Добавить новость
smi24.net
World News
Июнь
2018

WhatsApp-хула зIенехь ву Соьлж-ГIалан мэр

0
Соьлж-ГIаларчу мэрино WhatsApp-хь тоба кхоьллина, бахархойн хьашташка мелла а сиха хьажар Iалашонца. Цу мессенжджерца болх беш хир бу гIалин администрацин жоьпаллин белхахой.


Цу хьокъехь хаам бина шен Mylistory агIонехь мэро Хучиев Муслима, яздо "Чечня Сегодня" агенталло. Цо дийцарехь, Соьлж-ГIаларчу бахархойн аьтто хир бу WhatsApp-хь шайна ца тайначух лаьцна хаам бан. Латкъамчо йитинчу телефонехула кхачамбацар дIадаккхар Iалашонца цуьнца зIене бевр бу мэрин белхахой.


Хучиевс адрес а дитина, луучунна WhatsApp-хь шаьш кхоьллинчу тобанах дIакхета аьтто луш йолу.  https://goo.gl/vc3zwz  


Цу тобанна юкъахь ву цкъачунна 200 стаг. 














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *