Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июнь
2021

Bellingcat: ФСБ-но дIовш делла хила тарло ши шо хьалха Быков Дмитрийна

0
Bellingcat: ФСБ-но дIовш делла хила тарло 2019 шарахь яздархочунна Быков Дмитрийна


Яздархочунна Быков Дмитрийна 2019-чу шарахь, иза Новосибирске вахна волуш, дIовш делла хила тарлуш ду ФСБ-но. Оппозиционер Навальный Алексей тергалввеш, цунна тIаьхьабевлла лелла къайлахчу сервисан эпсарш Быков тергалвеш а хьийзина. Иштта бу талламийн  Bellingcat тобано а, Оьрсийчуьрчу The Insider ресурсо а шаьш зийнарг жамIе берзош бина хаам.


2019-чу шеран Охан-беттан 17-чохь Быков Дмитрий дарбан хIусаме виллира Уфа гIалахь – Новосибирскера кхаьчнера иза Башкортостане, новкъаваьлча дуьйна а хиллера могушвоцуш.


Фосфорах лаьттачу коьчалх ун далар гойту симптомаш карийра цуьнца лоьрашна, боху талламан авторша. Оццу могIарара дIовш "Новичок" деллара Навальный Алексейна а.




 














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *