Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Декабрь
2022
1 2
3
4
5 6 7 8 9
10
11
12
13
14 15 16
17
18
19 20 21 22 23
24
25
26 27 28 29 30
31

Новости за 20.12.2022

ЕСПЧ-но сацам бича Лаккхарчу кхело йуха а долийна чубоьхкинчу Нохчийчуьрчу тIемалойн гIуллакх таллар

Radiomarsho.com 

2008-чу шарахь Соьлжа-ГIалин Ленинскан кIоштан кхело терроран артиклашкахула чубоьхкинчу Нохчийчуьрчу бахархойн Джантемиров Доккан, Мациев Султанан, Салаватов Шамсудинан, Хабибулаев Висханан хьокъехь бехктакхаман гIуллакх йуха а талла долийна Оьрсийчоьнан Лаккхарчу кхело. Хабибулаев виссалц белла дIабовллалц набахте хьажийна бу уьш. И сацам йуха талларан бахьана хилира, 2022-чу шеран дечкен-баттахь чубоьхкинчара таллам дIабахьарна хьокъехь бина латкъамаш Европан адамийн бакъонехула йолчу кхело къобалбар. Читать дальше...

Нохчийн ницкъахой байъарна чувоьллинчу ГIалгIайчуьрчу вахархочо эха шарахь 40 латкъам бина ФСИН-на дуьхьал

Radiomarsho.com 

Низам лардаран органийн белхахой байъарна бехкевина, 21 шарна чувоьллина волчу Тангиев Тимура кху шеран мангал-баттахь дуьйна Науран кIоштан кхеле а, Нохчийчоьнан Лакххарчу кхеле а 42 административан латкъам хьажийна, № 2 йолчу Чернокозоверчу колонина дуьхьал, иштта Нохчийчухула йолчу ФСИН-н а, МВД-н а урхаллашна дуьхьал а. Ша чохь латторан хьелаш низамца догIуш дац боху цо. Латкъамийн доккха дакъа листа а ца луьстуш йухадерзийна цуьнга. Тангиевс чIагIдора, колонин белхахоша цуьнан долара хIуманаш схьайаьхна ... Читать дальше...

Шен хIусамдас берашна тIехь ницкъбарх дийцина журналисташка ГIалгIайчуьрчу йахархочо

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчуьрчу вахархочун Татриев Iумаран хIусамнанас Аннас дийцина "Астран" бозуш боцчу журналисташка, шен берашна а, шена а тIехь хIусамдас гуттара а ницкъбарх. Видеоинтервьюхь цо кхетийна, масех шарахь шена тIехь лелош хилла сийсазаллаш стенна лайна ша, полицига орца ца доьхуш. Практикан лоьро Татриева Аннас бахарехь, цхьйтта шо хьалха доьзал кхоьллина цара. Дуьххьара хIусамдас туьйхира цунна, доьзалхочух йолуш ворхIалгIачу баттахь. ТIаккха цо бехк ца биллар дийхира, и кхин хир дац аьлла дош делира. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *