Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2022
1 2
3
4
5 6 7 8 9
10
11
12 13 14 15 16
17
18
19 20 21
22
23
24
25
26 27 28 29 30

Новости за 13.09.2022

Москвахь болх беш хилла Нохчийчуьра полисхо къоман билгалонца балхара дIаваьккхина

Radiomarsho.com 

Хьалхо цигахь гIуллакх деш хиллачу Нохчийчуьра вахархочо Идрисов Ахьмада Москвахула йолчу ГУ МВД-н хьокъехь дина дIахьедар толлуш ду Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело. Бакъо йоцуш органашкара ша дIаваккхарх а, къоман билгалонца дискредитаци лелорах а хаийтина цо. ГIуллакхан материалашца а догIуш, Москварчу бехктакхаман гIуллакхаш толлучу цхьадолчу декъан хьаькам хилла Идрисов. 2020-чу шеран марсхьокху-баттахь дIаваьккхира иза чоьхьарчу гIуллакхийн органашкара. Нохчийчуьрчу полисхочо тIедожийнера, ша балхара вохош дина омра бакъонехь цахилар а... Читать дальше...

Ростовн кIоштахь беркемаца хиллачунна тIехула Нохчийчуьра вахархо велла

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра вахархо Тупаев Ахьмад велла Ростовн кIоштахь, аьтто боьхна беркема тоькан серех а хьакхаделла – изоляцин деза дакъа машенан хьалхарчу куьзганах кхеттера. Инцидент нисъелла Красносулинскан кIоштара М-4 "Дон" трасси тIехь, яздо "Кубань24" гIирсо, и гинчунна тIетевжина. 65 шо долу Тупаев оцу меттигехь кхелхина, цуьнца цхьана хиллачунна хIуммаъ ца хилла. Вертолетан пилотан терго ца хилла ша динчун, кхин дIа вахна иза, яздо Baza гIирсо. "Блокнотан" хаамашца, Оьрсийчоьнан ВС-н ду беркема. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *