"Тутмакхийн элана" ультиматум хIоттийна
Карарчу беттан 2-3-чу дийнахь Афинашкахь хиллачу "тутмакхийн эланийн" цхьаьнакхетарехь ультиматум хIоттийна криминалийн гонашкахь Шалинский Ахмед аьлча вевзаш волчу Домбаев Ахьмадна, 150 миллион сом цо шена дитина бохуш. Хаамбарехь, къуй мел тIаьхьабовларх а, цаьрца зIене ца ваьлла Домбаев. Цуьнца йоьзначу регионашка а цхьаьна дIакхайкхош, цуьнгахь хилла бакъонаш дIаяьхна.
Шалинский Ахьмаде кховдийначу претензешна тIетайна ишта нохчийн криминалан авторитеташ – Седой Гилани а, Саратовский Тимур а.
Агенталлан информацица, Шалинскийн цIарах ахчанаш оьхуш хилла Челябинскан а, Свердловскан а, Новосибирскан а, Кемеровон а, Волгоградан а, Ставрополан а мехкашкара. Оцу регионашкара тIаьххьарчу хенахь цо гулдинарг ду дерриг, мел лахара а, ши миллион долларшкахь ахча. Ткъа юкъахь оьшучу хьашташна ахча луш ца хилла цо.
Шалинскийс даредо, шега цхьаьнгара а ахчанаш кхьачна дац бохуш. Ткъа ахчанца доьзна шена дохку бехкаш, ишта Москвахь а, Нохчийчохь а 150 а, 300 миллион долларшна эцна петарш, Шалинскийс билгалдаккхарехь, цо "чохь хан токхучу заманчохь къа а хьегна, даьккхина ду".
Нохчийчуьрчу Шелара ву Домбаев. Москварчу тIеман кхело талораш дарна 2011-чу шарахь набахтехь яккха 10 шо хан туьйхира цунна. Текхана набахтеш Къилбаседа ХIирийчохь, Оренбурган а, Челябинскан а мехкашкахь. Маьршаваьлла, Нохчийчу юхавеана 2019-чу шарахь.
Набахтера мукъаваьлла дукха хан ялале иза Москва дIавахара ваха. Цо даймохк дIатассале дара мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, шен ларам бац " тутмакхийн низамашка", " тутмакхийн элийн" шайн Нохчийчуьра гIуллакхаш дита дезар ду аьлча.
2020-чу шеран Марсхьокху-баттахь Къилбаседа ХIирийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедира, Домбаевна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх гIаттийна цо криминалитетан тIегIанашкахь лаккхара "дарж" шена тIеэцарна, аьлла. Талламо бахарехь, цунна "тажтиллина" иза БуьритIерачу №1 колонехь хан йоккхуш волчу шерашкахь.