Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Август
2023
1
2 3 4
5
6
7 8 9 10
11
12
13
14
15 16 17 18
19
20
21 22 23 24 25
26
27
28 29 30 31

Новости за 04.08.2023

"Наггахь бен гIо ца хуьлу низамера": суьрташца Къилбаседа Кавказера зудаберашна шантаж йар

Radiomarsho.com 

Интиман материалашца шантаж лелорна – таIзар дойла йу, амма Къилбаседа Кавказехь и зулам лелораш дукха хьолахь кIелхьарабовлу таIзарх. Менталитетан башхаллица доьзна ду и, боху бакъоларйархоша: шайн гергарчех а, "сий лардеш" байарна а кхоьруш хилар, цул тIаьхьа проблема къайлайахьар, зударшна полици бовла цалаар. Оцу бахьанашца шантаж йен Къилбаседа Кавказера нах мел а эгIазе бу, кхечу мехкашкахьчул а. ДегIана цхьалхабевлла даьхна суьрташ доцург а, кхузахь пайдаэца тарло шайца цхьаьна даьхначу суьртех а, йа вовшашка динчу йозанех а. Читать дальше...

ГIелонех кхелхинчу 4 шо долчу йоьIан йиша а, ваша а кхечу доьзале доладайта дIаделла

Radiomarsho.com 

Кху шеран стигалкъекъа-баттахь шен доьзалехь гIело латтийна, йеллачу 4 шо долчу Муцольгова Самирин ваша а, йиша а Малгобекан Iедалхоша цхьана ханна Iуналла дан доьзале делла. Ханна цхьана зудчуьнга леладайта и ши бер дIалуш сацам бина кхиазхойн гIуллакхашкахула йолчу комиссино. Цу зудчун шен а бер ду, ткъа цуьнан доьзал бакъахьара лоруш бу. Цуьнан а, берийн а цIераш йохуш йац. ТIаьххьарчу 2,5 баттахь бераш Малгобекан кIоштан дарбанан цIийнехь дара, хаамбира администрацино. Хьалхо меттигерчу "Фортанга" гIирсо йаздира... Читать дальше...

ХIинжа-ГIалара СИЗО-хь ша шена тоьхна велла Басаевн тобанехь хилла боху тIемало

Radiomarsho.com 

ХIинжа-ГIалара номер 2 йолчу СИЗО-хь ша шена тоьхна велла Ставрополера вахархо Якубов Загир, 1999-чу шарахь Басаев Шемалан тобанхошца Дагестане чугIоьртина аьлла 14 шо хан тоьхна вара иза. Якубовн валарх хаамбина Дагестанера Йукъараллин тергамчийн комиссин куьйгалхочун гIовса Хадулаев Шемала шен телеграм-каналехь. Цуьнан хаамашца, ши кIира хьалха хилла хIума ду и. Хадулаевс йаздо, тIоьрмиган доьхканца Якубов СИЗО-н камери чохь ирхъоллавелла, камераша дIайаздина аьлла. Гергарчу хенахь шена тоьхна... Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *