Мы в Telegram
Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2021

Новости за 06.09.2021

Республикан Де, я Нохчийчоь йозуш йоцуш хилла де?

Radiomarsho.com 

Нохчийн Республика йозуш йоцуш пачхьалкх хилар дIакхайкхийна 30 шо кхаьчна тахана. 1991-чу шеран Гезгмашин-беттан 6-чохь Нохч-ГIалгIайн Республикан Лаккхарчу Кхеташоно шен декхарш охьадехкира, цул а шо хьаха ша тIеэцначу декларацина тIе а тевжина. И де билгалделира Нохчийчоь йозуш йоцу пачхьалкх хиларан де санна

UFC-хь гоьволучу Пимблетта латкъам бина Нурмагомедовн фанаташна

Radiomarsho.com 

Ливерпулерчу UFC-н гоьволучу латархочо Пимблетт Пэддис латкъам бина, дагестанхойн экс-чемпионан Нурмагомедов Хьабибан фанаташа сийсазе комментареш язйо шега, йеттар ю бохуш, кхерамаш а туьйсу аьлла. ШолгIа Макгрегор олу 26 шо долу Пимблетт шен къегинчу толамашца вевзина ца Iаш, гоьвалла иза кIоршаме вистхиларца а. Масала, Британехь вехачу дагестанхойн латархочо Мокаев Мохьаммада бехкевина Пимблетт расизм ю цуьнца аьлла. Бусулбачу мухIажаро бинчу латкъамна цхьана ингалсхочо сийсазе деллачу жоьпана твиттерехь лайк хIоттийнера цо... Читать дальше...

Нохчийчуьра еддачу Тарамован доттагI Оьрсийчуьра дIаяхана

Radiomarsho.com 

Нохчийн полисхоша гIо а деш, ХIинжа-ГIаларчу шелтерера дас цIа йигиначу Тарамова Хьалиматан доттагIчо Манылова Аннас дIакхайкхийна, ша Оьрсийчуьра дIаяха декхаре йира, муьлш бу цахуучу наха кхерамаш тийсарна аьлла. Маныловас чIагIдо, шаьш Тарамован гергара ду боху нах шена кхерамаш тийса буьйлабеллера бохуш. Европе дехьаяьлла иза, цо бахарехь, Оьрсийчу юхаян цкъачунна дагахь яц. Кху деношкахь Тарамова Хьалимата видео дIаязйира, шех лаьцна совнах къамелаш ма даржаде, ша а, шен нах а битахьара паргIат аьлла. Читать дальше...

Кадыров Рамзанан агIончана йиттина Стамбулехь

Radiomarsho.com 

Муьлш бу цахуучу наха йиттина Стамбулехь Нохчийчуьрчу ницкъаллин структурашкахь еххачу заманчохь болх бина волчу мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан агIончана. Хетарехь цуьнан цIе ю Iабдурахьман. Security Turkey телеграм-канало бина цунах лаьцна хаам. Де хьалха зорбане яьккхинчу видео тIехь гуш дара, 40 шо хир долчу цхьана стагана масийттамо йетташ. Титрашкахь яздора, даймахка берза луучу Туркойчуьрчу нохчашца иза уьйрашкахь волу масех шо а дара, церан проблемаш ша луьстур ю аьлла, тIелаьцнера цо бохуш. Читать дальше...

Кадыров: Нохчийн хилла а яц суверенитет

Radiomarsho.com 

Нохчийн халкъан турпалхой, доккхачу декъанна, шейх Мансур, Бенойн Байсангур, Таймин Биболат, Адин Сурхо, уьш гIиртина Нохчийчоь таханалерачу кепе ялон, дIахьедина республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана

Нацизм къобалъяр экстремизм санна ларар хьехна Оьрсийчоьнан инарла прокуроро

Radiomarsho.com 

Нацизмна пропаганла яр, къобалъяр, реабилитаци яр экстремизмалла лара аьлла, хьехна Оьрсийчоьнан инарла прокуроро Краснов Игоря. Цунна хетарехь, цу барамо мел а таронаш шорйийр ю оцу зуламашна дуьхьал латта, яздо Свобода Радионо. Инарла прокуроро дина хьесап тайна шайна аьлла, дIахьедина Федерацин Кхеташоно, гуьйренан сессехь оцу низамна тIехь болх бийр бу шаьш аьлла, билгалдоккхуш. Хаа а хууш, ветеранех лаьцна харц хаамаш нахала бахар а, ишта, церан "сий дайъар" а, "Даймехкан дуьхьа эгначийн сий... Читать дальше...

Экстремизмна бехкевина ГIалгIайчуьра виъ вахархо

Radiomarsho.com 

"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанан агIончаш бу аьлла, ГIалгIайчуьрчу къайлахчу сервисийн документийн буха тIехь Талламан комитетан урхалло  лаьцна меттигера виъ вахархо. Талламан версица, даIишхойн могIаршкахь хилла хьалхара шиъ, ткъа вукха шиммо, и хуушшехь, полисхошка дIа ца валхийна, яздо Талламан комитетан сайтехь. ГIуллакх таллалц лаьцна вуьтуш сацам бина веаннен а хьокъехь. Хьалхо дуьйцура хаамийн гIирсашкхаь, Ставрополан махкахь полисхоша а, къайлахчу сервисаша а ворхI стаг лаьцна, йихкинчу цхьана динан юкъараллехь хилла аьлла. Читать дальше...

"Тутмакхийн элана" ультиматум хIоттийна

Radiomarsho.com 

Карарчу беттан 2-3-чу дийнахь Афинашкахь хиллачу "тутмакхийн эланийн" цхьаьнакхетарехь ультиматум хIоттийна криминалийн гонашкахь Шалинский Ахмед аьлча вевзаш волчу Домбаев Ахьмадна, 150 миллион сом цо шена дитина бохуш. Хаамбарехь, къуй мел тIаьхьабовларх а, цаьрца зIене ца ваьлла Домбаев. Цуьнца йоьзначу регионашка а цхьаьна дIакхайкхош, цуьнгахь хилла бакъонаш дIаяьхна. Шалинский Ахьмаде кховдийначу претензешна тIетайна ишта нохчийн криминалан авторитеташ – Седой Гилани а, Саратовский Тимур а. Читать дальше...

Нохчийчоь маьрша хилар дIакхайкхийна даьлла 30 шо

Radiomarsho.com 

30 шо хьалха йозуш йоцу пачхьакх хилар дIакхайкхийра Нохчийн республико. Тахана иза дагалоьцуш бу нохчийн шайн маьрша пачхьалкх хила еза аьлла хета нах, коьртачу декъана махкал арахьа беха нохчий.

КадыровгIеран цIарах рогIера маьждиг схьадиллина Соьлжа-гIалахь

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIаларчу Байсангуран кIоштарчу Алиханов Джамлайн юьртахь (хьалха Гикалон цIарах хилла.-Редакцин билгалдаккхар.) маьждиг схьадиллина мехкан урхаллехь волчу Кадыров Рамзанан дедеден Iабдул-Къедиран цIарах, яздо меттигерчу хаамийн гIирсашкахь 2400 стаг чухоьа маьждиг схьадоьллучохь хилла республикан урхалхо Кадыров Рамзан а. Соьлжа-ГIалара маьждиг ду Кадыровн ден цIарах, Устрада-гIалахь – ненан цIарах, КадыровгIеран эвлахь деден цIарах, Серноводскехь – девешин цIарах. Нохчийчоьнан куьйгалхочун  вешин цIарах ю хьафизийн школа. Читать дальше...

Школашкахь берашкара ахчанаш лехьор сацон гIерта Нохчийчуьра Iедалхой

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца, мехкан вице-премьеро Усмаев Вахита дIахьедина, школашкахь берийн дайшкара-наношкара ахчанаш гулдарна дуьхьал болх чIагIбийр бу шаьш аьлла. Дешархошкара ахчанаш дахар – шога низам дохор ду аьлла цо. "Меттигаш нисло, юккъерчу доьшийлашкахь ахчанаш доьху шайгара бохуш, дешархоша латкъамаш беш. Бахьанаш тайп-тайпана хуьлу – школехь кир-сир дан, классаш кечъян, хьехархошна совгIаташ дан. Елаш яхар магийта мегар дац, шога юкъарадоккхур ду оха и кхачамбацар", - аьлла Усмаевс. Читать дальше...





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *