Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Декабрь
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19
20
21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

2022-чу шаре кхаччалц Оьрсийчоьнан спортхойн бакъо хир яц чемпионаташкахь хила

0
Шайн пачхьалкхан байракхца 2022-чу шеран ГIуран-беттан 16-чу дийне кхаччалц Оьрсийчоьнан спортхойн бакъо хир яц шайн хьуьнарш гайта. Дуьненаюкърчу а, оьрсийчоьнан а антидопинган агенталлашна юкъахь лаьттачу къийсаман гурашкахь бина оцу кепара сацам спортан арбитражан кхело. WADA-н исполкомо хьехна деа шарна Оьрсийчоьнан спортхой дуьненаюкъарчу къийсадаларшка ца битар.


Цул совнах, шина шарна Оьрсийчоьнера дIаяьккхина дуьненан чемпионат а, Олимпиада а дIаяхьа бакъо а. Дехкар ца хьакхало континенталан ловзарех.


Оьрсийчоьнан антидопинган агенталло WADA-на такха деза цхьа миллион сов доллар компенсаци, стохка дуьйна кхелан сацам бовзийтталц яйинчу харжех.


Стохка ГIуран-беттан 9-чохь WADA-с деа шарна дихкира Оьрсийчоьнна дуьненаюкъарчу къовсадаларшкахь а, иштта, Олимпиадехь а, дуьненаюкъарчу чемпионаташкахь а хила. Ткъа допинг лелорна бехке ца хиллачу оьрсийн спортхойн таро хир яра Олимпикан ловзаршкахь нейтралан статусехь дакъалаца.


Оьрсийчоьнан флаг а, гимн а официалехь хIиттийначу дуьненаюкъарчу къийсадаларшкахь йихкинера. Стохка ГIуран-беттан 27-чохь Оьрсийчоьнан антидопинган агенталло кехат дахьийтинера WADA-н исполкоме, шайн спортхой деа шарна юкъарабахарна шаьш реза цахилар дIахоуьйтуш. Дечкен-баттахь WADA Лозаннерчу Спортан арбитражан кхеле елира, Оьрсийчоьнан антидопинган агенталлана дуьхьал иск йоккхуш.


20I8-чу шарахь аьхка Дуьненаюкъарчу яйчу атлетикан ассоциацино (IAAF) цхьана ханна къовсадаларшна юкъарваьккхира 2017-чу шарахь дато мидал яьккхина кхоссавалархо Лысенко Данила. Допинг-агенташ шена тIебахкийтархьама ша волчу меттигах АДАМС системехь бита беза хаамаш язбечу хенахь низамаш дохийна хиллера цо.














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *