Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Ноябрь
2023
1 2 3
4
5
6 7 8 9 10
11
12
13 14 15 16 17
18
19
20 21 22 23
24
25
26
27 28 29 30

Новости за 14.11.2023

Кадыровн нуц Нохчийчоьнан машенан некъийн министр хIоьттина – хьалхо цуьнан дегахь дара и дарж

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен нуц хIоттийна машенийн некъийн министран дарже – республикан парламентан куьйгалхочун хьалхара гIовс Тумхаджиев Iийса ву вуьйцург. ТIаьххьарчу 16 шарахь оцу даржехь цуьнан да, Тумхаджиев Абубакар вара. И дарже хIотторах лаьцна хиира лахьан-беттан 14-хь, Кадыровс хьаькамашца кхеташо дIайаьхьча. Воккхахволчу Тумхаджиевна "Нохчийн республикан транспортан хьакъволу белхахо" чин делира, хIинца регионан куьйгалхочун гIоьнчан болх бийр бу цо. Цуьнан 41 шо долчу кIанта ший а дарж лелор ду цхьана хеначохь.

Кавказехь ЛГБТ-наханна тIехьбевлла лелар сацаде аьлла Оьрсийчоьне Ирландино

Radiomarsho.com 

Лахьан-беттан 13-хь Оьрсийчоьнан векалш докладаца бистхилла ООН-хь, пачхьалкхерчу адамийн бакъонех дерг олуш. Цунна жоп луш пачхьалкхаша-декъашхоша хьехарш дина – масала, Ирландин векалша дIахьедина, къаьсттина Нохчийчохь, Къилбаседа Кавказехь, кхечу регионашкахь ЛГБТ-наханна тIехьбевлла лелар сацон деза аьлла. Кхеташонехь Оьрсийчоьнан цIархъ вистхилира юстицин министран гIовс Логинов Андрей. Пачхьалкхехь ЛГБТ-нах хьийзош бац аьлла цо, амма тIетоьхна "дуккха а къаьмнаш дехачу пачхьалкхан ламасташца" догIуш доцург "сецоран барамаш" бу лелош. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *