Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Октябрь
2022
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10 11 12 13 14
15
16
17 18 19 20
21
22
23
24
25
26 27 28
29
30
31

Новости за 27.10.2022

Йовш йолу бизнес: Нохчийчохь миллионийн контракташ цхьана денна кхоьллинчу фирмашна кхочу

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министраллин яккхийра пачхьалкхан контракташ сих-сиха тендерш хилале регистраци йинчу индивидуалан совдегаршна кхочу, тIаккха эцарш чекхдевлча цара шайн бизнес дIакъовлу. Формалехь оцу схемано низам хадош дацахь а, эксперташна цигахь курхаллин билгалонаш го. Амма царна массарна а хетарехь, антимонополан сервис цкъа а хIуттур яц республикера тендеран эцарш талла. Гезгмашин-баттахь зорбанан министралло Нохчийчохь президент хиллачу... Читать дальше...

Дагестанерчу Iедало муха хуьйцу Конституци

Radiomarsho.com 

Шина хийцамо эргIадбахийтина меттигера бахархой: республикан куьйгалхочун даржехь шина хенал сов яккхар доьхку низам дIадаккхар а, мехкан цхьалла ларъяран хеттаршкахула долу жоьпалла регионан куьйгалхочун тIера дIадаккхар а. Дозанаш хийца гIертар кхераме ду, бохуш дIахьедо меттигерчу жигархоша, ткъа Дагестан, Нохчийчоь цхьаьнатоха мега бохуш дуьйцу цхьаболчу депутаташа.

Хьехамчан Саситлинский Абу Iумаран ваша терроризмана ахча латторна бехке лаьрра

Radiomarsho.com 

Абу Iумар Саситлинский цIарца вевзаш волчу хьехамчан Ахмеднабиев Исраилан ваша Ахмеднабиев Саадун хьокъехь сацам бина Ростов-на-Дону гIалахь – терроризмана ахча латторна бехкевора иза. Шогачу рожан нисваран колонехь яккха 16,5 шо хан тоьхна цунна.  Кхело билгалдаьккхина, 2015-чу шарахь бехкевийриг Туркойчохь ша вехачу юкъанна "терроризмана ахча латторан Iалашонца кхоьллинчу цхьанакхетараллин декъашхо хилла", дуьйцу Къилбан федералан тIеман округан пресс-сервисо. Цул тIаьхьа 1,5 шарахь Ахмеднабиевс гIоьналлин гIуллакх леладо ша бохуш... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *