Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Февраль
2023
1 2 3
4
5
6
7
8 9 10
11
12
13 14 15 16 17
18
19
20 21 22 23 24
25
26
27
28

Новости за 23.02.2023

Грепплинган дуьненан чемпион Марданов вийна Дербентехь хиллачу тийсадаларшкахь

Radiomarsho.com 

Дагестанхойн джиу-джитсун а, грепплинган а дуьненан чемпион Марданов Видади вийна Дербентехь чиллан-беттан 21-чу дийнахь хиллачу тийсадаларшкахь. Официалан версица, спортхочун доттагIчо таллархойн топ тоьхна хилла лаьттах – юхакхосабелла хIоъ кхетта велла Марданов. Цул тIаьхьа девнан шолгIачу агIонехь хилларш бевдда.

Нохчийчуьра гей Арсамиков дIахеца аьлла кхайкхамбина Европарламентан депутаташа

Radiomarsho.com 

Европан праламентан LGBTI Intergroup форуман декъашхоша кхайкхамбина Нохчийчоьнан Iедалхошка, республикера ведда Арсамиков Идрис маьршаваккха аьлла. Шен хаамехь политикаша билгалдоккху, даймахкахь иза вен мега, цуьнан ориентаци бахьана долуш аьлла. Къаьсттина сагатдойту, Европарламентан декъашхошна хетарехь, Iаткъам бина "зуламна мукIарло деш" дIайазйинчу видеоно. "Нах лецар, сецор, ницкъбар – Оьрсийчоьнан гIирсийн арсеналехь лелош хIума ду. Оха кхайкхамбо, маса маьршаваккха Идрис, шена кхерамзе йолчу меттиге юхаван цуьнан таро хилийта"... Читать дальше...

Нохчийн оппозиционерийн нанас шен бIаьрса СИЗО-хь лахделла аьлла дIахаийтина

Radiomarsho.com 

Бакъоларйархочун Абубакаран а, оппозиционеран ИбрахIиман а ЯнгулбаевгIеран нанас, полисхочунна тIелетта аьлла, Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь лаьцна латточу Мусаева Заремас дIахьедина, шен бIаьрса эшна догIу аьлла. Цунах лаьцна цо хьахийна, "ФСИН-кехат" системехула дахьийтинчу "Новая газетан" "Свободное пространство" медиапроектан хеттаршна лучу жоьпехь. "Хала ду суна книгаш йеша, хIунда аьлча, кху чохь бIаьрса талха доладелла сан. Вуьшта хьал а дика ца хуьлу соьгара, цIийн юккъера глюкоза лакхара хилча... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *