Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Август
2022
1 2 3 4 5
6
7
8 9 10 11 12
13
14
15 16 17 18 19
20
21
22
23
24 25 26
27
28
29
30
31

Новости за 19.08.2022

Арахьара делегациш тIелаца 10 млн сом билгалдаьккхина Нохчийчоьнан Iедало

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан къоман политикан, арахьарчу зIенийн, хаамийн, зорбанан а министралло тендер кхайкхийна Соьлжа-ГIалахь арахьара делегациш тIелацарна лерина. Эцаран толамхочо 10 миллион соьмах 19 арахьара хьаша тIелаца веза. Тендеран техническан тIедилларца а догIуш, тендеран толамхочо Тунисерчу ялх стагна, Таджикистанерчу пхеанна а, СаIудийн Iарбойчуьра а, Пакистанера а виъ-виъ хьашана а бизнес-классехь кеман билеташ эца деза. Вип-трансфер хилийта еза церан, иштта тайп-тайпана европхойн кханаш а, диетехь волчунна лерина меню а хила еза... Читать дальше...

90-чу шерашкахь Нохчийчохь коммуналан белхаш динчунна алапа схьадала реза ца хилла

Radiomarsho.com 

Пятигорскера кассацин кхел дуьхьал хилла Дадаев Руслана Нохчийчоьнан гIишлош йоттаран а, ЖКХ-н а министраллина дуьхьал алапа схьадалар тIедожош кховдийна арз къобалдан. Арзхочо коммуналан белхаш бина оьрсийн-нохчийн шина тIамна юкъарчу хенахь, амма шарахь сов шена лур ду баьхна алапа дIа ца делла цунна. Бахархойн гIуллакхан материалашца а догIуш, Дадаевс слесарь-сантехник болх бина 1995-чу шеран мангал-баттера 1999-чу шеран товбеца-батте кхачалц Соьлжа-ГIалин Заводскойн кIоштан ЖЭУ-7 урхаллехь. Читать дальше...

"ГIалгIайн гIуллакхехула" бехкевечу 12 полисхочунна 2,5 шераш тохар дехна прокуратурано

Radiomarsho.com 

Женезноводскан гIалин кхелехь хиллачу дийцаредаршкахь прокуратурано юккъерчу хьелийн колонехь даккха шиъ, ах шераш тохар дехна ГIалгIайчуьрчу 12 полисхо лаьттинчу наханна, 2019-чу шеран зазадоккху-буттахь ГIалгIайчоьнан дозанаш хийцорна дуьхьал Магасехь хIоттийначу митинган декъашхойн Росгвардица хила тарлуш долу латар юхатоьхнера цара. Цунах лаьцна дуьйцу адамийн бакъонаш ларъяран "Мемориал" Центро. Тобано лерина шайга делла омра кхочуш ца дарна, тIаккха цунах доккха зен хиларна бехкебо полисхой. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *