Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Февраль
2025
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24 25 26 27
28

"Цхьана Iалашонца меттанаш дIадохуш ду дешарна йукъара": Къилбаседа Кавказехь а, диаспорашкахь а ненан меттанаш муха лардо

0
Чиллан-беттан 21-чохь билгалдоккху доллу къаьмнашна йукъахь ненан меттан де. Дуьххьара и де дIакхайкхина ду ЮНЕСКО, цул тIаьхьа тIечIагIдина ООН-н Коьрта ассамблейно. Тхан редакцино дийцаредо хьехархошца а, таламхошца а, меттанаш толлучаьрца а муха кхиош ду меттанаш Къилбаседа Кавказана мехкашкахь а, Оьрсийчоьнел арахьарчу диаспорашкахь а.


ЮНЕСКО-н зерашца, дуьненахь долчу 8324 метташна  йукъахь масех бIе мотт бен бац пачхьалкхан а, дешаран а сферашкахь жигара лелош. Царех дукхахдолу меттанаш дIадовш ду аьлла ЮНЕСКО - церан тептарехь ду Къилбаседа Кавказан а, Оьрсийчоьнан къилбан а меттанаш а цхьаьна: нохчийн, гIалгIайн, абхазхойн, хIирийн, адыгхойн; иштта Дагестанехь буьйцу 25 мотт а.


Меттан Iилманан РАН институтан 2022-чу шеран зерашца, дийна 155 мотт бу Оьрсийчохь, 15 мотт дIабайна 20-чу бIешерийн йуьххьехь. Оцу йукъанна царех 81 мотт школашкахь хьоьхуш бу. 2018-чу шарахь Оьрсийчохь кхоьллира ненан меттанаш Iамон а, лардан а Фонд, делахь а тоъал ахча ца хилира цунна болх латтон, 2021-чу шарахь дIакъовла дийзира и Фонд а.


Меттигера низамаш бахьана долуш а кхерамехь ду меттанаш. Доккхачу декъана, 2018-чу шарахь "Дешарх" лаьттачу низамехь хийцамаш бира, цара мехкашкахь ненан меттанаш Iамор йукъара даьккхира. ХӀетахь «Йукъарчу дешаран программин декхаречу декъехь ненан меттанаш лардарехьа» цӀе йолчу инициативан тобанан петицина куьйгаш йаздира 40 эзар стага. Къилбаседа Кавказехь а цхьана дуьхьалбевллера низамехь хийцамаш барна. Цу кепара, ГӀебарта-Балкхаройчохь Ӏилманчаша а, культуран гIуллакхдархоша а Оьрсийчоьнан Ӏедалшка кхайкхам бахьийтира, шайна хетарг довзуьйтуш, и тайпа низам тӀеэца мегар доций а дIахоуьйтуш.


Оьрсийчохь ненан меттанашна рогӀера тӀелатар лара мегар ду 2023-чу шарахь Путина Европан Кхеташонан кегий къаьмнаш лардарехула йолу конвенци йемал йарна тӀе куьг йаздина низам а.


"Орсийн мотт бу дахарехь буьйцуш берг"


Къилбаседа Кавказан республикашкахь ненан меттанаш пачхьалкхан меттанаш ду – вуьшта аьлча, уьш леладо Ӏедалан органийн гӀуллакхехь а, низамаш кхолларехь а, юридикан процессашкахь а, дешарехь а. Цхьайолчу республикашкахь шиъ сов бу и тайпа мотт: масала, Кхарачойн-Чергазийчохь, оьрсийн мотт боцург, пачхьалкхан меттанаш лоруш ду абазийн, кхарачойн, ногӀийн, чергазийн меттанаш.


Ненан меттанаш Ӏалашдан а, чӀагӀдан а барамаш бу лелош республикаша, амма цунах пайда хьулу бохург шеконе дуьллийла йу. 2024-чу шеран стигалкъекъа-баттахь ГӀалгӀайчоьнан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Ӏалис хаамбира республикера Ӏедалш гӀалгӀайн мотт Ӏалашбан Ӏалашонца Ӏедалан комисси кхолла дагахь хиларх лаьцна. Мотт ларбарехь дакъа лоцу жигархоша а, масала, гӀалгӀайн матте мультфильмаш гочъеш.


2023-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана чIагIо йира, берашна хууш нохчийн мотт бацахь, и хьаькамаш балхара дIабохур бу ша аьлла, амма оцу йуккъехула цо билгалдаьккхира, «берашна нохчийн мотт Iамо безарш уггар а хьлаха дай-наной бу» аьлла. Иштта республикехь кест-кеста дIахьош йу нохчийн меттан хаарш толлуш конкурсаш, тоьллачунна ахча а доькъуш, ткъа 2023-гIа шо дIакхайкхийнера нохчийн меттан ду аьлла.


Нохчийн а, гIалгIайн а меттанаш Iамочу Зелимхана, онлайн-школан куьйгалхочо дуьйцу, республикашкахь ненан меттанаш хьехарца доьзна хьал цхьа маьӀна долуш дац бохуш.


"Цхьана агIор, школашкахь хьоьхуш бу мотт, арахоьцу киншкаш, дошамаш. Вукху агIор - мотт хааран тIекхуьучу чкъуран тIегIа лахара йу, кхаьсттина гIаланашкахь, цигахь дахаран хьелашкахь лелош берг орсийн мотт бу. Цу тIе ненан мотт хьехар формалехь дуьсуш ду, ткъа дешарехь, дахарехь а цунах пайдаэцар доза тоьхна ду", – боху эксперто.




Зелимхана дийцарехь, диаспорашна йукъахь боккха лехам бу шайн ненан мотт Ӏамор: "Царна мотт къамелан гӀирс хилла ца Ӏаш, шайн башхалла, культура, ламасташ лардаран кеп а цхьаьна йу. Тхан дуккха а студенташ бу Европера а, Туркойчуьра а, США-ра а, Казахстанера а - оцу хӀумано гойту мел лакхара шовкъ йу маттаца".


Цо бахарехь, нохчийн а, гIалгIайн а меттанашкахь дуккха а тIеэцна дешнаш ду гучудуьйлуш. Амма мотт ларбеш тенденци а йу - Нохчийчохь, масала, керлачу терминашна нохчийн эквиваленташ йу жигара кхуллуш, дошамаш йу йукъайохуш, ткъа къаьстина нохчийн мотт кхиоран Институт йу: «Амма чохь-арахь дечу къамелехь наха дукха хьолахь мотт буьйцу иэбеш".




Нохчийн мотт - наггахь бен ца хуьлучу меттанех цхьаъ бу, Оьрсийчохь и мотт буьйцучийн терахь шо шаре кхуьуш ду. 2020-чу шарахь 1,5 миллион Орсийчоьнан вахархо вара нохчийн мотт буьйцуш, иза 13% алсам ду 2002-чу шарахь хиллачул а. Кхин цхьаъ буьйцучу нехан терахь алсамдаьлла мотт бара татойн мотт. 2020-чу шарахь иза буьйцура 3,2 эзар стага, иза 7% алсам ду 2002 шарахь хиллачул а и терахь.


Нохчийн мотт Iалашбарехь доккха дакъа лаьцна гуьржаша а, билгалдаьккхира редакцица хиллачу къамелехь йукъаралхочо, вайнехан культурех а, гуржийн-вайнехан а йукъаметтигех лаьцна белхаш йазбинчу Хангошвили Нонас.


"2016-чу шарахь ПIаьнказара пачхьалкхан школашкахь официалехь магийтира нохчийн мотт Iамон, бераша 5-6-чу классашкара схьа дуьйна Iамош бу нохчийн мотт. Шерашкахь нохчийн маттахь йа йеша а, йа йаздан а ца хаьара тхуна, хIунда аьлча, школашкахь хьоьхуш ма бацара и. Цундела оха массара дехарш дира, ткъа цара (Гуьржийчоьнан Iедалхоша) кхочушбира тхан лаам", – дийцира цо.


Цуьнан дешнашца, Гуьржийчохь бехачу нохчаша шайн мотт ларбина, гуьржийн дешнаш йукъа деттахь а, амма хIинца цIена бийца гIерта.


"Суна хетарехь, 90-гIа шераш дирзинчул тIаьхьа, Нохчийчохь бехачу нохчашца йукъарлонаш лелорна шарбела царна шайн мотт. Гуьржийн дешнех ца кхетара уьш (ПIаьнказара нохчий), иштта жим-жима дохуш, шайн маттера дIадехира цара уьш. Оьрсийн дешнех ца хийцира, Оьрсийчоьнехьа негативе ойла хиларна", – бохура Хангошвилис.


Мотт буьйцучийн къоьлла йу

Туркойчуьра оьрсийн диаспорин куьйгалхочо Кусати Садреддина дийцира тхан редакцига, тоххара мотт Iалашбан атта дара, хIунда аьлча, хIирий кегийчу гӀаланашкахь а, йарташкахь а бехаш хиларна. Амма урбанизаци кхиарна а, хIирий йаккхийчу гIаланашка дIаэхарна а, и гIуллакх чолхе дирзира.




"Мотт бицлуш лаьттара, и кхерам тхайна хаабелча, оха ХIирийчуьра меттан хьехархой балийра, меттанийн курсаш схьайиллира. Тхо ишта хьийза тхешан мотт тIекхуьучу чкъурана Iамо меттан онлайн-курсашкахь а, онлайнехь къамелш дечу курсашкахь а", – бохура Кусатис.


Цо дийцарехь, мотт кхуьуш бу коьртачу декъана Оьрсийчохь беха хIирий бахьана долуш: керла дешнаш гучудуьйлу, керла кхетамаш хIирийн матте гочбо. Амма Туркойчохь бехачу хIирешна йукъахь и процесс кхин а чолхе йу.


"Ненан мотт буьйцучеран терахь лахделча ца олу мотт байна, амма, и мотт бийцар сацийча, тIаккха леш бу мотт. Вай хӀинца ишттачу хьолехь ду. Цхьаъ бен боцу сацам (ХIирийчохь а, диаспорашкахь а) доьзалехь а, муьлххачу а гонехь а ненан мотт бийцар ду. Кхинйолу кепаш йу – меттанийн курсаш, школера меттан урокаш, телевизионехь йа радиохь арайуьйлу программаш, йа ненан маттахь арахоьцу газеташ а, журналаш а. Цара а кIезиг гIо дан тарло", - аьлла хета Кусатина.


"Дерриг а шайн карахь ду"

Краснодар-махкара а, Адыгера а, ишта Оьрсийчоьнал арахьа бехачарна а мотт хьоьхуш йу филолог, чергазийн меттан говзанча Тупцокова Лариса. Цуьнан дукхахболу дешархой Адыгейра бу, цо чергазийн малхбузера диалект хьоьхуш хиларе терра.


"Цхьаболчара кхачам боллуш дешна дац бераллехь, цхьаболчарна гонаха чергазийн мотт хезаш хилла, амма цара шаьш цкъа а буьйцуш ца хилла, ткъа дукхахболчу наха йа шайн ненан мотт школехь ца Ӏамийна, йа иза тоъал ца Ӏамийна. Халахеташ делахь а, тахана вай кхин дуьйцуш дац ненан маттахь хьехарх лаьцна хьалха йуьхьанцарчу школехь санна. Дешаран хьукматашкахь мукъна а мотт хьехарх хаттар ду тахана лаьтташ, делахь а, цуьнца а проблемаш лаьтта тӀаьхьарчу шерашкахь", - боху Тупцоковас.






Цуьнан дешнашца, диаспорехь ненан мотт буьйцурш дукха хьолахь баккхийнаш бу. Чергазойн мотт ледара буьйцу кегийрхоша.


"Даймахкахь коьрта проблема йу, цуьнан пачхьалкхан меттан статус йолушшехь, школашкахь иза Ӏаморна тоъал сахьташ къастош цахилар. Диаспорийн шайн халонаш йу, амма мотт ларбо лахарчу тӀегӀанехь гергарчу зӀенашца. Тахана онлайн-хьехархой алсамбовлу, иза бохург ду, мотт Iамон луурш совбуьйлуш хилар", - боху эксперто.


Оьрсийчохь таIзар деш хиларна, шен цӀе йовзийта ца луучу чергазийн жигархочо дийцира редакцига, чергазийн халкъан дукхах долу дакъа диаспорехь, Гергарчу Малхбалерчу а, Малхбузерчу Азин а пачхьалкхашкахь дехаш ду аьлла.


"Националистийн, дукха хьолахь шовинистийн чоьхьара низамаш бахьана долуш, оцу пачхьалкхаша шайн декъехь тIе ца оьцу чергазий санна долу жима къам. Кхузахь дериг а церан шайн карахь ду, цундела чергазийн юкъараллин къоман организацеша шайн мотт кӀелхьарбаккха а, Ӏалашбан а гӀулчаш йохуш йу", - боху къамелхочо.


Цо дийцарехь, карарчу хенахь Туркойчохь иштта лелаш хIума ду: нагахь санна, цхьана классехь шен ненан мотт Ӏамо лууш лаххара а 12 бер делахь, шайн чоьтах хьехархо ло пачхьалкхо. Карарчу хенахь махкахь 7,5 миллионах лаьттачу чергазийн диаспорина лерина 50 сов класс йу чергазийн меттан. Урдунехь чергазийн мотт Ӏамош йолу цхьаъ бен йоцу школа коьртачу шахьарахь, Амманехь, йу. Ткъа иштта цуьнан а аьтто бац и мотт ларбар а, кхиор а дӀадахьа.


"Олийла ду, тахана диаспорера 5-6% кегийрхоша шайн ненан маттахь къамел до", – аьлла хета йукъаралхочунна.


Цо дийцарехь, Оьрсийчохь низамаша эвсара дӀахӀоттийна чергазийн мотт школин программел арахьа: "Школан программехь чергазийн мотт хьехаран методика а йац ур-аттала – вай кхета деза, иза цхьана Ӏалашонца а, системан кепехь а беш болх хиларх, тIаьххьара а тхан мотт дешаран сферера дӀабаккхархьама".


Чергазойн йукъараллин "Хабзэ" организаци йиллинчу, цуьнан куьйгалхочо Кочесоко Мартина билгалдоккху, Оьрсийчоьнан Конституцица а догIуш, чергазойн мотт кхаа республикехь пачхьалкхан лоруш бу – йу и ГIебарта-Балкхаройчыоь а, Кхарачойн-Чергазийчоь а, Адыгей а. Делахь а, цунна хетарехь, оцу мехкийн куьйгалхоша цхьана а кепара деш хIума дац ненан мот бисийта, ткъа хьаькамаша пачхьалкхан политика лелайо.


Диаспорера хьолах дерг аьчла, бохура Кочесокос, Туркойчохь 30% процент черагзий бен бац шайн маттахь къамел деш. ЧIогIа дика ларбина мотт, цо дийцарехь, Израилехь: «Цигахь дукха бац чергазой – шина эвлахь вехаш ву 6 эзар гергга стаг, амма цара шайн мотт буьйцу. Чергазойн мотт хьоьхуш бу школашкахь, урамийн цIераш а цхьаьна йу чергазойн маттахь йазйина", – билгалдаьккхира йукъаралхочо.



2024-чу шеран мангал-баттахь Google Translate йукъатоьхна керла 110 мотт – хIинца цуьнан гIоьнца тексташ, документаш гочдойла йу нохчийн, суьйлийн, хIирийн меттанашка.
Хьалхо редакцино дийцира Кавказан халкъийн меттанех лаьцна а, Дагестанан меттанаш а цхьаьна, дIадан кхерамехь стенна ду а.







Ночные перекусы в отпуске: доктор Садыков о том, как они влияют на микрофлору и вес

3% россиян теряют на пляжах ценности дороже миллиона рублей

Желдорреммаш подводит итоги работы за первое полугодие 2025 года

Один год в двадцатилетней истории Marins Москва Пражская


Dear Abby: Our son was clean and fit until Emily came along

Weah’s agent: One Juventus director ‘is creating problems’

Bay Area water sports enthusiasts are getting hooked on kayak polo

Buy? Sell? The SF Giants’ case for both scenarios


На Московской столкнулись автобус и легковушка. Пострадала женщина

Грибы

От «Лебединого озера» до «Дон Кихота»: Relax FM приглашает на балет

Орловские спасатели обезвредили артиллерийский снаряд


Bungie continues to fire into its feet with both barrels: A new armor set in Destiny 2 has just been disabled because it makes the player who wears it completely invisible

Dr. Mario с NES неофициально перенесли на PC и Android

Match Fever 1.006.001

«Деньги не пахнут»: Как Blox World наживается на доверии игроков Roblox



Спартак» Обыграл «Ростов» 2:0: Победа в Кубке России на «Ростов-Арене

Москва благоустроит 700 улиц: замена асфальта и новые остановки

Синоптик Леус предупредил о грозовых дождях в Москве в выходные

Россия не одна. Против коллективного Запада встают другие страны: Пока заочно


Собянин: В Покровском-Стрешневе завершена модернизация всех поликлиник

Восемь землетрясений произошло у побережья Камчатки за один час

Владимир Ефимов: Более 5,5 тысячи семей переехали в новые квартиры по программе реновации в ЮАО

Барнаул вылетел из топ-5 городов с самой дешевой "котлетой с пюрешкой"


Прогноз погоды на сегодня, 30 июля

В Москве стартовали съёмки фэнтези-сериала «Тайный город» — экранизации культовых романов Вадима Панова

Белоруссия передаст России «Камни Памяти» в знак военного братства

Монолитные работы: основа для вашего успеха в Питере


Медведев прошёл в третий круг турнира ATP в Торонто, обыграв Сврчину

Радукану вспомнила, как предложила Рыбакиной выступить в парном разряде

«Легли поздно». Медведев — о походе на концерт The Weeknd с Рублёвым и Хачановым

Рублев покинул топ-10 мирового рейтинга ATP


Багреева: Объем закупок Москвы у региональных поставщиков составил 308 млрд рублей

Красноярский край – в пятерке регионов по количеству финалистов чемпионата «Абилимпикс-2025» среди участников СВО

Крупнейшее объединение в автопроме: Changan формирует новую промышленную экосистему

Розничная стоимость бензина в РФ превысила инфляцию


Музыкальные новости

Последний путь Князя тьмы: фанаты и близкие простились с Оззи Осборном

Интересные каналы в Telegram. Лучшие каналы в Telegram.

«Лифт или дружба?»: Зачем Басте концерт с Гуфом в «Лужниках»

Каталог каналов Telegram. Новостные каналы в Telegram.


Спартак» Обыграл «Ростов» 2:0: Победа в Кубке России на «Ростов-Арене

Полиция задержала стрелявших из пневматики по ребенку в Подмосковье

Россия не одна. Против коллективного Запада встают другие страны: Пока заочно

Синоптик Леус предупредил о грозовых дождях в Москве в выходные


Сильно пьяного комика Хрусталева сняли с рейса Калининград — Москва за дебош

Почему технологии ПВВК безопасны и эффективны, химия и экология воды по мнению Алексея Горшкова

Культовый BAW 212 уже в России

Адвокаты в районах Матушкино, Промышленная, Савёлки,  Назарьево, Старое Крюково,  Малино, Силино, Западный, Алабушево, Андреевка,  Малино, Каменка, Кутузово, Ново-Малино, Рожки, Зеленоградского административного округа (ЗЕЛАО) г. Москвы, Бекасово, Вороново, Краснопахорский, Первомайское, Рязановское, Сосенское, Филимонковское и Щаповское, Троицк, Троицкого административного округа (ТАО) г. Москвы, районах Внуково, Коммунарка, Филимоновский, Щербинка, Новая Москва, Новомосковского административного округа г. Москвы


Миллиардные убытки и запрет «китайцев»: что происходит с отечественным автопромом

11 фактов о дорожной разметке

Новая развязка на ЦКАД: улучшение транспорта в обход Москвы продолжается

Сергей Собянин: Создали уникальную набережную


Руководитель КЧР доложил Путину о увеличении патриотической компании среди молодежи

Морская коллегия сообщила о награждении Путина медалью

Путин предложил увеличить количество мест в детских садах Карачаево-Черкесии

Путин отметил увеличение валового регионального продукта в Карачаево-Черкесии



Министерство юстиции объявило книгу «Алексей Навальный. Патриот» экстремистской


Врач-стоматолог клиники «Мегастом» Светлана Фролова: из-за чего может появляться боль при надавливании на зуб

Косметолог Наталья Рябинова: что такое алопеция и как ее лечить

Адвокат Багатурия: СК начал проверку смерти пациента после КТ в клинике Москвы

Красный Крест открыл горячую линию для поддержки жителей Камчатки


Удар РФ по Киеву: разрушен подъезд дома, один человек погиб, 48 – пострадали

Погибшие и пострадавшие в результате ракетного удара по Киеву


Курск вспоминает олимпийскую победу Николая Солодухина 45 лет назад

Калинская вышла в третий раунд турнира в Монреале

Сергей Собянин. Главное за день

Галактионов прокомментировал задачи «Локомотива» на трансферном рынке



Сергей Собянин. Главное за день

Сергей Собянин: Создали уникальную набережную

Собянин открыл новую набережную Москвы-реки в музее-заповеднике «Коломенское»

Сергей Собянин сообщил о завершении первого этапа обновления «Коломенского»


МЧС предупредило москвичей об аномальной жаре с 31 июля по 1 августа

Алтайский госуниверситет возглавил эко-рейтинг российских вузов

Мэр Северо-Курильска поделился информацией о палаточном городке на Шумшу.

Специалисты реконструируют крупные очистные сооружения «Ватутинки-1» в ТиНАО


Синоптики спрогнозировали температуру до +31 градуса в Москве 31 июля

Не менее 320 «ночных» БПЛА по объектам в Киеве и области - принуждение противника к принятию условий России продолжается

Монолитные работы в Санкт-Петербурге: создаем прочные конструкции для бизнеса

Эксперт Шкуматов рассказал о новых правилах прохождения водительской медкомиссии


В администрации Нарьян-Мара обнаружены следы коррупции

В администрации муниципального образования «Городской округ «Город Нарьян-Мар» выявлены нарушения законодательства о противодействии коррупции

Портативный сканер штрих-кодов Heroje C1271 промышленного класса

Универсальный ТСД промышленного класса SAOTRON RT-T40


В Симферополе состоялась презентация книги об Александре Федорчаке

В Севастополе пройдет масштабная выставка картин Александра Дейнеки

Где отдохнуть с друзьями – Крым в топе направлений на август

Сколько пассажиров прибывают в Крым летом на поездах ежедневно


Монолитные работы: основа для вашего успеха в Питере

Захарова призвала журналистов противостоять фейкам одержимого диктатом Запада

Рынок акций РФ открылся в утреннюю сессию снижением индекса IMOEX2 на 0,15%

Обновление сельских коммуникаций














СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *