Кадыров Рамзанна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даккхар тIедиллина "Новая газето"
Президентехула адамийн бакъонаш Iалашъечу Кхеташонан декъашхо, "Iазапашна дуьхьалояран Комитет" кхоьллина Каляпин Игорь а, "Новая газетан" журналист Милашина Елена а "террорхой" бу аьллачу Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долор тIедожийна "Новая газето". Талламан комитетан куьйгалхочун Бастрыкин Александран цIарах дIахьедар чуделла. Юьйцург ю Кадыровс шен телеграм-каналехь Дечкен-беттан 24-чохь хIоттийна пост. Цу тIехь, федералан суьдхочун Янгулбаев Сайдин хIусамнана Мусаева Зарема лачкъийначу юкъанна... Читать дальше...