Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Ноябрь
2016
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27 28
29
30

Новости за 18.11.2016

Шенчо шениг вийча тIекIалдолу дуьне...

Radiomarsho.com 

Даймахкахь тIех цец хIума а ца хета вайна, ваьш санначу нохчочуьнца хьан-сан лелош. Амма Малхбузехь я Малхбалехь, Iамеркахь я Азехь, нехан махкахь, гIалахь вайнехан стаг нисвелча, цуьнца вешица, йишица санна тIекаре, юкъарло дезаш лела вай. Ткъа ца хуьлу сакхт доцуш а...

Юсупов ИбрахIим. Кхерстанчах дIатесна шен можа мохк...

Radiomarsho.com 

Юсупов ИбрахIим **** Кхерстанчах дIатесна шен можа мохк, Четара гIаш Iенош, дIайоьду гуьйре. Вайшиннан безамах хьаьрчина дохк, Шелъелла марзонаш ца йоьрзу уьйре. Сайн аьтто мел бели хьан бIаьрхи ган, Варий со-м месашлахь тIекхеташ кIайн чо. Сан дагна Iеткъахь а Iодикъяр хьан, ГIайгIанах ца йоьтти хьан ойла сайнчо. Ца хаьа, муьлха ду вайшиннах харц, Хуушехь гIалатло хьаьнгара яьлла. Я хьалхалерраниг вайший а дац? Цундела ши кхоллам галморзах баьлла? Йиш хаьлла кхойкхучохь сатийсам ... Читать дальше...

Айдамиров Абузар. Хьоьга

Radiomarsho.com 

Айдамиров Абузар. Хьоьга Нисса шо кхаьчнера Суна хьо еза, Хьоь болу безам ас Сайн дагчохь къуьйлу.  Яйнера мерза наб,  Байнера синтем,  Дог дара диллина  Безамо Iуьйшуш. Хийлазза вогIура  Хьо йолчу агIор,  Сайн дагца чIагIо йой  ЦIенна дIадийца.  Хийлазза вирзира  Ца дуьйцуш хьоьга,  Кхоьрура хиларна  Хиллариг хIинца. Амма ницкъ бацара  Кхин дIа садетта,  Бовхачу безамо  Боттура кийра.  Дийцира сайн ницкъал  Безам а тоьлла  Кхоьррушехь хетарна  Хьан дагна хийра. Ахь лехахь куц хаза... Читать дальше...

Айдамиров Абузар. Со хьуна йоьгIна яц...

Radiomarsho.com 

Айдамиров Абузар Л.П. — Со хьуна йоьгlна яц, Вайн кхоллам ийна бац… — Цахиндерг къора ду, Со цунна къера ву. Йоьгlна хьо ца хилча, Кхоллам цхьаъ ца хилча, Сан гlенан гlевланга Хьо хlунда хlуьтту? Хlунда бу хьан ши бlаьрг, Бlаьрхих буьззина? Хlунда ду хьан ши куьг Соьга схьакхевдина? Кийрара и сан дог Болатах дина дац. Ахь юха lехадахь, Ца эккхал чlогlа дац.

Юсупов ИбрахIим. Нана-аьрзу...

Radiomarsho.com 

Нана-аьрзу... ИбрахIим Юсупов Iажаркх-буц тIунъелча суьйренан тхишлахь, Кху цIенчу дахарехь цхьанна-м наб ца кхета. ХIай, Нана-аьрзу, хьо тховса ма йижалахь, Хьайн кIорни яйъи ахь, суна хьох къахета. Инзаре мохь бетташ суьйренан кIуьралахь, Хьайн накха бетта ахь бузучу малхах. Хьан доьхна дог Iийжош, тIехъюьйлу кIорнеш, Ткъа хьайниг цаьрца яц — хьо йиси цхьалха. Ма лаьа хьо хьаста буьйсанна беттан, Хьан дагчу дIакхето сайн ирсе гIан. Ма лаьа сахаддалц хьоьга мохь бетта: «ХIай, Нана... Читать дальше...

Юсупов ИбрахIим. Хьо дIайоьду...

Radiomarsho.com 

ИбрахIим Юсупов Хьо дIайоьду, денойн уьйриг керчош, Цуьнах дуцуш некъан керла тай. Хьан аматаш ойланашла хьерчош, Сох а хили сингаттаман лай. Хаац хIунда, хьо, сихъелла йоьдуш, Ас багарбо ахь мел боккху ког? Малхо анайисте хьаьдда боьдуш, ТIекIел даьккхи хьоьх сан дуьзна дог. Хьо сан мила ю-те хаьа хьанна? Шовда бен вайн уьйран вуй-те теш? Ахь ду эли хIара къастар ханна, КIира даьлча цIаяр хьехадеш. КIеза санна, идда хьуна тIаьхьа, КIад а белла, мох а кхечи схьа. ХIинца иза, ойланаш еш къаьхьа... Читать дальше...

Юсупов ИбрахIим. Девеше...

Radiomarsho.com 

Девеше... Юсупов ИбрахIим Гина вац хьо дийна волуш суна, Я ца девза ахь даьхна хьуьнарш. Аш, бIаьхоша, маршо яккха тхуна, Лардина вайн мехкан латтанаш. Яийтира Даймахко повестка, Шен могIаршка кхойкхуш гIуллакх дан. «Нана, ахьа са ма гатде, кестта Воьрзур ву со толамца вайн цIа», — Уьш дара хьан тIаьххьарлера дешнаш… ТIом дIабаьлла яьлла дуккха хан. Оцу тIамо алсамдехи кешнаш, Чевнаш йи цо нанойн дегнашна. ТIамо витац, хиларх цхьанхьа доьшуш, Къестабац поэташ, артисташ. Хиларх нана хьан цIахь хьоьга хьоьжуш... Читать дальше...

Юсупов ИбрахIим. КIайн ойла.

Radiomarsho.com 

ЮсуповИбрахIим.  КIайн ойла (Дуриев Рамзане) Мокха ойла ас мархашка хохку. Сийна ойла Iалац доцчохь хи. Iаьржа ойла ю сан латта охкуш. КIайн ойла ю шуьца, доттагIий. КIайн ойла ю доккхуш денна заза. Латор бу цо, кIентий, мерза стом. Чомана а хир бу мазал мерза, Маьлхан басахь догуш гIоргIа чкъор. Кхоьру, вайна юккъе херо йоьлла, Шун бехкенна, сан бехкенна я, Заза лаьтта дужуш, сан кIайн ойла, Стом ца латош, Iахар йисарна…

Юсупов ИбрахIим. ГIорийна зезагаш.

Radiomarsho.com 

ГIорийна зезагаш...  Юсупов ИбрахIим Маьлхан бIаьрг санна и шайн кортош можа Лепадеш, техкара зезагаш байтIехь. Мехаша гIаттийча шайн IалагIожа, Iара уьш, вовшашна тIетеIаш, бертахь. ЦIеххьана кхаьчначу шийлачу Iаьно, Кхелира зезагаш даточу тирца. Уьш денна шелдора лайн чимийн бIано Кортош тIе беттачу эсаран кирца. Зезагийн хазалла яйра, бос байна. Азделла сов гIийла уьш суна дайра. Уьш маргIал дуьйлира, шело ца лайна. И сурт гуш бIаьрхиш а сан меттаххьайра. Со сихха кхийтира хиллачух тIаккха... Читать дальше...

Нохчийчоьнан Iедалшна бакъо елла 2017 шарахь республикехь ханна ваха кхечу пачхьалкхашкара 1500 стаг тIеэца. Муьлш хир бу аьлла хета шуна и нах?

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Iедалша бакъо елла Нхчийчура Iедалшна а республикехь ханна ваха кхечу пачхьалкхара 1500 стаг тIеэца. Муьлш хир бу аьлла хета шуна и нах? ХIун Iалашо йолуш тIеоьцур бу аьлла хета шуна уьш Нохчийчохь, цхьана ханна цигахь баха ховша бакъо а елла?





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *