Саакашвилис ша Гуьржийчу дIагIур ву боху. Юстицин министралло иза "дозане кхоччушехь" лоцур ву аьлла
Политика бахарехь, цо ша президент волуш кхоьллина хьал тахана а лелаш ду Гуьржийчохь. Даржехь ша волуш шегара дийлинчу гIалаташна гуьржашка къинтIера бовлар а дехна Саакашвилис.
"Гуьржийчуьра керланаш хезча, со кхета, суна хаьа, хаьл долучул а дика хир дара. ХIора гуьржи вехаш хилалур ву, иза вай цхьана кхочушдийр ду. Со цIавоьрзу", – дIахьедина цо.
Украина шен "шолгIа цIа ду", ша даима а дийр ду гIо шина а къоманна, боху Саакашвилис.
Цунна жоп луш, Гуьржийчоьнан юстицин министра Цулукиани Теяс дIахьедина, "оха къобалдо, нагахь санна Саакашвили Михаил, цIаверза ницкъ а кхаьчна, Гуьржийчу юхавар. Дозане кхоччушехь, иза лоцу процедура а йолор ю, набахте а кхачор ву", аьлла.
2014-чу шарахь Гуьржийчоьно бехкевира Саакашвили, цо 2007-чу шарахь Тбилисера гулам хьашарна а, низамца а доцуш бизнесменан Патаркацишвили Бардин бахам долаберзорна а, 2005-чу шарахь депутатна Гелашвили Валерийна тIелатар дайтарна а, иштта кхечу зуламашна а.
2018-чу шарахь набахтин кхо шо кхайкхийра Саакашвилина Гуьржийчохь. ТIаьхьо цигарчу прокуратуро бехк тIебаьхьира цунна, цо Патаркацишвили вуьйш дакъалаьцна аьлла.
Кхушеран Стигалкъекъа-баттахь Украинин президента Зеленский Владимира пачхьалкхан реформаш кхочушъяран кхеташонна коьрте хIоттийра Саакашвили.
