"Басаев Шемал – Бесланах долу бакъдерг" видео бахьанехь гIуда тоьхна хIиричунна
Ша динчу зуламна иза дохковаларна, витина таIзар сов ца доккхуш, элира Кавказ.Реалиига Iедалерчу хьостанаша.
"КхоалгIачу рейхехь гIуллакхдина хIирий" книгица экстремизм ю аьлла, иза яржор дихкира БуритIерачу кхело хьалхо.
Экстремизм шайца йолчу материалийн тептара язйина Оьрсийчоьнан Iедало 5000 сов видео, книга, аудиоматериал, сурт.
