Добавить новость
smi24.net
World News in Chechen
Апрель
2018

Iарбойн Цхьанатоьхначу Эмираташка кема гIоттур ду Соьлжа-ГIалара

0
Карарчу беттан 20-чохь Air Arabia авиакомпанино Соьлжа-ГIалара Шарджу кеманца рейс йоьллур ю. Социалан машанерчу шен аккаунтехь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бина и хаам. "Iаламат доккха хазахетар ду сан шуьга. Цхьанатоьхначу Iарбойн цхьахйолчу эмирате кхачор ду шу 20-чу дийнахь аьттонаш болчу кеманашца.


Цигара дIа гена яц Дубай а, Абу-Даби а, ишта кхи йолу Гергарчу Малхбален пачхьалкхаш а. Цул совнах аьтто болуш ду Юккъерчу Азин, Малайзин, Индонезин мехкашка кхача а", - яздо Кадыровс.


Нохчийчоьнан Iедалхой тешна бу, оцу рейсах пайдаоьцур хирг хиларх зиярате боьлхучара а.


 


 


 


 














Музыкальные новости






















СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *