Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июль
2025
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23 24
25
26
27
28
29
30
31

Доьзалера гIело, чу-ара йаларна тIехь терго латтор, хьалхе ден захалонаш. Доьзалашкара стенна уьду зударий

0

Доьзалехь ницкъ а беш, чомахь чу-ара йала ца йитарна йедда хилла Авторханова Лаура Тбилисехь лачкъийна, иза цIа йига гIоьртинера цуьнан гергара нах. И гIуллакх нахала даьллачул тIаьхьа Гуьржийчоьнан полицино хьал листира, йоI гергарчех кIелхьара а йоккхуш. Иштта цIера идарш кест-кеста нисло республикехь. ХIунда тӀеоьцу йукъаралло доьзалехь тӀеӀаткъам бар хила дезарг санна, кӀезиг зударий бен стенна бац и хьал лан кийча- йаздо тхан редакцин материалехь.

"Цергашца латта ахкий а, хьайн маре ларде"Маршоне гIортар, шен дахар хийца лаам хилар, доьзалехь ницкъбар, йукъахь нисло цакхетамаш, хенал а хьалха маре йахийтар – цIера зударий ийдаран доллу бахьанаш дац хIорш а. Амма къаьсттина оцу тIехула ара-м бовлу уьш.

Радимин 52 шо ду (цуьнан кхерамзалла Iалашйеш къайлайаьхьна цуьнан цIе), ши бер ду цуьнан. Лаьмнашкарчу цхьана эвлахь йина а, кхиъна а йу иза. Цуьнан да-нана дайн Iадаташца дехаш дара: боьршачу стеган дош тIаьхьара хуьлуш, ткъа зударий декхаре бара, къена-къона белахь а, божарша бохучунна тIаьхьахIитта.

Хьалхе дина маре, бераш дуьненчу довлар, майра къаьркъане марзвалар, аьшнашйар, йеттар, и дерриге а массанхьа а хуьлуш деррг санна тIеоьцура зудчо. И дара цуьнан собар эххар кхачийнарг а, цIера йада цунна ницкъ белларг а: "ХӀинца хаьа суна, и дерриг а абьюзеран билгалонаш хиллий. ХIетахь моьттура суна хIора зуда а, доьзал а ишта хан йоккхуш бу аьлла. Сайн ма-хуьллу са диттира ас берийн дуьхьа".

Иштта хьал лаьттира масех шарахь. Кхеран боллу доьзал кхерамехь латтош хиллера Радимин майрачо, ткъа цо шен хIусамдегара лара йоллу къизалла, цуьнан йаха меттиг бацара. Цуьнан да-нана тIаьхьий-хьалхий дӀакхелхира, ткъа денцIахь вехаш вара шен доьзалца цуьнан воккхаха волу ваша. Цо масийтаза дӀахаийтинера цуьнга, нагахь санна иза марера цIа йогIий, "пеша тIера неIасагIи тIе" кхаччалц бен ша ког ловзуьйтур бац хьоьга аьлла. Ткъа бераш, бераш шайн деца дита дезар ду аьллера.

Цхьана дийнахь цIийндас чӀогӀа йиттира Радимина, цуьнан мара а кагбеш, цӀийх юьзна, шен вешин керта йеара иза, орца доьхуш. Цунна моьттура, цIийх йуьзна ша дIагича, вешин дог тохалур ду аьлла. Дог лозучу меттана, вашас оьгIазе элира цуьнга: "Хьан хьайн бехк бу. Кхузахь цӀа дац хьан, тIетовжийла а йац, цергашца латта ахкий а, хьайн хIусамдас бохург а деш, цуьнан цIартIехь Iе. Ас хьо цӀа ца йуьту, йа хьан мецалгаш-бераш а кхузахь оьшуш дац суна".

Хьоьвззина, шен хIусамда волчу йуха йеара Радима, кхин а цхьа шо хан йаьккхира цо цуьнца цхьана тховкIел. Цхьанхьа дIайахна, хIусам лаца, балха хIотта, шина берана а, шена а оьшург латтон- шен ницкъ кхочур бац аьлла, кхоьрура иза. Йукъаметтиг хIусамдеца кхин тIе а эгIаш йогIура де дийне: девнаш, вешин кхерамаш, кхунах летар, дагалоьцу зудчо: "Хьан хьекъал пхьадаран цIоганал бен дац", - олура цо соьга денна. Ойла йора аса: хIара сийсазалла хьоьгара хезачул а, йелла йелара со олий".

Цхьана дийнахь собар кхачийра, Радимин Iалашо хилира. Иза йолайелира шен цIахь йохка Iалашонца деман галнаш а, пельменеш а йан, цунна некъана ахча оьшура. Йохка-эцар каде нисделира цуьнан, ахшо ийшира цунна тоъал ахча вовшахтоха. Цхьана Iуьйранна сатосуш, буса сахиллалц къаьркъа а мийлина, хIусамда наб йеш Iачу хенахь, шен шина берах ка а тоьхна, Хасав-Йуьрта дIайахара иза. Кхин а ши кIира даьлча – Полше.

"Полшехь маса тӀеийцира тхо, хӀусам а йелира, берашна социалан пособеш а хIиттира, дахар жим-жима тодала доладелира тхан. Оцу йукъанна суна хезира, сан вашас Хасав-Йуьртахь со лоьхуш хилла бохуш. Со цIера йадаро шайна тIе доккха эхь даийтина бохуш хиллера цо, шен бIаьргашна хьалха со хIоьттинчу дийнахь, со йерал хьалха хIума дийр дац ша баьхна а хиллера цо".

Полшехь Радимин дахар денна бохург санна толуш дара, амма синпаргӀато йацара цуьнан. ХӀора татано, хӀоразза неI мел туху, телефон мел йека, кхерайора иза. ТIаккха цо сацам бира Франце дӀайаха, тӀаьххьарчу ткъе пхеа шарахь цигахь йехаш а йу иза.

"Цул тIаьхьа сайн ваша цкъа а гина вац суна, иза а ву Европерчу цхьана пачхьалкхехь шен доьзалца дIатарвелла вехаш, хӀинца а зӀенехь дац тхо. Цо соьга кехат йаздинехьара, со къинтIера а йаьккхинехьара, хьанна хаьа, сан дагчохь къинхетам бан меттиг хила там бара, амма, маржа йаӀ".

Вешин закъалтхоЦхьа хаза безаман истори ца нисйелира Зайница а. Цуьнан шен 20 шо дара луларчу йуьртара, кхунна кхин башха вевзаш а воцчу кIанте хIара маре йелча. Кхунна луучуьнца- цхьаьннан а бала бацара.

Дукха хан йалале йоӀ а, кхин а шо даьлча кӀант а хилира церан. Цуьнан майра могӀарера йуьртара кӀант вара - къинхьегамхо а, къинхетаме а вара. Сургутехь сменашкахь болх беш вара иза: бутт цигахь, бутт цӀахь.

Оцу йерриге а хенахь марзошца Ӏаш йара иза, балхара дӀайала дийзира, марнана цомгуш хилла. Иза лело декхаре йара хIара. Сургутехь шен майрчун керла нускал ду бохуш хабарш хезадора Зайнина. Ирс дайна, цхьа йоккха пекъар хетара ша цунна, цхьалха. Шен йоьӀан 15 шо кхаьчча, кӀентан 14 шо долуш, хIусамдегара дIайахара иза. Бераш цхьана хенахь цуьнца хиллера, ахшо даьлча, кхуьнан хиллачу хIусамдас цIа йалийра Сургутера шен зуда. ТIаккха ши бер а шеца хилийта, дIадигира цо.

ЦӀеххьана Зайнин нана, даге лазар а иккхина, йелира, тӀаккха балане дирзира цуьнан дахар. Вашас хаддаза шен Ӏуналла деш йара иза: цIера ара маца йолу, цӀа маца йогӀу, хьаьнца къамел до цо. Иза балхара цIа йан хьейелча а, бага лейеш, дуьне гатдора цо йишина. ЙоӀ маре йахара Зайнин, кӀанта а зуда йалийра. Дукха хан йалале кӀант дехарш дан волавелира нене, нахана гергахь а, хьо вешин баьрчехь йолуш товш ца хета шена, шен ден цIартIе а йалий, ша волчу Iен схьайола бохуш. Вешица бала хьоьгучул а, шен кIантаца паргIат хир йу-кх ша аьлла, ойла йина Зайна, реза хилира.

"Суна ца хаьа, ас муха даьккхира и шо. ХIусамдеца Ӏен ца лаьара суна, иза гича а мегаш йацара со, цхьа чам баьлла хииллера сан цунах. Ткъа со йуха а сан вешин доьзале юхайеара. Иза суна оьгӀазваханера, амма цуьнан терго ца йан гӀертара со сайн ма-хуьллу", - дагалоьцу цо.

Цхьа хан йаьлча, Зайнина тIе захалу деара цуьнан гергарчу цхьана зудчо. ХIусамнана йелла, ша цхьаъ вехаш хиллера и стаг. Зайна реза хилира. Вешина тIе нах баьхкира гергарло дохьуш. Вашас дуьхьало йира.

"Цул тIаьхьа суна йиттира цо, ультиматум а хIоттош: йа хьайн берийн деца Iийр йу хьо, цуьнга йуха а йахана, йа ас хьуна жоьжахати латтор йу. Цунна дуьхьало йеш, цхьаъ ала со йоьлча, чIогIа вон туьйхира цо суна, улорчу бIогамах дIакхетта. сан корта а боьллуш", - дуьйцу Зайнас.

Эххара а кхуьнан собар кхачийнарг и дара. ЦIера йада йеза ша аьлла, ойла хилира цуьнан. Цхьана бакъонашларйархойн йукъаралло гIо дира цунна, йодуш. Зайнина ца лиира оцу организацин цIе йаккха, дехар дира цо, шена тховкIело йеллачу пачхьалкхан а цIе ма йийцахьара аьлла. Дозанал арахьа а, ша маьрша а, кхерамзаллехь а ца хета зудчунна.

"Сайн хатI а цхьаьна хийцина аса, месийн бос, йоца хедийна месаш, азйелла со 15 кила, кхузарчу нахах дIаэрхьама, къаьсташ ца хилийта. Хьалха а санна, хIинца а кхоьру со сайн вашех, хIинца а кху махках дIайоьлла йац со. Хан оьшу суна, ца хаьа, мел оьшу-м. Суна хаьа дуккха а дика вежарий бу, шайн йижарийн коьртара цхьа мас галйолуьйтур йоцуш, амма суна воьгIна ца хиллера дика ваша".

"Дуккха а зударша мотт баьстина"Шайга ларам цахилар ду кавказхойн зударий идаран доккхаха долу бахьана. Зуда индивид санна тӀе ца эцча, цуьнан лаамаш тидаме ца эцча, цунна бан харжам ца битича – цкъа мацца а иза шена некъ лаха йолало, бохуш дийцира редакцица гендеран Ӏилманан декъехь болх бечу нохчийн социолого, шен цӀе ца йовзийтар доьхуш.

"Суна гина ду, школа чекхйаьккхинчул тIаьхьа кхин дIа деша мехкаршна доьхкуш, сихха маре йаха йеза бохуш, цуьнга корта беттар. ТIаккха цIера уьду уьш. Сина Iаткъам бар, даим тIехь терго латтор, цунна луучунна кIес йеттар – оцу доллучо а гойту, зуда йозуш йоцуш, ша хилар тIеоьцуш цахилар. Ткъа нагахь санна хьайн дахарехь йистхила хьан бакъо йацахь - тIаккха цIера йадар гIоле хета", - аьлла хета цунна.

Чаккхе йоцуш тIехь ницкъ беш меттигаш а нисло, майрачо шен зудчунна йа берашна йетташ, ткъа царна орца ца кхочу йа шайн доьзалера а, йа низамера а, йа йукъараллера а. Кавказхошлахь лартIахь хIума ца хета кхечу доьзалан гӀуллакхашна йукъагӀертар, нагахь санна цигахь акха хӀуманаш нислахь а, кхин дIа а дуьйцура талламхочо.

Кегийра мехкарий а, зударий а цӀера уьдуш хиларан уггаре а коьрта бахьана ду "хIаваъ цатоар": шайн дахарехь хӀуммаъ а хийцалур доцийла, шайна тӀехь ницкъ бар, бала хьегийтар, шайн лаамаш, ойланаш, харжамаш бихкина хилар де дийне алсамдолий кхетча. Ишта аьлла хета бакъонашларъярхочунна, "Марем" кризисан тоба кхоьллинчу Анохина Светланина. Цхьана муьрехь хьо кхета, иза даима а иштта хир дуйла, бохура цо.

"ПаргIатонан, маршонан къурд бан церан аьтто балахь а, иза хир ду хьуна церан 50 шо кхаьчча. Амма цкъачунна царна шаьш, шайн дай-нанойн карара ловзоргаш хета. Ткъа дукха хьолахь, масала, тхоьгара орца доьху, бертаза шаьш маре дIалуш хилча. Шайна доьзалхочо шайга бохург хезаш ца хуьлу дена-нанна. Шайна ца лаьа иштта хьалха маре даха олу цара, со хIинца а кийча йац. Ткъа уьш ца хеза, уьш берта балон хьийза, царна Iаткъам бо, ткъа дукха хьолахь, царах лета", - дийцира къамелдечо.

Кхин цхьа новкъарло а йу, билгалдоккху бакъоларйархочо: йукъаралло тӀех атта дIатотту нехан лазам. Дукхахчарна хета: "Оха лайна, цхьана кепара даьхна тхо а, уьш а бехар бу". Цо дийцарехь, ницкъ бар ламасташца бакъдар - божарийн Ӏуналла карахь латтон гIертар ду.

Доьзалехь ницкъ барца долу хьал Нохчийчохь йа Къилбаседа Кавказехь дика ца хилла ца Ӏаш, иза пачхьалкхан йукъара политика йу, боху Анохинас: "Аборташ йехкар – зударшка и низамаш лардайтар дац? Нах байар, ирча тIаьхье йуьтуш, доьзалехь гIело латтор, полицино терго цайар. Оцу системех, дахаран, йа бакъонийн цхьана а кепара шена хетарг дан йиш йоцу зуда йоза гIертар дац иза а?"

Оьрсийчохь тIейогIучу заманчохь доьзалехь ницкъбарх низам тIеэцахь а, чIагIдо къамелдечо, йа таханалерачу Оьрсийчохь а, Нохчийчохь-м муххале а, болх беш хир дац и низам.

" Вайна гуш ду, масала, цигахь КъорӀанна цӀе а тесна, Нохчийчу дехьаваьккхинчу, Кадыров Адама камерашна хьалха йиттина хиллачу Журавель Никитах хилларг. Ткъа хӀумма а ца дира цул тIаьхьа цунна. Ткъа оццу хенахь, могушалла ледарчу хьолехь йолу Мусаева Зарема бехкейо ФСИН-ан белхахочунна тӀелатар дарна. Ткъа и хӀума а кхело луьстуш ду, Журавелна йиттина хиларх къеггина долу тоьшаллаш а, видеош а йоллушехь- и дуьйцуш дац. ТIаккха вай хIун дуьйцур ду? Таханалерчу Оьрсийчохь цхьана а низамо, тӀеэцча а, ца эцча а, болх бийр бац, къаьстина Нохчийчохь", - дерзийра Анохинас.

Цуьнга ладоьгIча, Нохчийчуьра социологан кханене йолу дог-ойла мел а дегайовхо йолуш йу:"Хийцамаш хир бу. Уьш хӀинцале а хуьлуш бу. Меллаша, лазаме, амма уьш хуьлуш бу. Кхин а алсам зударий къамел дан буьйлабелла, ткъа божарий декхаре бу цаьрга ладогӀа. Ткъа а ца догIахь, уьдурш кхин а дукха хир бу".

Доьзалехь ницкъ бар Къилбаседа Кавказан коьртачу а, кест-кеста хуьлучу а проблемех цхьаъ йу. Меттигерчу зударшна тIехь гIело латтайо церан хIусамдайша а, дас, вашпа, девешин кIанта. Низамехь ишта хила дезаш санна, полицино тергал ца до и тайпа зуламаш, ткъа бехктакхаман гӀуллакхаш долийнехь а, кхелаша лаххара таӀзарш дой буьту уьш.2022-чу шарахь нохчийн йоI Сулейманова Седа шен доьзалера йеддеа, кхечуьнга маре йаха ца лаарна а, хаддаза чохь шеца дов-тӀом латторна а. Санкт-Петербургехь йехаш а, болх беш а йара иза. 2023-чу шеран марсхьокху-баттахь Нохчийчуьрчу ницкъаллин структурийн белхахоша гIо а деш, йоӀ бертаза цӀа йигира. ХӀетахь дуьйна цунах лацна хууш цхьа а хIума дац. ТӀечӀагӀбина боцчу хаамашца, иза йийна хила тарлуш йу.2024-чу шарахь Къилбаседа Кавказан республикашкара хаамаш кхочура доьзалехь ницкъ барх а, квир-адамаш хьийзорах а лаьцна: бакъонашларъярхойн хаамашца, гIело латтош, ЛГБТ-нахана Кавказан мехкашлахь. Цунах лаьцна дийцира тхан редакцига СК "SOS" кризисан тобанан куьйгалхочо Истеев Давида.








Пятна и сетки. Врач Колсанова рассказала, как бороться с проблемами кожи

Парад вулканов на Камчатке

Антитела альпак помогли ученым создать новые методы лечения рака

Гастроэнтеролог Садыков: аппендицит из-за семечек арбуза или шелухи подсолнуха — миф


AI talent comes at a 30% salary premium: ‘If you try to play catch up later, this is going to cost you even more’

Exclusive: Fintech giant Stripe building ‘Tempo’ blockchain with crypto VC Paradigm

Palestinian envoy urges action at UN: “History will judge us all”

Report: Liverpool decision hands advantage to Man United in midfielder pursuit


Northern Cardinal male - Красный кардинал самец

В Орле легковушка врезалась в многоэтажный дом

#вкимжевсегдахорошо

Хорошо в деревне летом...


Steam for Chromebooks is getting axed in 2026 instead of exiting its 4-year beta

The US Air Force wants to test blowing up Cybertrucks because 'it is likely the type of vehicles used by the enemy may transition to Tesla Cyber trucks'

Открыты сервера MMORPG ROM: Golden Age

New study shows that Gen Z is spending way less money on videogames than older gamers


Овочі можусть стати розкішшю для українців


Клинический психолог Юлия Тарибо: психологические последствия удаленной работы и способы их преодоления

Директор Росгвардии Герой России генерал Виктор Золотов принял участие в заседании Национального антитеррористического комитета

Платформа «DатаРу Облако» аттестована для работы с государственными данными и информацией повышенной категории

Солнечному мальчику необходимо лекарство, чтобы спасти сердце от перегрузок


Баста и его супруга задолжали за коммунальные услуги

КГ PROGRESS: дешевле всего россиянам лечить зубы в Оренбурге

Антиармянские публикации в российском научном журнале «Современная научная мысль»: расследование фонда «Гегард»

В Красноярске пьяный водитель протаранил машину ДПС при попытке скрыться


«Ростех» оценил автомат АК-12 в сравнении с ведущими штурмовыми винтовками

Московский суд взыскал с Басты долг по коммунальным платежам

Дорога на улице Трифоновской будет перекрыта до 22 августа

Пенсионер оказал участие в ограблении почтового отделения в Москве


Теннисист Медведев проиграл австралийцу Уолтону и выбыл из турнира Цинциннати

В Цинциннати остановили матчи ATP и WTA из-за пожара генератора

Кафельников: Бублик поносил ATP-250. Если бы не эти турниры, он бы «челленджеры» играл

Павлюченкова уступила 94-й ракетке мира на турнире WTA в Цинциннати


Продажи вопреки: реализация новостроек на прайс-агрегаторах в кризис

В Солнечногорской больнице начали работать два новых рентген-аппарата

На городские торги выставили четырехэтажное здание в ЦАО

Индийский маршал отметил ключевую роль системы С-400 как поворотного момента


Музыкальные новости

Фестиваль «Шаляпин. Рождение художника» пройдёт в Заповедных кварталах в конце августа

Дима Билан сплясал на крыше трактора в Ленинградской области

Продюсер "Лаского мая" Андрей Разин сделал Ярославской области царский подарок

«Мне имя мамы приносило больше проблем»: Рей, дочь певицы Глюкозы, рассказала в «Шоу Воли» про обидные сравнения с мамой


Всё об операциях на почках: показания, какие бывают и как проходят

Алгоритмы Яндекс Музыки. Алгоритмы продвижения в Яндекс Музыка.

Директор Росгвардии Герой России генерал Виктор Золотов принял участие в заседании Национального антитеррористического комитета

Клинический психолог Юлия Тарибо: психологические последствия удаленной работы и способы их преодоления


В России объяснили скорую организацию встречи Путина и Трампа

Алексей Чумаков выступит на крыше Roof Place. «Авторадио – Санкт-Петербург» дарит билеты

Здоровье Бориса Щербакова: обновленные сведения от научно-исследовательского центра имени Склифосовского

Продюсер "Лаского мая" Андрей Разин сделал Ярославской области царский подарок


Выбор подходящей франшизы автозапчастей

Baza: Мотоциклист попал в ДТП в Москве из-за нарушившего ПДД водителя

Быстрый старт в прибыльном бизнесе по продаже автозапчастей

Преимущества франшизы «Автополка»


Bloomberg: встреча Путина и Трампа сама по себе представляет победу Москвы

СМИ: американские чиновники рады решению Путина посетить Аляску

В России объяснили скорую организацию встречи Путина и Трампа

«Трампу надо соглашаться»: сейчас у Путина наименьшее количество требований за все время – итальянские СМИ




КГ PROGRESS: в Перми работают самые опытные стоматологи в России

Солнечному мальчику необходимо лекарство, чтобы спасти сердце от перегрузок

Здоровье Бориса Щербакова: обновленные сведения от научно-исследовательского центра имени Склифосовского

Подмосковный травматолог дал советы по выбору рюкзака для первоклассника


Зеленский пригрозил «третьей мировой войной» в случае давления на Киев в вопросе уступок территорий


Журова о возвращении граждан, сменивших гражданство: «Практически невозможно»

Благодаря совместным действиям сотрудников Росгвардии и их коллег футбольный матч «Акрон» – ЦСКА завершился без происшествий

Сотрудники и военнослужащие Росгвардии обеспечили безопасность футбольного матча

На пенсии отоспишься. 13 идей для ночного досуга в Москве — от тенниса до парилки


Лукашенко получил первую золотую монету из белорусского сырья


Собянин оценил вклад проектов "Город героев" и "Герой моего района

Собянин: Создадим условия для развития технологичных предприятий

Сергей Собянин: Герои — не какие-то особенные люди, они живут рядом с нами

Собянин объявил об открытии новой детской поликлиники в районе Крюково


Что подготовили в павильонах «Музеона» в рамках форума «Москва 2030»

Хватит морщиться: ученые назвали пользу от участившихся московских ливней

Орловская область планирует войти в число национальных туристических маршрутов с проектом «Бирюзовое кольцо России»

Погода сошла с ума? Главный синоптик России Вильфанд предупреждает: аномалий будет все больше - то в жар, то в холод


Баста и его супруга задолжали за коммунальные услуги

Симоньян заявила, что еще на третьем курсе вуза достигла «потолка в профессии»

На городские торги выставили четырехэтажное здание в ЦАО

Один из участников ограбления отделения почты в Москве — пенсионер, ему почти 68 лет


Орловская область планирует войти в число национальных туристических маршрутов с проектом «Бирюзовое кольцо России»

Беспроводной сканер штрих-кодов SAOTRON P05i промышленного класса

Универсальный ТСД промышленного класса Saotron RT-T40X V.2

Заместитель прокурора Архангельской области и Ненецкого автономного округа Павел Матанцев проверил ход ремонтных работ в школе № 1 г. Нарьян-Мара


Историко-краеведческая выставка «Древности земли крымской»

Прогноз погоды в Крыму на 13 августа

Прогноз погоды в Крыму на среду

Прогноз погоды в Крыму на 12 августа


Обломают зубы и сдохнут! «Ударим сразу вглубь Польши»: после атаки на Калининград НАТО уже не будет, даже «Орешник» не понадобится

Татарстан попал в топ-5 регионов по спросу на ипотеку

Global Times: российский «Буревестник» может изменить ядерный баланс в мире

Москвичам пообещали 25 градусов тепла к выходным














СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *