Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Октябрь
2025
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15 16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31

"Кхузахь а бале бевли-кх цунна". Нохчийчуьра йоI Ереванехь йийна

0

Масех дийнахь лехначул тӀаьхьа Ереванехь йийна схьакарийна Нохчийчуьра 23 шо долу Баймурадова Ӏайшат. Цунна бевза-безачара дийцарехь, иза цIера дӀайаханера, махкахь лелачу "йукъараллин низамашца а, бакъонашца а йаха ца лууш", Эрмалойчохь "керла дахар дӀадоло дагахь". Цунах лаьцна кIорггера дуьйцу кху материалехь.

2024-чу шеран гIура-беттан 12-чу дийнахь Баймурадовас дуьххьара гӀо дийхира бакъонашларъярхошка. Цо дийцарехь, жимчохь дуьйна доьзалехь ницкъ беш хилла цунна тIехь: йетташ, цуьнан лаамаш тергал ца беш, бакъонаш а талхош хиллера. Нана йоцуш кхиъна Ӏайшат – дуьненчу йаьлла кхоалгIачу дийнахь цуьнан дас шен ненан карара йаьккхина, зуда дIайахийтина хиллера, йоI шеца а йуьтуш. Дукха хан йоццуш бен карийна а ца хиллера Iайшатана шен нана.

Цуьнан ткъа шо кхаьчча, Ӏайшатан дас маре дIайелла хиллера иза 29 шо долчу, цунна йахале хьалха кхузза бен гина а воцчу жимчу стаге. Цуьнга хоттуш хIума а доцуш, дас бертаза йахийтина хиллера иза, дукха хьолахь регионерчу доьзалшкахь нислуш ма-хиллара. Баймурадова дукха хан йалале дӀасакъаьстира, кӀант а винера цо.

"CK SOS" кризисан тобано а, доьзалехь ницкъ лайначарна гӀо дечу "Марем" центран бакъонашларъярхоша а цхьаьна болх а беш, 2025-чу шеран гIуран-беттан 22-чу дийнахь Ереване дехьайаьккхира Iайшат, цунна кхераме йоцчу меттиге.

Бакъонашларъярхочо, "Марем" центр кхоьллинчу Анохина Светланас тхан редакцица хиллачу къамелехь ма-дийццара, доьзалехь ницкъ бина зудабераш республикера арадаьхначул тIаьхьа, царна шина баттахь гӀо латтадо, цкъацкъа цхьа башха хьал нисделлехь, кхаа баттахь а. Оцу муьрехь кхачанца а, хӀусамца а, кхин а оьшуш йолу харжашца гӀо латтадо организацино.

"Оцу муьрехь стаг меттаван веза, нагахь санна, оьшуш хьал нисделлехь, оха психологин гIо а латтадо царна, тхайн бевза-безачу нахехула уьш балха а хIиттабо. Ткъа и стаг тхан программи йукъара ваьллачул тIаьхьа, иза кхин дIа тхан Ӏуналлехь вац", - бохуш, кхетийра Анохинас.

Адаптацин курс чекхъйаьккхинчул тӀаьхьа цхьаннах йозуш йоцуш йаха йолайелира Баймурадова. Нехан хӀусамаш чохь цIано йеш болх карийна, ша шена хене йала рицкъ латтош, йехаш хиллера иза.

Анохинас дийцарехь, Ӏайшатан гӀуллакхехь "кхераме факторш" аьллачу могIарехь билгалдаьккхина дара: "Ӏедалехь белхаш беш гергарнаш бу; ницкъаллин структурашкахь а гергарнаш бу; гергарчийн карахь лелош герз а ду". ЙоьӀан да хьалха ницкъаллин структурехь гӀуллакх деш хилла ву. Бакъонашларъярхошца хиллачу къамелашкахь Баймурадовас, цара дийцарехь, олуш хиллера, шен денана Нохчийчоьнан хиллачу президентан, Кадыров Рамзанан ден Кадыров Ахьмадан шича хилла бохуш.

Ша цIера йеддачул тӀаьхьа социалан машанашкахь шен дахарехь хилларг дуьйцуш, посташ хIитто йолайелира Iайшат.

"Оха луьра дӀахьедо тхаьш цIера бовдуш гIо дечу массо а мехкаршка, цхьанна тӀаьхьакхиа уггаре а атта некъ бу -цуьнан социалан машанашкахула иза таллар: "ЧӀогӀа ларлуш хила!" Амма цунна мехала дара 23 шарахь шена чохь латтийна и боллу бала бийцар, ткъа цунна коьрта дара, и шен цӀарца, шен йуьхь дIа а гойтуш, дар", - боху Анохинас. - Шен тӀаьххьарчу цхьана хаамехь цо йаздира, ша бакъонашларъярхо хила лууш йу, зударшна гӀо дан лууш йу, ткъа иза нахана ша йуйла а хоуьйтуш бен дойла йацара. Вуьшта аьлча, иза шен мисси йу аьлла хетара цунна: ша нохчи хилар дIагайтар, ша ишттачу доьзалера хилар дIагайтар, ша ца кхоьруш хилар дIагайтар – ша кIелхьарайаьлла хилар дIа а хоуьйтуш".

Цул совнаха, бохуш дуьйцу Анохинас, йеддачу йоIа шен да Ӏоравоккхур ву аьлла, кхерамаш тийсинера, гуш-хезаш критика йора Нохчийчуьра муфтиятна а, меттигерчу божаршна а, исламна а. Иза кхеташ йара, шена кхераме хиларх, цо дуьйцура социалан машанашкахь кхерамаш туьйсуш йаздо шега бохуш.

ГIадужу-беттан 15-чу дийнахь Баймурадован накъосташа хаам бира полице иза йайна аьлла; 31 шо долчу Иминова Карина цӀе йолчу зудчунца цхьанакхета йаханера иза. Цхьа хан йаьлча доттагIашца зIенера йаьллера иза. Цул тӀаьхьа масех де даьлча Iайшатан дакъа карийра Ереванера цхьана петар чохь. Билггал иза йерна Карина бехкехиларх лаьцна, хууш дац цкъачунна. "Кхелан экспертизаш йеш йу, хьелаш къастош ду, хьалхара таллам дӀахьош бу", - аьлла, дIахьедира полицино.

"Нана йоцу Кавказ" адамийн бакъонашларъяран проектан куьйгалхочунна Михальченко Лидияна хетарехь, Баймурадова са дукъийна йийна хила тарло. CK SOS компанин пресс-секретаро Мирошникова Александрас и информаци "деккъа эладитанаш" ду элира, шена хетарехь, боккъал а "йийначух тера" ду аьлла, билгалдоккхуш.

Анохинас дийцарехь, Iайшатана Иминова йевзина хиллера мангал-бутт бовш йа гезгамашин-беттан йуьххьехь. Иминовас инстаграмехь йаздинера цуьнга, иза йовза лууш, цхьаьнакхетий вайша аьлла. Бохам хиллачу дийнахь дуьххьара гуш йацара и шиъ: Ӏайшата шен накъостий а цхьаьна бовзийтинера Каринина, ткъа Iайшат масийттазза хиллера важа йехачу квартирехь а. Цига бахана а хиллера тӀаьхьо Iайшатан доттагӀий, иза йайначул тӀаьхьа. Ма-дарра гучуделира тIаккха: цхьанна а ца хаьара Иминова мила йу.

"Iайшат тешо хала дацара. Иза чIогIа хабаре, адам дезаш йоI йара. Спорте лелаш йара иза, боксах лата Iемаш. Цунна луург – къийсамхо хилар дара", - кхин дIа дийцира Анохина Светланас.

Баймурадова йайначул тӀаьхьа гучудаьлла, цунна йевзачу "Каринин" социалан машанашкара агIоне йазбелла нохчийн куьйгалхочун гонера нах хилар. Бакъонашларъярхошна хетарехь, иза фейк-аккаунт хиллера, и йоI лаца Iалашонца кхоьллина.

"Цо [Иминовас] шен бевза-безачаьрга дийцина хиллера, ша цIера Дагестанера йу бохуш, амма Карина ГIиргIазойчохь йина йу, Дагестанца йоьзна а йац. Машен лелочу хенахь низамаш дохорна цунна диттина гӀуданашка хьаьжча, Карина Нохчийчохь хилла йу. Иминова иштта зӀене йолуш хилла Нохчийчуьра дIабахначу кхечу нахаца а, цаьрга а бохуш хиллера цхьана кхетийта. Iайшат йайначул тIаьхьа дуьйна зIенехь йац Карина. ТӀаьхьо цо шен WhatsApp-ра аккаунт дӀайаьккхира. Иминован инстаграмерчу агӀоне йазйелла йу Мицаева Рубати- Ичкерин арахьарчу Iедалан премьер-министран Закаев Ахьмадан хилла векал йу иза", - билгалдоккху "СК SOS" тобано.

Ӏайшата ца йехнера Эрмалойчоьне йа политикан тховкӀело а, йа ша ларъйар а ца дехна хиллера, дийцира тхан редакцига, шен цIе хьулйар доьхуш, Эрмалойчуьра жигархочо, йоьIаца гергарло лелош хиллачу цуьнан доттагIчо. Цо дийцарехь, иза маршо йезаш, шен дахар шена ма-хетта дӀадахьа лууш адам дара.

"Сан цуьнах лаьцна ойла муха хилира аьлча, цхьа шен хьежамаш болуш, нохчийн йукъараллица уьйр йоцуш йара иза, цундела ойла хиллера цуьнан цIера дIайаха а. Суна хаьа, кхузахь, Эрмалойчохь, шена луъучу кепара йаха йиш йара цуьнан. Амма, халахеташ делахь а, кхуза а цунна тIаьхьа кхаьчнера уьш", - дийцира жигархочо тхан сайте.

Цо тӀечӀагӀдира, Ӏайшат бакъонашларъйаран организацеша гӀо а деш, цIера арайаьлла хилар а, цул тӀаьхьа ша шена напха а доккхуш, йехаш хилар а. Цунна цхьа а кхерам боцуш санна хетара, мел хIуъа дийцича а, тхуна хаалуш бацара и кхерам.

"Кхеташ ду, цуьнан санна долчу хьелашкахь кхерамаш тийсар шен чулацамехь хилар, - билгалдоккху Баймурадован хиллачу доттагӀчо. - Тхуна хаьа, и тайпа нах кест-кеста нуьцкъала Оьрсийчу йухаберзош хилар; Гуьржийчуьра а, кхечу республикашкара а хилла гӀуллакхаш хууш ду. Суна хӀумма а ца хаьара, цунна хьалха лаьтташ хиллачу билггалчу кхерамах лаьцна, амма ша кхерам даима а бу, халахеташ делахь а, зудаберийн дахарехь и кхерам даим а болуш бу. Уьш бехачу меттигашкахь долу хьал ду и".

Ереванерчу жигархочо дийцарехь, Ӏайшат йийча чIогIа новкъадеанера меттигерчу йукъараллехь: социалан машанашкахь а, хаамийн гӀирсашкахь а цунах лаьцна чIогIа дуьйцуш ду.

"Меттигерчу бахархойн бIаьргашчухула хьаьжча, цо хӀумма а ца дина. Амма массо а Кавказан республикашкахь долчу хьелашка ладоьгIча – суна хетарехь, цхьанна а луур дацара цигахь нисвала",- бохура жигархочо. Иза тешна ву, Эрмалойчоьнан низамхоша шайга далург дерриг а дира йоӀ лохуш, бакъонашларъярхой а жигара хьоьвзира аьлла, амма тIаьхьа дара, бохура цо.

Халахеташ делахь а, Баймурадова Iайшатаца нисделларг- дуьххьара хилла хIума дац. ТӀаьхьарчу шерашкахь Къилбаседа Кавказехь, къаьсттина Нохчийчохь, доьзалехь ницкъ барх кӀелхьара а бевлла, шайн дахар дIанисдан гӀерта зударий гергарчара нуьцкъала цӀаберзош меттигаш гучуйовлу.

Дукха хан йац Сулейманова Седа йайна. Шена ца везачуьнга маре йаха ца лууш, цIахь хаддаза девнаш латтар кӀордийна, цӀера йеддера иза. Петарбухахь йехаш Iара, болх а карийнера цунна, амма 2023-чу шеран марсхьокху-баттахь нохчийн ницкъаллин структурийн гӀоьнца бертаза гергарчара цӀа йигира иза. Цул тӀаьхьа цхьа шо ах шо даьлча бакъонашларъярхоша хаам бира, тӀечӀагӀбина боцчу хаамашца, Седа гергарчара йийна, иза йаьхначу эвлара кешнел арахьа дӀа а йоьллина аьлла.

Ӏайшатан а, Седин а кхолламаша гойту, цу тайпачу хьелашкахь зударийн ларар, пусар дар мел ледара дуьсу. Бакъонашларъярхочо Анохинас харцдо Баймурадова Ӏайшат нохчийн ламасташ "талхорца" доьзна йийна, йа "сий лардеш" йийна бохург:"Седа [Сулейманова], вайна дагадогӀуш ма-хиллара, йийна шен нене, ша маре йоьдуш йу оьрсийн кIанте аьлла, дийцинчул тӀаьхьа. Ткъа Iайшатах Iоттаделларг суна хетарехь, цо йитина комментареш бахьана долуш ду. "Сий лардеш" вуьйриг оцу адаман гергарчийн карах нислуш ду, амма кхузахь йоӀ йийна, цо шога дIахьедарш дарна".

Зударшка болчу хьежамашца доьзна долу и хьал Къилбаседа Кавказехь хилла ца Ӏаш, йерриг а Оьрсийчохь а даьржина ду аьлла, билгалдаьккхира къамелдечо.

"2017-чу шарахь доьзалехь ницкъ барна декриминализаци йинчул тӀаьхьа, пачхьалкхан куьйгалхочо адамийн дахарца а, Ӏожаллица а шена хеттарг лелош, тIемаш бохуш, шен бахархой цига дIахьежош, система дIахIоттийра. Муьлхха а гӀаттам, къаьсттина зударша бинарг, луьра йукъахбоккху", - билгалдоккху Анохинас.

Сулейманова Седа, Баймурадова Iайшат… Кху тIехь доьрзур дуй-те аьлла, шега хаьттича, йехха йист ца хуьлуш а Iийна, бакъоларйархочо жоп делира: "Суна лаа-м ца лаьа кхин дIа цунах лаьцна ала…ХIунда хир йара и шиъ тIаьххьара? Ишта хир ду аьлла хета, цхьа бух бу? Йа иза йийнарш лецна, царна таIзар дина? Iайшат йийначу буса Эрмалойчуьра дIабахана, маьршабевлла и нах".

• Доьзалехь ницкъ барх а, даим а шена тIехь контрол латторна а йедда Авторханова Лаура Тбилисехь лачкъийна, Нохчийчу цIа йига гIоьртира цуьнан гергарнаш. Йукъаралло гӀовгӀа йаьккхинчул тӀаьхьа Гуьржийчоьнан полицино теллира хьал, тIаккха новкъарло йира иза лачкъорна.

• 2023-чу шеран лахьан-баттахь Эрмалойчоьнан полицино лаьцнера 21 шо долу ГӀалгӀайчуьра йахархо Зурабова Фатима, шена цIерачара йеттар бахьана долуш йедда йахна хиллера иза. Цуьнгара телефон схьайаьккхинера, бертаза девешица, "Цхьааллин Оьрсийчоь" партехь волчу Зурабов Юсупца цхьанакхетийтира иза.

• Доьзалехь ницкъ бар бахьана долуш цIера йедда нохчийн йоI, 24 шо долу Солтаева Эльза лаьцнера Казахстанехь. Ша цIахь бале лаьцна хиллачу гергарчу нахаца цхьанакхета йига гIиртинера иза бертаза.















Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *