КIиранчохь Къилбаседа Кавказехь шозлагIа теракт юхатохарх дIахьедина ФСБ-но
Кхарачойн-Чергазийчохь теракт юхатоьхна, аьлла дIахьедина ФСБ-но, кху кIирнахь шозлагIа ду иза. Леринчу сервисийн хаамашца, "пачхьалкхан Iедалан а, къепеларъяран а цхьахйолчу объектехь арахьарчу эмиссаран тIедилларца" терроран акт йан кечлуш хилла волу Оьрсийчохь магийна йоцчу "Исламан пачхьалкхан" агIонча ву бохург дIалаьцна Черкесскехь. Лаьцначун цIахь лехамаш дина – цигахь карийна оьккхуьйтург йаран гIирс а, иштта "цуьнан зуламе ламмаш гучубоху кхинйолу материалаш". Бехктакхаман гIуллакх диллина шина артиклана тIехула... Читать дальше...