Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Декабрь
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19
20
21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 21.12.2020

Cоьлжа-ГIалахь: теле-таIзарш. Москвахь: кибер-тIом

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь телегойтийлехула дохкобаьхна Дагестанерчу "хIума хуучунна" тIебахана нах; Ставропол-махкахь полисхо лаьцна стаг верах йолчу шеконца; Оьрсийчоьнна, цо кибер-тIелетарш дарна, таIзар кечдеш ю Байденан агIо

Коммуналах уггаре беза мах луш йолу регион хир ю Нохчийчоь

Radiomarsho.com 

Керлачу шеран хьалхарчу дийнахь дуьйна лакхабовлуш бу Оьрсийчохь коммуналан хьаштийн мах. Оьрсийчоьнан массо а регионашкахьчул лакхабер бу бахархоша коммуналах лучу ахчан барам Нохчийчохь - 6,5%, хаам бо "Клуб регионов" сайто. Ткъа ерриг а пачхьалкхехь бестачу механ барам 4-5% бу. Кхуьур бу мехаш тоькан, йовхонан, хин, нехаш дIакхехьаран. Хьалхо хаам баржийра, петарийн-коммуналан бахаман тергояран Халкъан центро ("ЖКХ Контроль"), мехкашкахь сов дукха букоммуналах ахча охьа ца дуьллу бахархой, аьлла. Читать дальше...

Нохчийчоь тIаьххьарчу меттехь ю пачхьалкхан цIарах ша оьцург гайтарца

Radiomarsho.com 

Кхушара 84-чу, тIаьххьарчу, меттехь ду, "Московский комсомолец" газето бечу хаамца, Нохчийчуьра Iедал ша оьцучух лаьцна бахархошна информаци йитаррехь. Къайленехь дуьту эцарш Къилбаседа ХIирийчоьнан а (77-гIа меттиг), Ставропол-мехкан а (71-ра меттиг) Iедалша. Къилбаседа Кавказерчу мехкийн хьаькамашлахь мехкан цIарх оьцург довзийтарца вон дац хьал ГIалгIайчохь (34-гIа меттиг).  Дагестан ю 40-гIа, Кхарачой-Чергазийчоь – 62-гIа. Нохчийчоьнан Iедало бахначу баттахь тендор кхайкхийра 9,6 млн... Читать дальше...

"Стаг леш ву, ткъа церан бала а бац". Набахтехь лелочу къизаллех дуьйцу нохчийн тутмакхо

Radiomarsho.com 

Полисхо а вийна, зуламхойн тобанехь хилла ву аьлла, 2002-чу шарахь Ростов гIаларчу Къилбан гонашкарчу кхело бехкевира 18 шо долу нохчо Дахтаев Iалбек. Кавказ.Реалиин корреспонденто яздо Дахтаевца лелочу хIуттаренех. Шогачу хьелашарчу набахтехь даккха 25 шо хан тоьхна цунна. Цул тIаьхьа 16 шо даьллачу хенахь Европерчу адамийн бакъонийн кхело сацам арахецна, Дахтаевн гIуллакх толлучу юкъанна адамийн бакъонех лаьттачу Конвенцин масех артикл йохийна хиларх: къизаллаш цамагорах, нийса кхел яра, стеган дахар ларарх лаьтташ йолу. Читать дальше...

Кадыровна карт-бланш, гIалгIайн гIуллакхаш, Дагестанехь жаIуй байъар. Къилбаседа Кавказерчу журналистийн - Путине хеттарш

Radiomarsho.com 

Карарчу шеран 17-чохь хIора шарахь а санна, Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран пресс-конференци дIаяьхьира. Коронавирусан пандеми бахьана долуш кху шарахь онлайн-форматехь хIоттийначу барамехь 774 журналистна бакъо елира дакъалаца. Бара церан могIарехь Къилбаседа Кавказера журналисташ а цхьана. Бакъду, президентна товр доцу хеттарш ден долу журналисташ ца битинера конференци. Масала, хIирийн "Алания" пачхьалкхан телеканалан белхахочо туризм кхиорех хаттар дира Путине, ткъа Нохчийчуьрчу "Вайнах" телехьожийлан журналисто хаьттира... Читать дальше...

23 стаг велла дийнахь-буса. Къилбаседа Кавказера пандемин хьал

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу 24 сахьта чохь Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь дIаваьлла коронавирус кхеттачу дархойх 23 стаг. Ун хьакхаделла кхин а 1262 стагах. Иштта бу Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан хаам. Краснодар-махкахь COVID-19 кхетарца велла 10 вахархо. Ставропол-махкахь – 4, ГIалмакхойчохь, Дагестанехь, Адыгейхь – кхоккха. Пандеми яьржичхьана схьа Къилбаседа Кавказехь уьнах велла лору официало 4269 стаг. Де-буьйсанан а, юьхаьнца дуьйна схьайохьуш йолу а статистика иштта ю: ... Читать дальше...

Ставропол-махкахь полисхо лаьцна стаг верах йолчу шеконца

Radiomarsho.com 

Стаг верах йолчу шеконца лаьцна Ставропол-мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн минитсраллин экономикан кхерамзаллин урхаллера белхахо, хаам бо Regnum агенталло. ГIура-беттан 12-чу дийнахь Ставрополерчу яхархочо арздина шен 29 шо долу воI варах лаьцна. Пхи де даьлча гIалин йистерчу хьуьнхахь вийна карийна жима стаг, коьртах тоьхначу герзо йина чов а йолуш. Стаг верах долу гIуллакх айдина полисхочунна дуьхьал. Зуламан бахьана цчкъачунна хууш дац. "Кавказский узел" газето, Ставропол-махкарчу Талламан комитетерчу хьастанна тIе а товжуш бахарехь... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *