Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июнь
2025
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30

"Къаьсттина кхерамечарна" хIиттийна хьелаш ду? Шайн цIенна уллорчу набахте дехьа ца боху нохчий

0

ТаӀзарш кхочушдаран Федералан урхалло дуьхьало йина Нохчийчохь гIаттамхошца дакъалаьцна ву аьлла, таIзар дина Джантемиров Докка нохчийн набахте дехьаваккха. Оьрсийчоьнан оппозицин политик Немцов Борис верна бехкевинчу Бахаев Хьамзатан аьтто белира цӀенна гергарчу колоне ша дехьаваккхийта. Оцу кепара къестамаш бар стенца доьзна хила йиш йу-те аьлла, и хаттар дийцаредира тхан редакцино эксперташца.

Оьрсийчохь Джантемиров Доккина велла дIаваллалц набахтехь йаккха шозза хан кхайкхийра, республика йозуш йоцуш хила луучийн агIонча а хилла, Нохчийчохь тӀемашкахь дакъалацарна. Талламо а, кхело тIечIагIдира, Оьрсийчоьнан эскаран ши вертолет чудаитинчаьрца хилла ву иза аьлла.

Официалан версица, Джантемиров а йукъахь хиллачу зенитхойн тобано, 2001-чу шеран гезгамашин-баттахь дохийра тӀеман Ми-8 вертолет, цу чохь хиллера Оьрсийчоьнан лакхарчу тIеман даржхойх 13 стаг. Вара царна йукъахь инарла-майор Поздняков Анатолий а, Оьрсийчоьнан тIеман министраллин кадрийн коьртачу урхаллин хьаькаман гIовс Варфоломеев Павел а. "Новая газето" ма-йаздарра, эскархоша федералан ахчанаш муха дойу хьовса регионе хьажийначу комиссин декъашхой бара уьш.

Оьрсийчоьнан кхело Джантемиров бехкевира кхин а цхьа беракема дохош дакъалаьцна ву аьлла, 2002-чу шарахь Ханкалахь дохийначу кеманчохь велира 127 эскархо. Официалан версица, кеманна тӀехь дӀасалелочу зенитан системера ракета тоьхнера Ми-26 кемана, и бахьанехь экипажан сихонца беракема охьахаон дезнера. ТӀех сов дуьзна хилла вертолет минаш йехкинчу майданахь охьахаийнера - и хӀаваан бохам хилира вертолетийн авиацин исторехь уггаре а даккхийчу зенех цхьаъ.

Ростов-мехкан кхело Джантемиров бехкевира тӀелатар вовшахтоьхнарг ву аьлла. Талламан версица, цигахь дакъалоцуш хиллера кхин а кхо стаг, ткъа кхуьнан декхар хилла "Игла" зенитан ракетийн система кечъйар а, иза кхусуш волчуьнга дӀайалар а, ткъа Джантемировс видео йаьккхина хилла ракета дIахьажош. Кхелан процессехь цо дӀахьедира, шен пIендарш кегдина, жаннаш а аьтна, цул тIаьхьа бертаза куьг йаздайтира шега аьлла. Цу гӀуллакхехула дерриг а тоьшаллаш къобал дан мегар ду аьллера кхело.

2022-чу шарахь Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело къастийра, Джантемировн а, цу гӀуллакхехь бехкевинчу кхин массех стеган а хьокъехь низамаш талхор. Цара массара а латкъамаш бинера, шайна тIехь Ӏазап латторна, ткъа Оьрсийчохь ницкъаллин структураша харцо лелор толлуш дацара.

Джантемиров гIоьртира ФСИН-ан векалшна дуьхьал дов айдан, 2005-2006-чу шерашкахь Волгоградерчу СИЗО-хь ша латточу хенахь изоляторехь лан йиш йоцу хьелаш бахьана долуш пневмоница цомгуш хилла хилар а, йуучуьнца балахьегийтар а, лор тIе цавитар а, кехаташ шен хеннахь схьа ца кхачор а билгал доккхуш. Цунна хьакхин жижиган йуург а латтош хиллера. Амма цуьнан латкъамаш къобал ца бира.

ТаIзар токхуш ву Джантемиров "Полярная сова" цIе йолчу Ямало-Ненецкан гонашкарчу колонехь. Белла дIабовллалц чохь йаккха хан тоьхначарна лерина, къаьстина раж лелон набахте йу иза.

Кхин а тIе таIзар дар?Набахтешкахь хенаш токхуш болчу Къилбаседа Кавказера бахархоша шайн цIенна гергарчу колонешка дехьадахар шаьш доьхуш, чуделлачу дехарна дукха жоьпаш ца ло. Масала, Мурманскан кӀоштахь хан токхуш волу нохчийн тутмакх Дахтаев Iалбек а Iоттавелира ишттачу гIуллакхах. Бандиталла лелорна, стаг верна, полисхошна тӀелатар дарна, бакъо йоцуш герз лелорна бехке а вина, набахтехь даккха 24 шо хан туьйхира цунна.

Дахтаевс масийттазза дӀахьедира колонехь ша хьийзорах а, тӀеӀаткъам барх а, ишта динан бух тIехь а шега гIело хьегийтарх лаьцна. 2021-гӀа шо тӀекхаччалц иза латтош вара Мурманскера номер 17 йочу колонехь, цул тӀаьхьа дехьаваьккхинера Владимирский централе. 2022-чу шарахь Москвара Замоскворецкан кхело низамехь дац элира, таӀзарш кхочушдаран федералан сервисо Дахтаев Нохчийчоьнна гергарчу колоне дехьаваккха реза ца хилар. Амма хIетте а цунна жоп ца делира, йаздира "Гражданское содействие" цIе йолчу гӀоьналлин комитето 2024-чу шарахь. Бакъонашларйархоша билгалдаккхарехь, Дахтаев Мурманскан кIоштара колони йухавигира, ткъа мангал-баттахь хьайн лаамехь Владимирский централе дехьавала аьллера цуьнга.

Нохчийчуьра схьаваьлла Баканиев Салахь а нисвелира оцу кепара хьолехь, бакъо йоцчу герзахойн тобанехь дакъалацарна а, герз лелорна а диъ шой ах шой хан тоьхнера цунна. Кировн кӀоштарчу кхело къобалйира, цо таӀзарш кхочушдаран федералан сервисана дуьхьал йаьккхина хилла иск. Бохура, низам а дохош, шен цӀенна 2600 км генахь йолчу колоне дӀахьажийна иза. Цунна дуьхьало йора дехьавала бакъо ца луш, цунна дина таIзар "террорхойн" артиклца ду бохуш.

Оццу йукъанна 2020-чу шарахь Оьрсийчохь низам йукъадаьккхира, шайн доьзал бехачу регионашкарчу набахтешка тутмакхаш дехьабаха бакъо луш долу. Нагахь санна, цу регионехь колони йацахь, оцу махкана гергарчу набахтехь хан токхуьйтуш. 2021-чу шарахь Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело "башха хьал" санна тӀеийцира тутмакхна шен доьзал ган лаар а, гергарнаш бехачу меттигна уггаре а гергарчу колоне дехьаваккха цуьнан бакъо хилар а.

Къилбаседа Кавказера тутмакхаш шайн махкахь таӀзарш дечу колоне дехьабаха магош бакъо хӀинца ишта лелаш йелахь а, уьш дехьабахар маггане а могуьйтуш дац, билгалдоккху бакъонашларъярхочо, PeaceWomen Across the Globe цӀе йолчу юкъараллин куьйгалхочо Газиева Фатимас.

"Нагахь формалан кепехь низамо доьзалан бахьанашца йа могушаллин бахьанашца регионе дехьабаха бакъо йеллехь а, нохчашна – къаьсттина хьалхарчу а, шолгӀачу а тӀемашца доьзна гӀуллакхашкахь бехке биначарна – даима бохург санна дуьхьало йо. Бахьанаш официалехь дуьйцуш дац, амма гуш ду: ницкъаша, шайна йукъахь ФСБ а йолуш, и тайпа нах "къаьсттина кхераме" лору, ткъа Нохчийчу дехьабахар "шайн царна тIехь Iуналла латттор карара далар" санна хета", - билгалдаьккхиира къамелхочо.

Даим а санна, Нохчийчуьра а, луларчу республикашкара а бехке бина нах, мелхо а, Оьрсийчоьнан генарчу кӀошташка дӀахьажош бу: Сибреха, Удмурти, бохура нохчийн оппозицин НИЙСО боламан векало. Цунна хетарехь, иза ФСБ-н агӀор "тӀеӀаткъам баран кеп" а, "ма-дарра аьлча, чӀир эцар" а ду.

"Иштта нах системо тӀеоьцу "мостагӀий" санна - церан гӀуллакхийн бакъдолчу хьелашка а ца хьоьжуш. Ткъа колонешкахь цу тайпачу тутмакхашца къизаллаш лелайо. Цхьацца меттигаш бу тутмакхашна 5-10 шарахь шайн гергара нах ца гина а, ца хезна а. Тхуна хууш ду, чохь латточу итт шарчохь духхьара шен нене вистхила аьтто баьлла меттиг – адамаллица йогIуш йоцу къизалла йу и", - билгалдаьккхира цо.

Цунна тIетов оппозицин блогер Белокиев Ислам а, Оьрсийчоьнан таӀзаран система 1930-гӀа шерашкахь советан лагершкахь хиллачун тӀаьхье йу элира цо: "Уьш цхьана Iалашонца латтош бу, колонин белхахой бусалба боцчу регионашкахь. Цу гӀуллакхо кхин а хьелаш кхуллу тӀеӀаткъам бан: царна дихкина хила тарло ламаз дан, марха кхабар мархийн баттахь, хьалал йуург латтор, динан литературина тIе ца кхачийтар. И дерриг а лелош ду, и стаг кагван, цуьнан динца йолу уьйр йохо а".

Нийсонца доцу хьалКъилбаседа Кавказера схьаваьллачу стеган баккъалла а цIенна гергарчу колоне дехьаваккха аьтто хиллачех ву -оппозицин политик Немцов Борис верна бехкевина нохчо Бахаев Хьамзат. Нохчийчоьнна ши эзар сов чакхарма генахь йолчу Кировн кӀоштарчу номер 11 йолчу колонехь хиларо шен доьзалца уьйр латто аьттонаш дӀабоху шен аьлла, латкъамаш бира Бахаевс. И бахьана долуш кхело цуьнан агӀо а лаьцна, таӀзарш кхочушдаран федералан урхаллина тӀедожийра, цуьнан дехьаваккхар йуха листа аьлла. Эххар а Бахаев дехьаваьккхира Соьлжа-гӀалина 70 чакхарма генахь йолчу Чернокозовера номер 2 йолчу колони.

Нохчийчуьра набахте дехьаваьккхинчу оцу накъостан и гӀуллакх мел а цхьа наггахь хуьлуш долчух ду, тешна ву Нийсонан векал: "Тарло, цу тӀехьа политикан йа цхьана стеган муьтIахь хилар хила. Нохчийчу дехьаваккхийта цуьнан аьтто хилла хир бу, и "церан" стаг хиларна. Цо а ма гойту, масаьрца а нийсо лелош цахилар – цхьаболчаьрца къизаллаш, вукхаьрца – дика мел дерг".

Пачхьалкхан цхьааллина дуьхьал къийсам латтийна, къайлахчу сервисашна гергахь пачхьалкхан мостагӀ волу стаг вуьйцуш велахь, оцу стаге цхьана кепара хьоьжу Оьрсийчоь – къинхетам боцуш, билгалдаьккхкира нохчийн оппозицин жигархочо Янгулбаев Абубакара.

"ТӀаккха и нах цхьанхьа шийлачу къилбаседехь, цӀенна генахь, кхин а ирчачу хьелашка кхуьссуш бу, церан гергарчарна царна тIебаха аьтто ца хилийта, ткъа системина уьш бицло", - жамӀ дира шен къамелехь цо.

Бахаевн гӀуллакхехь хила тарло цхьана наха "цхьа бартбина", аьлла хета Газиева Фатимина а:"Ишттачу гӀуллакхаша тӀечӀагӀдо оцу системо озабезамаш беш хилар. Масаьрца а цхьатерра хила везаран принцип лелаш йац - "тешаме хиларан" а, "тӀекхачаран" а принцип йу лелаш. ХӀунда аьлча, цхьаммо вейтина стаг ма варий иза".

Немцов Борис вийра герз тоьхна 2015-чу шарахь чиллан-беттан 27-чу дийнахь, оцу гӀуллакхехь 5 нохчочунна йаккхий хенаш туьйхира набахтехь такхийта, вара царна йукъахь Бахаев а. Цунна 11 шо кхайкхийра. Кхел йоьдучу хенахь адвокаташа дӀахьедира, зулам къастийна дац, цуьнан бехк хилар тӀечӀагӀдина а дац аьлла. Оцу йукъанна Немцов вен омра динарш тахана а билгалбевлла бац. Политикан накъосташа а, цуьнан доттагӀаша а критика йира талламна, царех дуккха а тешна бу Нохчийчоьнан йа Оьрсийчоьнан Iедалан куьйгалхоша иза вейтина хиларх.Мангал-баттахь Нохчийчоьнан Ӏедалша дӀакхайкхийра тайп-тайпана зуламаш дарна бехкевина 150 сов стаг республикерчу а, цуьнца дозанехь йолчу Ставрополан кIоштара а колонешка дехьаваккхарх. Хьалхо Оьрсийчоьнан генарчу регионашкахь хан токхуш хиллера уьш.








Лариса Анатольевна Болтенкова: Жить и трудиться – это и есть счастье

«Авторадио» расширяет зону вещания в Крыму

Джинсовые бермуды 2025: ключевой тренд лета и осени

На врача, уволенного за избиение людей, пожаловались на новом месте работы


Stock market fear index spikes after Trump’s war threats

‘Big Short’ investor warns the precarious tariff environment reminds him of WWI—and a trade war would send the U.S. into a recession

Traversal emerges from stealth with $48 million from Sequoia and Kleiner Perkins to reimagine site reliability in the AI era

JPMorgan Chase partners with Coinbase to launch deposit token for institutional clients


Премия The Medical Stars & Beauty Awards: отмечая звезд медицины и красоты

Судебные приставы выяснили, кто быстрее, выше и сильнее!

«Безопасность — это не разовый проект»

Идем на юг?...


Lies of P's new easier difficulty modes reveal the true soul of a soulslike, and surprise: it's not dropping dead every time a monster sneezes

Тактическая стратегия Spaceland вышла за пределами Apple Arcade

Все в шоке: игры, которые взорвут ваш мозг

Elon Musk's latest gaming take is ruthlessly mocked by Bioshock fans: 'Probably thinks Andrew Ryan was the hero'



На юго-востоке Москвы из-за крупного ДТП перекрыли движение

РЖД и Желдорреммаш подписали соглашение о долгосрочном сотрудничестве

Названы ключевые тенденции в дизайне логотипов 2025 года

«Победа», «585*ЗОЛОТОЙ» и Vasilchuki Chaihona №1 запустят «Свадебный рейс» в День семьи, любви и верности


Раскрываем формулу ответственного бренда: Форум «Три кита национальной повестки» пройдет 25 июня

Что изменится для граждан? С 1 июля в РФ вырастут оптовые цены на газ

Старовойт сообщил о применении цифровых решений на ВСМ Москва – Петербург

Мария Захарова: Россия расширяется только в ответ на агрессию извне


Синоптик Тишковец: температура в столице в одну из ночей опустится до +2°С

По мере преступления: суд огласил приговор по «бариевому делу»

Путин: недорогие БПЛА оказались эффективны для поражения дорогой техники

"Звездач": бильярный бизнес Якубовича проиграл суд на 219 тысяч рублей


Медведев: Выигранные матчи сами по себе значат не очень много

Зверев одержал победу над Коболли в четвертьфинале турнира в Халле

Хачанов вышел в четвертьфинал турнира ATP в Галле

Рыбакина встретится с Соболенко в четвертьфинале турнира в Берлине


В Московской области пропал волкособ: власти призывают к осторожности

Владимир Путин отметил улучшение инвестиционного климата в Алтайском крае

Мария Багреева: Москва повышает производительность труда в ключевых отраслях экономики

Путин заявил, что Россия находится в контакте и с Израилем, и с Ираном


Музыкальные новости

Волочкова передала привет депутату, выступившему против ее участия в ПМЭФ

Звёзды против болезней: знаменитости, которые смогли победить смертельные диагнозы. От Сургановой до Буйнова

Олег Митяев выступит на фестивале Ural Music Night в Екатеринбурге

Московский оркестр MetalliadA сыграет в Петербурге свои симфонические сюиты


«Победа», «585*ЗОЛОТОЙ» и Vasilchuki Chaihona №1 запустят «Свадебный рейс» в День семьи, любви и верности

Названы ключевые тенденции в дизайне логотипов 2025 года

На юго-востоке Москвы из-за крупного ДТП перекрыли движение

Путин заявил, что Россия находится в контакте и с Израилем, и с Ираном


Wildberries & Russ станет партнёром Летней экономической школы НИУ ВШЭ

В Московской области завершился первый этап кинофестиваля «Движение по вертикали», посвященный памяти Станислава Говорухина

ТНТ и KION представляют тизер-трейлер комедийного сериала «Три сестры» с Ларисой Гузеевой и Павлом Деревянко

Киберэксперт Жданухин: обновления недостаточно для полной безопасности сервиса «Яндекс Телемост»


Известный кинорежиссер дал работу в Москве вышедшему по УДО Ефремову

Из-за ДТП перекроют часть трассы М11 в Тверской области

На юго-востоке Москвы из-за крупного ДТП перекрыли движение

В Кирове изменили схему движения авто на перекрестке улиц Горького и Московской


Сара Вагенкнехт просит канцлера Германии Мерца поговорить с Путиным

Путин позитивно оценил московскую систему видеонаблюдения

Контакт Путина и Мерца: Вагенкнехт советует канцлеру сделать шаг навстречу Москве

Путин: системы наблюдения с ИИ позволили снизить уровень нарушений в Москве



Московскому депутату Гришину Мосгорсуд ужесточил наказание, заменив штраф колонией


Врач Чернышова: во время отпуска важно есть только в проверенных местах

Пластический хирург Софья Абдулаева: как стареют разные части тела

Терапевт Чернышова рассказала, от чего можно умереть во время пробежки

Врач-косметолог Зухра Балакеримова: почему появляются пигментные пятна и как с ними бороться


В Киеве заявили, что изменения невозможны: что предпринял Зеленский на саммите G7


II тур третьего сезона Бизнес-Лиги Матч ТВ по тэг-регби пройдет в Калининграде

В Петербурге открылся первый центр подготовки пилотов симрейсинга

Терапевт Чернышова рассказала, от чего можно умереть во время пробежки

Уникальный круглогодичный крытый серфинг-центр с океанскими волнами появится в СберСити


Бастрыкин вручил Лукашенко медаль в честь 80-летия Победы

В Минске стали известны подробности встречи Лукашенко с с Бастрыкиным

Лукашенко: Белоруссия в сложное время поддерживает Россию и всегда будет с ней

Лукашенко высоко оценил степень взаимодействия СК РФ с Белоруссией


Собянин на ПМЭФ рассказал, как должна оцениваться эффективность власти

Сергей Собянин: в Москве запущен третий регулярный речной маршрут

Собянин: В Москве построят уникальный крытый всесезонный серфинг-центр

Собянин и Костин: строительство спорткомплексов в Москве к 2029 году


Ликвидаторы свалки «Черная дыра» получили длительные сроки в колонии

Жираф Липа и краснокнижные зебры Греви стали доступны в трансляциях на mos.ru

От пчелы до экосистемы: музей, который сохраняет Алтай

Солнцев заявил, что "Акрон Холдинг" планирует производить зарядные устройства для электромобилей в Оренбуржье


Врач предупредила об опасности бессимптомной температуры

Синоптик Тишковец: температура в столице в одну из ночей опустится до +2°С

"Звездач": бильярный бизнес Якубовича проиграл суд на 219 тысяч рублей

Путин заявил, что Россия находится в контакте и с Израилем, и с Ираном


В Алтайском крае учредили уполномоченного по борьбе с «болью и страхами» населения

На вёслах сквозь века: из Дубны в Архангельск стартовала поморская экспедиция на ёле и карбасе

В Архангельской области многоэтажки на спецсчетах могут остаться без лифтов после 2030 года

Отключения коммунальных услуг в Архангельске 20 июня 2025 года


Севастополь вошел в топ регионов по инвестиционной привлекательности

В Севастополе появятся кластеры среднего профессионального образования

«Авторадио» расширяет зону вещания в Крыму

В Севастополе загорелся лес вблизи жилых домов


Экомобиль для сдачи вторсырья остановится в 8 округах Подмосковья в выходные

«Пока ляжет на полку»: Евросоюз отказался от планов ввести потолок цен на российскую нефть

В Минске стали известны подробности встречи Лукашенко с с Бастрыкиным

Багреева: Москва повышает производительность труда в ключевых отраслях














СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *