Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Декабрь
2025
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23 24
25
26 27
28
29
30
31

КадыровгIеран керла мидалш а, Басаевн гIаттамхо лацар а. КIиранан жамIаш

0
КадыровгIара санна хьалххе доьзал чуберзо беза аьллачу Путинна реза бац бакъонашларйархой, нохчийн куьйгалхочо шен кIантаца дIасахийцина мидалш, Басаев Шемалан "тобанехь хилла" стаг лацар. Цунах а, и доцчух лаьцна шуна дуьйцур ду Маршо Радионо хIора кIиранах арахоьцучу 127-чу подкастехь.
YouTube
Spotify
Overcast
Amazon
Audio


Кадыровн бераша хенал хьалха доьзалш кхоллар а, бакъонашларъярхоша йен критика аКадыров Рамзанан доьзалера масал а оьцуш, шайн берашка хьалххе доьзалш кхоллийта аьллачу президентан Путин Владимиран дешнашна ца тайна бакъонашларъярхошна. Къилбаседа Кавказехь и тайпа захалонаш дукхачу хьолехь нуьцкъала деш хуьлу, ткъа цу доьзалашкахь зударшна тIехь ницкъбо, цаьрга хало хьоьгуьйту аьлла, билгалдаьккхина цу регионехь болх бечу йукъараллаша. Дукха хьалхе кIантана зуда йалор, йоI маре йахийтар "баккъалла а нийса" ламаст ду, "дика гIиллакх" ду аьлла, дIахьедира Путина шен йоьдучу "дуьххьалдIа эфирехь" дечкен-беттан 17-чохь. Цо масал далош хьахийра "Кавказан халкъаш", къаьсттина КадыровгӀеран доьзал билгалбоккхуш: "Церан хIусамера зудабераш дукха хьалхе маре а доьлху, ткъа божаберашна зударий балабо" бохура президенто.
Кадыров Рамзана шен кхаа кӀантана церан 17 шераш долуш зударий балийна хилар, билгал ца даьккхира Путина. Ткъа шайн мел хенаш йолуш Кадыровн йоьIарий нехан цIентIе бахана, хууш дац, х1унла аьлча, къайлах дира церан захалонаш.
Официалехь Оьрсийчохь зуда йало а, йоIана маре йахар а магийна ду церан 18 шо кхаьчначул тIаьхьа. Масала, нускал доьзалхочух хилча, и барам лахбан йиш ю муниципалан Ӏедалхойн пурбанца, 16 шаре кхаччалц.
"SK SOS" кризисан тобано дӀахьедина Къилбаседа Кавказехь "зудабераш дукха хьолахь бертаза, уьш кегий болчу хенахь маре оьхуьйту" аьлла. Ишта кхоьллинчу доьзалашкахь дукха хьолахь зударшна тIехь нийкъбо церан сина а, дегIана а, къоьлла а хьоьгуьйту цаьрга бохуш, чIагIдо AD REM тобанан векалша а.
Бакъонашларъярхоша масална хьахийра Ереванехь йийначу Нохчийчуьра йеддачу Баймурадова Iайшатан гӀуллакх. Маре йаха иза кийча йоццушехь, цуьнан дехоша билгалваьккхинчу 29 шо долчу стаге маре йаха декхаре йира иза.
Иштта "SK SOS" тобано дийцира цунах терачу кхин а шина кхолламах лаьцна. Масала, "цхьа йоI, цо ворхI класс чекхйаьккхинчул тIаьхьа нуьцкъаша маре дIайелла хиллера шел а исс шо воккхачу стаге, дукха ца Iаш и захало доьхнера" боху. ШолгIа дийцар ду Нохчийчуьра кхечу йоIах лаьцна, иза цуьнан "15 шо долчу заманчохь 30 шаре ваьллачу стаге маре йахийтинера, цул тIаьхьа хIусамдас дихкинера, боху, цунна деша, бехкейинера цо къола дина аьлла, Iазап латтош хиллера цуьнгахь".
Бертаза ша маре йала хьовзийча, цIера йеддера боху бакъонашларйархоша Сулейманова Седа а. Санкт-Петербурге дIа а йахана, цигахь балха а хIоььттина, шена везачуьнга маре йаха кечлуш хиллера иза. 2023-чу шеран аьхка цуьнан нах тIаьхьа а баьхкина, бертаза цIа йигина хиллера йоI. Цул тIаьхьа цу йоIах лаьцна хаам боцу хIинца ши шо сов хан йу.
БерхIийтта шаре йаланза йоI маре дIалучу хенахь, цунна цхьана а агIор шайн гIо дан йиш йац бохуш, дийцира "СК SOS" кризисан тобанан пресс-секретарь йолчу Мирошникова Александрас.
- Ишта хIума долуш ду, нохчийн Iедалохоша магош ду, къаьсттина Кадыровс ша. Нохчийчуьра бахархошца цо лелош йолу цуьнан политика бахьана долуш и тайпа захалонаш алсамдуьйлу. Шайн берхIийтта шо а кхачале, шаьш цхьанга маре дала хьийзадо бохуш, йаздо тхоьга орца доьхучу мехкарша. И тайпа гIуллакхаш кхочушдан тхуна Iаламат чолхе ду, 18 шо кхачаза долчу адамна тхан гIо дойла йац, хIунда аьлча, бакъоларйарйархошна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх даккха тарло "бер лачкъор" аьллачу артиклехула.
Доьзалехь гIело латточу зударшна гIо дечу "Марем" тобано тидам тIебахийтира, хьалхо Кадыров Рамзан хенал хьалха захалонаш дарна дуьхьал хиларна. 2014-чу шарахь цо дихкира имамашна школехь доьшуш долчу берашна йукъахь там-мах бар. Цуьнан бахьана дара муфтиятера комиссино дина жамӀаш. Цара билгалдаьккхира ах сов къаьсташ болу хIусамнаной а, цIийндай а хенашна жима хилар.
ХIетте а цунах новкъарло ца хилира Кадыровна шен кIенташна уьш кхиазхой болчу хенахь зударий балош. Лач кхаьчначу хаамашца, Кадыров Элин 14 шо бен дацара боху, цунна зуда йалочу хенахь.
Нохчийчохь совгIаташ дIасахийцарНохчийчохь йуха а рогIера совгIаташ дIасадекъар нисделла, хIинца уьш делира "спортехь гIуллакхаш дарна" аьлла, билгалдоккхуш. "Спортехь кхиамаш бахарна" аьлла, сийлахь совгIат дира Кадыров Рамзанна, и ду хьуна цо ша йукъадаьккхина. И совгӀат цунна дIаделира, стохка нохчийн куьйгалхочо республикан спортан министр хӀоттийначу цуьнан кӀанта- Ахьмада. Цунна дуьхьал 20 шо долчу министрна цуьнан дас "Нохчийн Республикин Президентан Кадыров Ахьмадан" цIарах мидал йелира.
Кадыров Ахьмада бахарехь, цуьнан дена "спортехь кхиамаш бахарна" аьлла мидал йелла, цо "спорт кхиорехь доккха дакъа лацарна". Ткъа цунна и совгIат дахьара аьлла, дехар динера боху Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIанта урхалла дечу йоллу министралло. 20 шо долчу министрна хIун динчунна йелла "Кадыров Ахьмадан" мидал - дуьйцуш дац.
"Шеран спортхо" ву аьлла, цу барамехь дIакхайкхийра Нохчийчоьнан урхалхочо хьалхаваьккхина лелош волу, ийначу кепехь латархо, кху шарахь UFC-н йуккъерчу йозаллин чемпион хилла Чимаев Хьамзат. Официалехь Цхьаьнатоьхначу Ӏаьрбийн Эмиратийн цӀарах дакъалоцу цо летаршкахь. Кадыров Рамзана дӀахьедарехь "ММА-н дуьненахь кхузаманан спортан элитан гӀараваьлла векал ву" иза.
"Спортехь кхиамаш бахарна" совгIат дина ца Iа Кадыров Рамзанна кху шарахь. Масала, дечкен-баттахь, Соьлжа-ГIаларчу "Грозный-Сити" комплексана дронаша тIелатар динчул тIаьхьа, Росгвардин директоро Золотов Виктора мидал йелира цунна "ТIамехь билгалваларна" аьлла. Билгал ца даьккхира цо, и хIун динчунна йелла Кадыровна.
Ткъа аьхка Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Оьрсийчоьнан архитекторийн лаккхара совгIат дира "архитектурин декъехь лаккхара кхиамаш бахарна, архитектурин а, гIишлошйаран а мехала проекташ йарна а, иштта гIала кхиорехь доккха дакъа лацарна а" аьлла.
ФСБ-но лаьцна Басаевн тобанехь хилла декъашхо1999-чу шарахь Ичкерин тIеман буьйранчаш Басаев Шемал а, эмир Хаттаб а коьртехь волчу тобанхошца Дагестане вахна аьлла, шеконаш йолуш кхин а цхьа декъашхо лаьцна шаьш аьлла, хаамбина Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша. Иза бехкехиларх цхьа а тоьшалла далош дац. Лаьцнарг ву 43 шо долу Яипкаев Ӏалиби. Цунна бехке дуьллуш ду бандитийн тобанехь дакъалацар а, герзаца гӀаттам бар а, тӀеман эскархой байа гӀортар а. Ставропол-махкарчу Нефтекумскехь лаьцна иза.
Бехктакхаман гӀуллакхах лаьцна кхин кIорггера хууш хIума дац, ишта дуьйцуш дац лаьцначун адвокаташна хетачух а.
Дагадоуьйту, Басаев Шемалан а, Хаттабан а тобанаш Дагестане йаьхкира Нохчийчоьнан дозанера. 1999-чу шеран гезгмашин-беттан 15-хь дуьйна тIеман тийсдаларш хилира цигахь, дуьххьара Ботлихан, цул тIаьхьа Новолакскан а кIошташкахь.
Ала догIу, 1990-2000-шерашкахь федералан эскархошна дуьхьало йарна жоьпалле ийзабо, шайн декъехь, амнистий елла болу нах а цхьаьна. Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайна тIехь Iазапаш лелош, бехкаш тIелоьцуьйту шайга, олий.
Азербайджанан кеманахь беллачарна хIоллам хIоттийна Соьлжа-ГIалахьОьрсийчоьнан ПВО-н системо дина тохар бахьана долуш, доьхна чудоьжначу "Азербайджанан авиакомпанин" кеманахь хIаллакхиллачарна лерина хӀоллам схьабиллина Соьлжа-ГIалахь. Алиев Гейдаран цIарах йолчу майданахь схьабиллира хӀоллам, цигахь дакъалоцуш вара Азербайджанан цIарах Оьрсийчохь векал волу Мустафаев Рахьман.
2024-чу шеран дечкен-баттахь Азербайджанан авиакомпанин Embraer 190 кема охьадоьжнера Казахстанерчу Актау олучу меттигна гергахь. Кеманчохь хиллера 67 стаг, царех 38 веллера. Бакура Соьлж-ГӀала доьдуш хиллера и кема, амма Оьрсийчоьнна тӀехула хӀаваэхь дохийра. Азербайджанан президент Алиев ИльхIам а вара хӀетахь Оьрсийчу воьдуш, амма кема чудоьжна аьлла, шега кхаъ ма-кхоччура, йухадерзийра цо шен кема.
ШолгIачу дийнахь Reuters, Euronews гIирсаша Бакура хьасташна тIетевжина хаамбира, кема Оьрсийчоьнан ПВО-н системица дохийна хиларх. Оьрсийчуьра цхьахйолчу аэропортехь кема охьадосо бакъо ца йелла бохура, Казастане дIагIо аьлла, омра а деш.
Кема дохаро талхийра Оьрсийчоьнан а, Азербайджанан а дипломатин йукъаметтигаш. Бакухь дIакъевлира "Оьрсийн цӀа", цуьнан белхахой шпионалла лелорна бехке а бина. ТIаьхьо Оьрсийчоьнан бахархошна шайн махкахь Ӏен хан а лахйира: хIинццалц магийначу 180 дийнера 90 дийне кхаччалц. Москвахь хиллачу Толаман денна леринчу параде а ца вахара президент Алиев.
Оцу бохамца доьзна дуьненаюкъарчу кхеле латкъам бан дагахь йара Баку, йух-йуха а тӀедожийра цара Кремлна бехк тӀелацар а, къинтӀера довлар дехар а. И бохам хилла кхо де даьлча бен вист ца хилира Путин Владимир, гечдар а доьхуш.
ГIадужу-баттахь Оьрсийчоьнан а, Азербайджанан а президенташ цхьаьнакхийтира Таджикистанехь хиллачу саммитехь, цигахь Путина мукӀарло дира кеманна Оьрсийчоьнан ПВО-но зе дина хиларна. Иштта цо дош делира, кема дохийначарна таӀзар дийр ду, сингаттам Iоттабеллачарана компенсацеш лур йу аьлла. Амма бакъду, и дош президенто тахана а кхочушдина дац.
Саутиева Зарифина дозанаш тоьхна полисхошаЧоьхьарчу гӀуллакхийн министралло тӀедожийна "гӀалгӀайн гӀуллакхехула" бехке йинчу Саутиева Зарифина республикера арайалар дехкар. Стохка дечкен-баттахь шена тоьхна хилла хан чекхйаьккхина, набахтера арайаьлла йу иза. ГӀалгӀайчоьнна а, Нохчийчоьнна а йукъахь латтана тIехула хилла барт бахьана долуш дуьхьалонан акцеш дӀайаьхьначул тӀаьхьа бехке бина хилла берриш а политикан тутмакхаш лору "Мемориал" центран бакъонашларъярхоша. Оцу гӀалгӀайн гӀуллакхца воьзна хилла кхин а ши декъашхо хьалхо административан кепехь тергонехь латтош вара.
Саутиеван бакъонашна дозатохар тIедожош дов айдарх лаьцна хаам бина «Фортанга» интерент-гIирсо, документана тӀе а тевжаш. Пурба доцуш ГӀалгӀайчура дIасайала а, са дайначул тIехьа арахь хила а цунна дехка хьийза полици, ишта тIедожадо цунна баттахь шозза чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан декъе тIейан а. И тухуш долу дозанаш лелар долуш ду цунна динчу таIзаран хан чекхйаллалц.
Хьалхо полицино административан Ӏуналла дар дехнера "гӀалгӀайн гӀуллакхехула" бехкевинчу кхин а шина стагана тIехь – Нальгиев ИсмаьӀална, иза ву Саутиеван хIусамда, ишта Чемурзиев Барахана а.
"ГIалгIайн гIуллакхехула" бехкебина хиллачара дуьхьало йинера Магасехь 2019-чу шеран зазадокху-баттахь ГIалгIайчоьнна а, Нохчийчоьнна а йукъара дозанаш хийцарна. Митинг йирзира протестхой ОМОН-н а, Росгвардин а эскархошна дуьхь-дуьхьал а нислуш.
YouTube
Spotify
Overcast
Amazon
Audio














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *