИРОВАНИЮ СПЕЦНАЗОВЦЕВ РОСГВАРДИИ В ВОРОНЕЖСКОЙ ОБЛАСТИ

РОСГВАРДЕЙЦЫ ЗАДЕРЖАЛИ МУЖЧИНУ С ПОДДЕЛЬНЫМИ ДОКУМЕНТАМИ В МОСКВЕ

США и Европа "подготавливают" Россию и Ближний Восток для переселений?!


Мурашко: первые итоги испытаний вакцины против рака появятся в конце года

Мурашко сообщил, что первые результаты доклинических исследований вакцины против рака могут представить в конце года

СМИ: Жителей подмосковных Люберец напугала запущенная с земли пиротехника

Режиссер Астрахан: вторая жена погибла из-за пожара, только сына смог спасти


Шесть военных духовых оркестров выступят вместе в Благовещенске

Цены на квартиры выросли на 73% за пять лет

Великобритания сообщила о нападении на судно в Аденском заливе вблизи Йемена

Адские цены на Сочи и Анапу заставили российских туристов найти новые пути экономии


Андреева рассказала о своих планах на предстоящий матч с Соболенко во Франции

«Он никогда не снимается с турниров». Циципас прокомментировал травму Джоковича

Экс-теннисист Ольховский: российские теннисисты выступили ниже ожиданий

Экс-теннисист Ольховский: Рублев не успел набрать форму на "Ролан Гаррос"


Maserati, сбивший двух детей в Подмосковье, ехал со скоростью 280 км/ч

Россиянин по ошибке получил зарплату в 1,7 млн рублей и отстоял ее в суде

Красавица красноперка

Травматолог Эфендиев назвал продукты, которые мешают укреплению костей


Музыкальные новости

Пополнение в семье: дочь Джигана и Оксаны Самойловой «стала мамой»

"Фактор 2" для трезвых. Группу "Комната культуры" из Барнаула обсудили в шоу Пушного

«У него и так всё получится». Филипп Киркоров отказался поддерживать Даву в финале шоу «Сокровища императора»     

«Петербургские сезоны»: Всемирно известный саксофонист Игорь Бутман провел мастер-класс для детей на фестивале культуры ПМЭФ


США и Европа "подготавливают" Россию и Ближний Восток для переселений?!

В ПРЕДДВЕРИИ ДНЯ РОССИИ РОСГВАРДЕЙЦЫ ПРОВЕЛИ ПРАЗДНИЧНОЕ МЕРОПРИЯТИЕ ДЛЯ ДЕТЕЙ

Об отношении к русским в Азербайджане

РОСГВАРДЕЙЦЫ ЗАДЕРЖАЛИ МУЖЧИНУ С ПОДДЕЛЬНЫМИ ДОКУМЕНТАМИ В МОСКВЕ


Путин назвал приезд президента Зимбабве знаком интереса Африки к России

Приглашенные солистки выступят в опере «Руслан и Людмила»

«В девять лет я уже был очень любвеобильным». Актер Михаил Богдасаров вспомнил детство в шоу «Вкусно с Анфисой Чеховой» на ТВ-3  

В Подмосковье сотрудники Росгвардии спасли пожилого мужчину, который оказался один дома и плохо себя почувствовал


В Москве 14-летний мальчик ранил ножом 16-летнего юношу на футбольном поле

Прокуратура показала фото с места посадки самолета на трассе в Лыткарине

В Москве выставили на продажу 12-метровый Hummer H2 всего за 900 тыс. рублей

Асфальтирование пешеходных дорожек Санкт-Петербург


Путин после действий Байдена: в ядерную доктрину России могут быть внесены изменения

Путин: Москва оставляет за собой право поставок вооружения партнерам

Путин: РФ готова к переговорам только на условиях, которые уже обсуждались ранее

Путин пригрозил оружием Западу, Киев закрыл поездки по Европе, США ввели санкции против Грузии – большие итоги недели от РИА «Новый День»


Вирус эволюционирует: почему рано называть COVID-19 сезонным заболеванием


Гражданку Кыргызстана арестовали по обвинению в угрозах судье и прокурору, отправившим за решетку Навального


В центральный аппарат ведомства будет доложено о ходе расследования уголовного дела по факту умышленного причинения тяжкого вреда здоровью несовершеннолетнему в Москве

Источник 360.ru: игрушка в туалете спровоцировала эвакуацию поликлиники в Москве

Не просто кашель курильщика: чем опасна хроническая обструктивная болезнь легких

Вирус эволюционирует: почему рано называть COVID-19 сезонным заболеванием



«Локомотив» готов рассмотреть продажу Баринова, футболистом интересуются клубы Испании, Франции и Турции

Что можно отметить в этот день

Более 1 тыс человек стали участниками циркового шествия на выставке «Россия»

В Москве прошёл спортивный праздник для росгвардейцев



Собянин: Москва подписала ряд крупных соглашений на Петербургском форуме

Мэр Москвы поздравил социальных работников с их профессиональным праздником

Собянин: Благодаря модернизации театры Москвы создают уникальные декорации

Собянин: В Москве ведется активная замена инженерных сетей в рамках реновации


Байрактар: Турция и Россия определили дальнейшие шаги по проекту "газового хаба"

На ПМЭФ-2024 Краснодарский край подписал 40 протоколов на 272 млрд рублей

Суд отправил под арест подозреваемого в убийстве пенсионера в парке Москвы

В Москве проходит акция по безопасному использованию СИМ


Анна Заворотнюк показала неопубликованные фото с матерью

Травматолог Эфендиев назвал продукты, которые мешают укреплению костей

Великобритания сообщила о нападении на судно в Аденском заливе вблизи Йемена

Шесть военных духовых оркестров выступят вместе в Благовещенске


Торговые настольные электронные весы CAS PR-15P

Минфин Архангельской области оценил муниципалитеты по уровню качества организации и осуществления бюджетного процесса

В Пулково задерживаются шесть рейсов

Россия, Новости, Культура, Театр, Дети: Радость, которую приносит Госцирк Бурятии


Литературно-краеведческий коллаж «Мир добрых сказок и стихотворений – все это Пушкин, наш великий гений!»

Глава Росавиации: возобновление работы закрытых с начала СВО аэропортов пока не ожидается

На этой неделе загрязнение воздуха отмечали в четырех городах Крыма

Глава Росавиации рассказал о перспективах открытия аэропорта Краснодара


Дорогие дороги

Шесть военных духовых оркестров выступят вместе в Благовещенске

Красавица красноперка

Адские цены на Сочи и Анапу заставили российских туристов найти новые пути экономии














СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *