Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Март
2023
1 2 3
4
5
6 7 8 9 10 11
12
13 14 15 16 17
18
19
20 21 22 23 24 25
26
27 28 29 30
31

Кешнаш карийна Соьлжа-ГIалахь. Iедалхоша тIе ца дуьту, уьш Нохчийчохь хиллачу тIемашца дозар

0
Нах дIабоьхкина цхьа меттиг карийна Соьлжа-ГIалин йистехь некъан белхахошна. ГIалин Шейх-Мансуран кIоштахь котлован охкучу гIишлошйархошна карийначу туьтанех, даьIахкех видео йаржийна машанехь, йаздо "Кавказский узел" хьасто. XVII-XVIII-чу бIешерашкахь хиллачуьнца йоьзна Нохчийчоьнан Iедалша карийна чалхаш, махкахь тIемаш боьлхучу хенара хилар бакъ ца дина.


Дуьххьара видео гучуйелира Live Kavkaz News ютьюб-каналехь, цу тIехь гайтина масех туьта, комментарий йечо боху "сацкъар боккхуш хилла" цигахь. Роликан авторо чIагIдо, оьрсийн-нохчийн тIемаш боьлхучу заманчохь байина меттигера нах бу цигахь дIабоьхкинарш. ТIаьхьо и видео йаржийра кхечу нохчийн блогерша а.


Социалан машанашкахь гIовгIа иккхинчул тIаьхьа карийначу меттиган тергойина меттигерчу Iедалша а. Археологин талламаш бечу Iилманан академин Центран куьйгалхочо Исаев Султана дIахьедина, карийна даьIахкаш XVII-XVIII-чу бIешерашкара ю, дуьйцурш бусулбачийн кешнаш ду аьлла. Адамийн бакъонаш Iалашйан векал винчу Солтаев Мансура кхайкхамбина "оцу кепара видеош ма йаржайе" аьлла.


"Церан (Нохчийчохь тIемаш боьлхучу хенахь гергарнаш байна нах – Редакцин билгалдаккхар.) юх-юха а са ма даа, шайн нах хила тарло бохуш, цаьрга сатийсийта", - аьлла Солтаевс.


Нохчийн историко, шен цIе къайлайахьа лиира цунна, Кавказ.Реалиин редакцина йеллачу комментарихь хаамбира, хууш ма-хиллара, оцу хенара кешнаш махкахь тесна ца дуьту, цундела хила тарло уьш кхин а ширачу заманара кешнаш аьлла.



Хьалхо гIишлошйаран белхашкахь ХIинжа-ГIалина гена доццучу "Джами" садаIаран база йолчу кIоштахь 18 даьIахкаш карийра. Дагестанера Талламан комитетан урхаллин хаамашца, Сталинан репрессин заманара хила тарло и дIабохкарш.
2020-чу шарахь ГIебарта-Балкхаройчохь Баксанан кIоштара Атажукино эвлахь къола динера ширачу кешнашкахь. ДIабохкаран боллу гIирс шайца дIабаьхьнера цара, ткъа даьIашкаш латтанца хьулйинера.
2019-чу шарахь Къоьзанан Iомана гена йоццучу Хой эвлахь схьакарийра Юккъерчу бIешарера кхаа стеган чалх. Цунах лаьцна хаамбинера Нохчийчуьра къоман политикан министралло гIадужу-баттахь. 














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *