smi24.net
World News in Chechen
Февраль
2022
1 2 3 4 5
6
7 8 9 10 11
12
13
14 15 16 17 18
19
20
21 22 23 24 25
26
27
28

Новости за 15.02.2022

Социалан машанашкахь тIаьххьара хIоттиначу постехь Кадыров Рамзан дуьхьал хилла Нохчийчоьнан куьйгалхочун статусна

Radiomarsho.com 

Ша мел олург мехкан урхалхочунна хетарг дац, вахархочун дог-ойла ю аьлла, билгалдоккхуш, посташ хIиттийра Кадыровс. Оцу шен дIахьедарца цхьаьна Украинан Iедалхошка кхайкхамбина цо. Дехар дира президенте Зеленский Владимире «цIий ца Iанош, машар дIахIоттабе" аьлла, Украинера режим "халкъана дуьхьал" ю а олуш

Дарбанхочунна тIевахначу шина нохчочун юьхьъяьхна "Грозный" телеканалан эфирехь

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу Энгель-Юьртара шина вахархочуьнгара бехкаш даьхна "Грозный" пачхьалкхан телеканалан эфирехь, ГIебарта-Балкхаройчуьра "хIумахуучунна" тIевахна аьлла. Сюжетехь чIагIдарца, луларчу республике ваханера и шиъ шайн доьзалийн дахар нисдан лаам болуш. "Грозный" ЧГТРК-н инстаграмерчу агIонехь хIоттийначу исс минотехь йолчу сюжетехь дуьйцу, лаьцначех цхьаъ шен дIаяхана хIусамнана юхаяло лууш хилла, шолгIаниг – "ша аьллачунна тIехь йоцу йоI меттаялон" лаам болуш хилла бохуш. "Ламастехь йоцчу... Читать дальше...

Шен социалан машанаш куьйгалхочун цIарах лело реза вац хIинца Кадыров

Radiomarsho.com 

Кадыров Рамзана дIахьедина шен социалан машанерчу йозанаш Нохчийчоьнан куьйгалхочун даржера деш дац, аьлла. Оцу тIе тидам бахийтина Кавказ.Реалиис. Регионан куьйгалхочун "ВКонтактерчу" официалан агIонехь, телеграм-каналехь, иштта официалехь йоцучу инстаграмерчу агIонехь а дина цо и дIахьедарш. Ша Украинан Iедале динчу дIахьедарехь Оьрсийчоьнан регионан куьйгалхочо тIе тидам бахийтина, шен къамел – шен хетарг бен дац, аьлла. "Соьца хьагI йолучарна со сайн бакъонел сов вуьйлуш ву, бохуш моханаш еттийта бахьанаш ца далархьама... Читать дальше...

Нохчийчуьрчу йохкархочунна тIелеттачу Москварчу депутато меттиг хийцина, шена кхерамаш тийсинчул тIаьхьа

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу 68 шо долчу йохкархочунна метрона уллохь ша динчу тIелатарна, цул тIаьхьа Пачхьалкхан Думан депутато Делимханов Адама телефон тохарна а тIехула социалан машанашкахь кхерамаш тийса болийча, шен петар хийцина Москварчу Мещанскан кIоштарчу Кхеташонан депутато Закускин Александра. Москварчу Машаран проспектерчу маьждигна хьалха йоьхьаш духкуш хиллачу Юсупхаджиева Селимина тIелеттера Закускин Александр. Юсупхаджиевас бахарехь, цуьнан яьшки тIе мийра бетта волавеллера Закускин, ша "Нохчийчу депортаци йийр ю" а аьлла... Читать дальше...

"ХIара юьхьIаьржо ю". "Со Кадыровн пехотинец ву" флешмоб хIунда ца яьржина?

Radiomarsho.com 

"Я пехотинец Кадырова" аьлла, флешмоб йолийра Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIоьнчас Даудов Iумара инстаграмехь. Масийтта дийнахь цунах дIакхийтира 500 гергга стаг, царех доккхахадолу дакъа – нохчийн хьаькамаш а, кеп-кепарчу тIегIашкара депутаташ а. Халкъ Кадыров Рамзанехьа хилар дIагайта Iалашонца юкъаяьккхина флешмоб кIелйисира, амма рогIера юха а гайтира мехкан башхалла – Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин а, Росгвардин а эпсарша а, федералан урхаллийн белхахоша а кхузахь шаьш лору Кадыровн "пехотинцаш". Читать дальше...

ЕСПЧ-но декхаре йина Оьрсийчоь Мусаева Зареман хьолах дерг сацанза довзийта

Radiomarsho.com 

Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ЕСПЧ) декхаре йина Оьрсийчоь хIора шина кIирнахь Соьлжа-ГIалахь СИЗО чохь латточу Мусаева Зареман хьолах лаьцна хаамаш дан. Кехаташца бух а балош дийца дезар ду хIинца цунна дIакхачош долчу лоьрийн гIоьнах, яздинчу молханех, цуьнан хьоле хьовсарх лаьцна. Цул сов, адамийн бакъонехула йолчу Конвенцехь дIаязйинчу бакъонех а, маршонех а Мусаева Зарема хедош ца хиларан отчеташ ехна ЕСПЧ-но, хаам бо кхелан кехат гIардаьккхинчу "Iазапашна доьхьало яран комитето". Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *