Хасаров ШаIрани. Дуьненан бала
Дуьненан бала
Дукха ду дуьненчохь хуьлуш дерш хIинца:
Йочано хIордан дегI ластийна ирча;
Цхьанхьа - ма кхаъ баьккхи, кхеччанхьа – орца;
Цхьанна шех бала би дуьнено боккха.
Диканаш вонашца хийцало гуттар.
Хьовсал, нах дерзош бу дIа хаза нускал.
Шаьш арабовллушехь, шайш - шайн и бала
Шайн - шайн цIахь битина тахана цара.
Дикано кхаъ бохьуш, вонаша - чевнаш,
Даим а детташ ду сан деган кевнаш.
Уьш, дарцо дера ка тухий а, цIийза
ХIуманаш хилийтан нахана дийца .
Со гIала югIуш ву диканийн зевнех.
Со цунна керт еш ву хиллачу чевнех .
Суна тIе базбелла дуьненан бала.
Ца лаьа цунна со карара вала .
1982 ш.