Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Июль
2025
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23 24
25
26
27
28
29
30
31

"Кхузахь ламасташ – урхалла ден гIирс бу": Нохчийчуьра зударшна керла дозанаш диттина

0

Нохчийчуьра Динан урхаллехь цхьаьнакхетар хилира зударийн духарш духкучу туьканийн а, хазаллин салонийн долахошца а, модин индустрин векалшца а. Бизнесхошка дийцира, муьлха реклама магош йу, духар муха гайта деза, муьлхачу кепехь болх бан бакъо йу моделашна, "дайн Iадаташ" а ца дохош. Хьаькамаша бахарехь, хазаллин а, модан а индустрихула "республикан имидж йохош йу", ткъа Iедалхой иза ца хилийта дагахь ду. Бизнесхошна официалехь варе дина - социалан машанашкара "товш йоцу" публикацеш дӀайаха аьлла. Цара йуха а низам дохийна меттиг нислахь, Iедалан векалша дош делла, таIзар кхин а тIе чӀагӀдийр ду шаьш аьлла. Тхан сайто теллира, хIун ду кхузахь билггал дуьйцург: ламасташ лардар ду, йа цхьаболчу нахана тIехь контрол латтор ду.

Соьлжа-ГӀаларчу туьканашка кхаьчна керла духарш гойтуш, реклама йар даьржина хиларан терго йира дуьххьара мехкан куьйгалхочун гоьнчан, кегийрхойн куратор волчу Сугаипов Амира. Соьлж-ГӀаларчу бизнесан долахошца цуьнан цхьаьнакхетар хилале хьалха дӀакъевлира масех зударийн духар духку туька – официалехь "социалан машанашкахь нийса йоцу контент хилар бахьана долуш".

Цул тIаьхьа Сугаиповс видео дIайазйира, зударийн духарш духкучу туьканийн а, хазаллин салонийн а долахошца кеста цхьанакхетар хир ду аьлла, дIакхайкхош. Цига кхачархьама WhatsApp месенджерехула дIайазйала йезара хIора а зуда. Ши де даьлча Кадыровн гIоьнчас керла ролик арахийцира: "ШолIга дIахьедар. КхозлагIа хир дац" аьлла. И кхайкхам бара цуьнан дуьхьарлера дIахьедар тергамза дитинчаьрга. Кхин а ши де хан йелира цо "хьал хийца".

И цхьаьнакхетар хилира товбеца-беттан 19-чу дийнахь. Сугаипов воцург, цигахь дакъалаьцначу хьаькамашна йукъахь вара муфтий Межиев Салахь а, къоман политикин а, арахьарчу зӀенийн а, зорбанан а, информацин а министр Дудаев Ахьмад а. Цара чӀагӀдора, и дехкарш бизнес йохо дагахь дина дац, амма "нохчийн халкъан синмехаллаш а, культурин мехаллаш а Ӏалашъйарна" лерина ду аьлла.

Кадыровн бIанакъосташа чӀагӀдора, шайн резадацар духарех хьакхалуш дац, уьш гойтучу кепах доьзна ду бохуш:"Бакъдерг аьлча, цара духарна реклама йац йийриг. Цара цкъа хьалха модель йолу йоI гойту йуьхьдуьхьал, тӀаккха агӀорхьара, тӀаккха букъа тӀехьара, съемка лахйеш цуьнан меллаша болар гойту. Оцу кепара реклама йеш йаьхна роликаш а оха дIайохуьйтур йу цаьрга социалан машанашкара", - элира Сугаиповс.

Зударий вовшахтохале хьалха, цо чIагIо йира, "аш сагатдан оьшуш дац", цхьанакхетаран видеосьмка йийр йац шаьш аьлла. Амма шолгIачу дийнахь социалан машанашкахь суьрташ а, видеош йаьржира оцу гуламера меттигерчу пачхьалкхан агенталлаша.Церан посташна бухахь - дуккха а оьзда йоцу комментареш йитира мехкан бахархоша, цигахь гулбеллачу зударийн сий дойуш.

Къаьсттина жигара йара божарийн аудитори: комментарешкахь Ӏедалан инициативана гӀортор а йеш, шайггара кхи а дан дезарг хьоьхура цара. Царна йукъахь ду - йохка-эцаран центрашкахь божарийн а, зударийн а туьканаш къастор, зударшна косметикан процедураш йар дехкар, ловзаршкахь тIелетта духарш лело ца магийтар, "блогершан тIаьхьабовлар", фитнес-центраш а, "зударшна божарийн месаш тойен" салонаш дIакъовлар, буьйсанна гIали йуккъехула буьлабелла лела мехкарий а совцабе бохура.

"Адам маьттаза доккху" хазаллин салонашШуьйра дийца а доккхуш, тIаьххьарчу шерашкахь Нохчийчохь масийттаза цхьацца хIуманаш дихкира. Бутт хьалха тIом болийра хазаллин салонашца, мехкан урхалхочо Кадыров Рамзана ма-аллара "адам маьттаза доккху". Цул тIаьхьа сацийра 40 сов косметикан салонийн болх – формалехь кехаташ нийса цахиларна аьлла, дIахьедира. Iедалхоша кхетийра цунах "бахархойн могушалла Iалашйархьама" а, гIиллакх-оьздангалла лардайта а дина хIума ду аьлла.

Адам "талхон салонашна" дуьхьал йолийна кампани йоллушехь, Нохчийчохь хазаллин рынкехь конкуренци лаккхара йуьсуш йу. Йерриг а республикехь схьайоьллуш йу керла салонаш. Редакцин хьостанаша дийцарехь, хазаллин процедураш йар чIогIа марзделла ду. Уггаре а гIарайевллачех йу ринопластика, маммопластика, глутеопластика, беснешна а, балдашна совсош пластика йар, ботокс йар а. И процедураш йойтуш йоккха харж а ца йолу, массара а пайдаоьцучех а йу уьш.

Нохчийчоьнан Ӏедалша кест-кеста тидам тӀебохуьйту зударша дакъалоцучу сферашна. 2015-чу шарахь Кадыровс кхайкхам бира цаьрга, силикон ма йеттийта шайна аьлла. 2024-чу шарахь хазаллин салонийн сервисашна реклама йеш болчу мехкарийн цIийнах болчу божаршна тIекхохкавелира иза: "Шу нах йац! Хиллехьара, шайн зударшка социалан машанашкарчу салонийн агIонашкахь церан суьрташ даржадойтур дацара аша".

Зазадокху-беттан йуьххьехь хазаллин салон дIакъевлинчех йу Луиза (цIе хийцина). Цо дийцарехь, иза шен зеделларг а долуш, лоьрийн дешар дешна косметолог йу. Цо чIагIдарехь, цуьнан салон цхьа а кхачамбацарш долуш йацара, тIаьххьарчу 12 шарчохь цо йина процедура йухахьа йаьлла цхьа а меттиг бац.

"Полисхой баьхкира со йолчу а. Суна болх бан доьхкуш цхьа а кехат ца делира сан кара, йа гайта а ца гайтира, бахьанаш ца дийцира. Хьайн хIума кху чуьра схьа а эций арайала, кхана дуьйна кху чу йуьтур йац хьо бохура соьга. Нагахь санна, шаьш аьлларг дохадахь, доккху гIуда тухур ду а элира", – дийцира Луиза.

Косметологин индустрехь болх бечу цуьнан накъосташа дийцарехь, цу кепара рейдаш меттигерчу массо а салонашкахь дӀайаьхьнера. Амма тхоьца къамел динарг цецйаьккхинарг дара, керла дехкар массарех а хьакхалуш ца хилар: "Сан доттагӀчун косметологин салон кхиндӀа а болх беш йу, лицензи ца хилар бахьана долуш цхьацца йолу процедураш тӀехьарчу чоьнашкахь къайлах дӀахьош йоллушехь. Суна хаьа, цара кхин бакъо а йоцуш цхьацца кегий операцеш а йой,– липосакци, блефаропластика а. Церан тIехIотта стаг хилла аьлла, тешна йу со, йа мах белла, кIелхьарайаьлла иза".

Нохчийчохь ма-дарра аьлча, гIиллакх-оьздангалла, дайн Iадаташ лардо а бохуш, дерриг а шайн контролехь латтош ду: мукъамаш, хелхарш,никъабаш лелор, йукъарчу хьесапехь зударийн куц-кеп, тойнашкахь видеош йахар. Доцца аьлча, муьлхха а керланиг, Кадыровна а, цуьнан накъосташна а хетарехь, "нохчийн менталитетца" догӀуш доцу. Амма дуьйцурш Iадаташ дац, харжам а беш, тӀехь Ӏуналла дар ду, боху республикерчу социолога (оха цуьнан цӀе йовзуьйтуш йац кхерамазаллин бахьанашца).

"Ламастехь догIуш доцург дехкарца цхьаьна йукъадоху нохчийн културана хийра долу ламасташ - масала, йерриг а Кадыровн администрацино хӀора шарахь зазадокху-беттан 8-чу дийнахь цуьнан ненан когашка зезагаш дахкар. Культ йаржорах а тера ду и, ламастех тера дац. Амма Iедалхошна и мегаш ду, цундела нийса а хета", – бохура къамелдечо.

ТӀаьххьара республикехь зударшна аьлла йукъадаьхна дехкарш "менталитетца" догӀуш цахиларца доьзна хиларх шек йу социолог. Цо дагадаийтира, Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоьӀан Кадырова Ӏайшатан долахь хилар модин Firdaws цIа а, дукха хан йоццуш цо иштта дӀакхайкхийна хилар а, Кавказехь уггаре а йоккха "Nebula" цӀе йолу спа-комплекс Соьлж-ГӀалахь схьайелларх лаьцна а, цигахь косметологин сервисаш а хир йу бохура.

"Нагахь санна косметологи боккъал а йихкина йелахь, хӀунда хьакхало и дехкар цхьаболчарах, амма кхечарах хьакхалуш дац? Иттаннаш, хила тарло уьш бIе а, нохчийн косметологаш луларчу мехкашка дIабаха декхаре стенна бу, шайн сом даккха? Ткъа оццу хеначохь Iедална гергахь болчийн салонаш махкахь болх беш йуьсу. Жоп гуш ду: иза ламастан гӀуллакх дац, къестамаш а беш, тIехь контрол латтор ду", - аьлла хета социологна.

Цхьаболчарна, шайн мах хилийтархьама, туьканашкахь зудаберашна тIехь духарш гайтар доьхку, ткъа оцу йукъанна Firdaws цӀе йолчу модан цӀийно гайтамаш дIахьо кест-кеста. Къамелхочо билгал ма-даккхара, цу цIийнера мехкаршна тIехь а ма хуьлу тIелетта духарш. Амма оцу хӀумано новкъарло ца йо йа кегийрхойн кураторна Сугаиповна а, йа муфтиятна а, йа ша республикан куьйгалхочунна а. "Низам массарах а хьакхалуш дац", - бохуш, кхетадо тхан хьостано.

Къестамаш беш бехкамаш бар – иза гIирс бу: цара Iедалхошна аьтто боккху шайн ницкъ дIагайта, инициатива охьатаIо, нахана тIехь терго латто, кхетийра Туркойчохь йехачу нохчийн юристо. Шайна тIехь цIано а, хазалла а латто мехкарчу зудаошна доьхку, ткъа "элито" шайн къайлах меттигаш схьайоьллу, и тоьхна дозанаш а ца лоруш.

"Нийсо йуьйцийла дуй вай, цхьаболчарна доьхкуш, вукхарна бакъо луш хилча? Низамах лаьцна дуьйцийла йуй вайн, и низам массарна а лерина дацахь? Нохчийчохь муьлхха а ламасташ дохо йиш йу - нагахь санна, Кадыровс йа цуьнан гоно иза леладахь. Ткъа хӀара ду хуьлуш долчун маьIна а: ламасташ кхузахь – культурин тIаьхье йац, урхалла даран гIирс бу. Уьш йукъадоху йа юкъарадоху, политикан Ӏалашоне хьаьжжина. Ткъа и саннарг дӀадоьдуш мел ду, муьлхха а дехкарш могӀарерчу нахах бен хьакхалуш хир дац, Ӏедалехь болчарех хьакхалуш дац", - аьлла, дIахьедира къамелдечо, шен цIе хьулйар а доьхуш.

Говзаллаш боцу сфераАмма, кхечу кепара хьажам а бу. Белгехь йолчу PeaceWomen Across the Globe ассоциацин декъан векало, бакъонашларъярхочо Газиева Фатимас дийцарехь, Нохчийчохь косметологин сервисаш "низамашца йац" аьлла дӀакхайкхор доьзна дац конкуренцица йа кхаьънаш дахарца, мелхо а, гӀиллакх-оьздангаллин хаттаршца а, и процедураш йийраш говзалла йоцу нах хиларца а доьзна ду. Цара латтош санитарин цIано а йоцуш, мух-мухха а беш болх бу и.

"Корматалла йоцчу стеган карахь нислахь, шен йуьхь тIера куц хийцина ца Iаш, и адам дала а йиш йу. Дера, массо а галволу, амма профессионалашкара и тайпа ледарло наггахь бен ца нисло. Селхана косметологийн йоца курсаш йаьхна зудабераш ду тахана социалан машанашкахь аккаунташ схьа а йоьллуш, "къонбала" зударий дIакхуьйкхурш, и ду доьхнарг", - бохура къамелдечо.

Цо бахарехь, Нохчийчохь схьайиллина бIеннашкахь салонаш а, цIахь йиллина кабинеташ а йу косметологин хьелаш кхачош. Амма церан долахой берриш а говзанчаш буй-те? – хеттаршка йуьйлу Газиева.

"Хууш ма-хиллара, оцу тайпана говзанчаша лахара мехаш а хIиттош, шайна тIеийзабо зударий. Амма ойла йан йеза: и процедураш йеш йолу препараташ чIогIа йеза йу. Ткъа Нохчийчохь лаххара мехаш ду хIиттош – хьан куьцан мах хуьлийла ма дац пхи эзар сом. Корматалла йолчу клиникашкахь и мах иттозза лакхара ма бу. ХIунда йу оццул йоккха башхалла? Жоп хала дац – лор-косметолог хIора шарахь мел лахара а Iаморан кхаа семинарех чекхволу – Iилма цхьана меттехь лаьтташ дац, керла кепаш йукъайовлу, керла препараташ а. Цхьана оцу тайпачу курсан мах 100 эзар гергга бу. Пхеа шарчохь цкъа шен сертификат тIечIагIдан декхаре йу и косметолог, цуьнан мах а хила тарло 100 эзар сом гергга. Цу тIе сертификаци йолу препараташ, кхинйолу оьшу материал – иштта вовшахкхеташ бу и лакхара мах", - кхин дIа а дийцира бакъоларйархочо.

Газиеван шеко йац, Нохчийчуьра косметологин кабинеташ дIакъовлар "гIиллак-оьздангаллин" хеттаршца доьзна хиларх. ХIетте а, бохура цо, оцу декхарша адамийн бакъонаш хьоьшу.

Республикехь косметологи а, моделийн бизнес а йехкаро юридикан агӀор онда хеттарш кхуллу низаман агIор хьаьжча, бохура тхан сайтаца къамел динчу юристо: "Низамаш лардечу лартIахь йолчу пачхьалкхехь ницкъаллин структураш тоххара тIаьхьайевлла хир йара Кадыровна".

ТӀаьххьарчу шерашкахь Нохчийчохь жигара кхуьуш ду бусалба дешар, иза гучудолу хьуьжарш, хьафизийн школаш алсамйовларца а, республике гӀарабевлла бусулба Ӏеламнах кхийкхарца а. Амма оцу процессана тӀехьа лаьтта, муфтиятан а, Ӏедалан а тӀеӀаткъамца йоьзна кхин а чолхе политикан а, йукъараллин а агӀонаш. ХӀунда кхуллу оцу гӀуллакхо говзанчашна а, динан дайшна а йукъахь тайп-тайпана жамIаш – сайтан материалехь.








Российский рэпер сжег кабриолет BMW прямо на сцене

Семейное приключение на «Кораблике Детского радио»

Парад вулканов на Камчатке

Клинический психолог Юлия Тарибо: психологические последствия удаленной работы и способы их преодоления


Exclusive: Fintech giant Stripe building ‘Tempo’ blockchain with crypto VC Paradigm

Report: Liverpool decision hands advantage to Man United in midfielder pursuit

Palestinian envoy urges action at UN: “History will judge us all”

3 Terrifying Horror Series To Watch Ahead Of HBO’s ‘It: Welcome to Derry’


Грачья Погосян: достойный пример гуманизма и патриотизма (к 55-летию известного благотворителя)

Northern Cardinal male - Красный кардинал самец

В Курске суд постановил возместить расходы, которые инвалид понёс на покупку дорогостоящего лекарства

Стражи курортов


Открыты сервера MMORPG ROM: Golden Age

Steam for Chromebooks is getting axed in 2026 instead of exiting its 4-year beta

Первый взгляд на мобильную версию Neon Spellstorm

New study shows that Gen Z is spending way less money on videogames than older gamers


Овочі можусть стати розкішшю для українців


Солнечному мальчику необходимо лекарство, чтобы спасти сердце от перегрузок

Преподаватели Подмосковья первые в России подтвердили свои ИТ-компетенции у независимого эксперта «Группа Астра»

Всё об операциях на почках: показания, какие бывают и как проходят

Директор Росгвардии Герой России генерал Виктор Золотов принял участие в заседании Национального антитеррористического комитета


Семейное приключение на «Кораблике Детского радио»

В Челябинске задержали три авиарейса в Сочи, Казань и Москву

РИА Новости: суд в Москве взыскал с Басты долг по коммунальным платежам

В Тимирязевском районе Москвы появится новый дом по программе реновации


Москвичам пообещали 25 градусов тепла к выходным

В Новосибирске обсудят, как выстраивать коммуникацию с аудиторией так, чтобы вас слушали

Землевладелец из Торжокского района оштрафован за неисполнение предписания Россельхознадзора

Астрологи рассказали, как правильно загадывать желание, чтобы оно сбылось


Хачанов достиг третьего раунда теннисного турнира «Мастерс»

Павлюченкова уступила 94-й ракетке мира на турнире WTA в Цинциннати

В Цинциннати остановили матчи ATP и WTA из-за пожара генератора

Вероника Кудерметова в третьем круге турнира WTA: победа в Цинциннати!


Девять клипов подряд: группа REFLEX планирует установить мировой рекорд

В Тимирязевском районе Москвы появится новый дом по программе реновации

Детские травмы после инцидента с дроном в Белгороде оказались необоснованными

На городские торги выставили четырехэтажное здание в ЦАО


Музыкальные новости

Концерт к 100-летию со дня кончины святителя Тихона дадут в Псковском кремле

Рыбачка из ЯНАО Иванова уехала за мечтой на Каму, а исполнила в Тюмени. Фото

Mash: врачи призвали Александра Розенбаума бросить курить

Дима Билан сплясал на крыше трактора в Ленинградской области


Директор Росгвардии Герой России генерал Виктор Золотов принял участие в заседании Национального антитеррористического комитета

Всё об операциях на почках: показания, какие бывают и как проходят

Преподаватели Подмосковья первые в России подтвердили свои ИТ-компетенции у независимого эксперта «Группа Астра»

Алгоритмы Яндекс Музыки. Алгоритмы продвижения в Яндекс Музыка.


Сергей Собянин: С 2011 года в Москве привели в порядок более 90 км набережных

В Москве завершается основной этап благоустройства набережной у метро «Спартак»

Суд вынес решение о выплате рэпером Бастой долга по коммунальным платежам

Ургант отпустил шутку про работу на Первом канале


Выбор подходящей франшизы автозапчастей

Отзывы о франшизе «Автополка»

Быстрый старт в прибыльном бизнесе по продаже автозапчастей

Преимущества франшизы «Автополка»


Bloomberg: встреча Путина и Трампа сама по себе представляет победу Москвы

СМИ: американские чиновники рады решению Путина посетить Аляску

«Трампу надо соглашаться»: сейчас у Путина наименьшее количество требований за все время – итальянские СМИ

В России объяснили скорую организацию встречи Путина и Трампа




КГ PROGRESS: в Перми работают самые опытные стоматологи в России

Здоровье Бориса Щербакова: обновленные сведения от научно-исследовательского центра имени Склифосовского

Клинический психолог Юлия Тарибо: психологические последствия удаленной работы и способы их преодоления

Подмосковный травматолог дал советы по выбору рюкзака для первоклассника


Зеленский пригрозил «третьей мировой войной» в случае давления на Киев в вопросе уступок территорий


На пенсии отоспишься. 13 идей для ночного досуга в Москве — от тенниса до парилки

Благодаря совместным действиям сотрудников Росгвардии и их коллег футбольный матч «Акрон» – ЦСКА завершился без происшествий

«Лето в Москве» в Южном округе объединит спорт, искусство и технологии в ближайшие выходные

Сотрудники и военнослужащие Росгвардии обеспечили безопасность футбольного матча


Лукашенко получил первую золотую монету из белорусского сырья


Собянин оценил вклад проектов "Город героев" и "Герой моего района

Сергей Собянин. Главное за день

Сергей Собянин: Герои — не какие-то особенные люди, они живут рядом с нами

Собянин объявил об открытии новой детской поликлиники в районе Крюково


Орловская область планирует войти в число национальных туристических маршрутов с проектом «Бирюзовое кольцо России»

Площадь возгорания на горе Куцай достигла 650 тысяч квадратных метров

Хватит морщиться: ученые назвали пользу от участившихся московских ливней

Что подготовили в павильонах «Музеона» в рамках форума «Москва 2030»


Прогноз погоды на сегодня, 13 августа

Когда ударят первые морозы: подробный и точный прогноз на осень-2025

В Тимирязевском районе Москвы появится новый дом по программе реновации

Девять клипов подряд: группа REFLEX планирует установить мировой рекорд


Беспроводной сканер штрих-кодов SAOTRON P05i промышленного класса

Орловская область планирует войти в число национальных туристических маршрутов с проектом «Бирюзовое кольцо России»

Универсальный ТСД промышленного класса Saotron RT-T40X V.2

Заместитель прокурора Архангельской области и Ненецкого автономного округа Павел Матанцев проверил ход ремонтных работ в школе № 1 г. Нарьян-Мара


Прогноз погоды в Крыму на 11 августа

Историко-краеведческая выставка «Древности земли крымской»

Прогноз погоды в Крыму на 13 августа

Прогноз погоды в Крыму на 12 августа


Астрологи рассказали, как правильно загадывать желание, чтобы оно сбылось

Девять клипов подряд: группа REFLEX планирует установить мировой рекорд

Землевладелец из Торжокского района оштрафован за неисполнение предписания Россельхознадзора

В Новосибирске обсудят, как выстраивать коммуникацию с аудиторией так, чтобы вас слушали














СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *